Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Вай нохчашна юккъехь лелаш цхьа Iадат ду, шай гергар бу аьлла хеташ болу неха зударшна мара лелхаш. Са хаттар ду: Бусулба дино хIу боха цунах лаьцна? Кхеча къомах болу бусулба наха ма цалела до из. Джазакаллах1у хайран! Вассаламу Iалейкум ва рахьматулллахI!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Мара кхета магарехь а, ца магарехь а гергара зударий шина кепара бу: Дала бало хьарам бина берш а, хьарам бина боцурш а. Бало хьарам бина болчу зударшна мера кхетар мегаш ду – уьш хьан уллера гергаранаш бу, дейиша, ненайиша, иштта кхидIа а – амма бало хьарам бина боцучу зударшна мера кхетар бусалба динан бакъонашца догIуш дац, мегаш дац.

Иштта и мегаш дац аьлча, цецвала мега цхьаверг, цхьаволчунна тамашийна хета а мега иза. Ткъа бусалба дино цхьа хIума ца магочу хенахь, йа и хIума ша боьха а, вон хIума а хиларна ца магадо, йа и хIума вочунна тIевуьгу некъ хиларна ца магадо, йа оцу хIуманца цхьа кхин вон агIонаш цхьанакхетарна ца магадо. Иштта дIа ца магийна хIумма а дац бусалба дино.

Ткъа, нахана юкъахь лелаш, нехан хьал девзаш волчунна хууш ду, гергара бу бохучу зударшна а, божаршна а юкъахь дужуш дерг, и бахьана долуш церан махках бовла дезар, и бахьана долуш церан дерриге цIенна а тIейогIу цIе, тIедужу иэхь. Ткъа нагахь санна цхьанна дагадагIахь – «сан ницкъ кхочур бу сайн гергарчаьрца эвхьаза ца вала» - аьлла, цунна жоп ду: бусалба динехь цхьа хIума магочу хенахь, йа и хIума доьхкучу хенахь, цхьадолчу хьолашка хьаьжна луш дац цунна хьукм, дукхах долчу хьолашка хьаьжна луш ду, хила мега болчу бохаман боккхалле хьаьжна луш ду.

Дала гIо дойла Шен лайшна Ша реза волчу хIуманна тIехь совца!