|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Зуда юьтуш теш хIоттор декхар дуй?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зуда юьтучу хенахь ши стаг теш хIотторан хьокъехь Iелам-наха кхаа кепара аьлла дешнаш ду. Дукхах болчу Iелам-наха и хIума «дика хIума» (мандуб) ду аьлла. И бохург – дича дика а долуш, ца дича къа а доцуш долу хIума ду бохург ду.[1] Цхьаболчу Iелам-наха и хIума важиб ду аьлла, хIетте а биллам бац иза аьлла. Важиб ду бохург – зуда юьтучу хенахь теш ца хIоттор къилахь ду бохург ду. Ткъа билламе дац бохург – къилахь доллушехь, теш а ца хIоттош зуда йитича, иза нийса йитар лорур ду, зуда йитаелла а лорур ю бохург ду.[2] Цхьаболчу Iелам-наха (кIеззиг болчара) иза важиб а ду, биллам а бу аьлла. И бохург – теш ца хIоттор къилахь а ду, шиъ теш ца хIоттош йитина йолу зуда йитаелла лоруш а яц, хIунда аьлча зуда йитарехь хила безаш болу биллам кхочуш ца хилла дела.[3] Ткъа оцу кхаа дешах гIолий дерг а, нийсох дерг а дукхах болчу Iелам-наха аьлларг ду – зуда юьтуш теш хIоттор «мандуб» (дика хIума) хилар ду, теш хIоттийча мел а болуш, ца хIоттийча къа а доцуш, теш хIоттийна вацахь а йитар нийса хуьлуш а долуш. Делахь а, цхьадолчу мехкашкахь, йа цхьайолчу юкъараллашкахь, йа цхьадолчу хьелашкахь нийса хила до́гIу теш хIоттор важиб ду алар. Нагахь санна адамашна юкъахь зуда йитаран гIуллакхах ловзар дан долийнехь, нагахь санна теш ца хIоттор бахьана долуш адамашна юкъахь хуьлуш зенаш делахь, йа цхьа кхидолу бахьана делахь, иза важиб ду аьлла болчу Iелам-нахана тIе а тевжина, кхечу Iелам-наха а, бусалба нехан куйьгалхоша а сацам бан йиш ю иза шайн хьолехь важиб ду аьлла, иза ца лелорах хуьлуш долу зенаш лахдалийтархьама. Ткъа иза билламе ду алар хала хIума ду, хIунда аьлча цхьаболчу баккхийчу Iелам-наха (масала Ибн Таймиййас а, Шавканийс а) хьахийна ду, Iелам-нехан цхьабарт хилла бу аьлла, иза важиб ца хилар тIехь а, иза билламе ца хилар тIехь а. Цундела, зуда юьтучу хенахь, хIуъа дина а шиъ теш хилийта хьажа веза, тIейогIучу хенахь тIехIитта тарлуш долу зенаш а, къийсамаш а ца хилийтархьама. Делахь а, шиъ теш воцуш зуда йитар нислахь – иза нийса хуьлуш ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 28.01.2010 = 13/02/1431 [1] Иштта аьлла диъ мазхIабан Iелам-наха. [2] Иштта аьлла зохIирий мазхIабера Iелам-наха а, кхузаманахьлерачу цхьаболчу Iелам-наха а. Масала Европера Фатван а, Iилманан талламан а Мажлисо бинчу сацам юкъахь (сацам № 4/15) деана ду, зуда юьтуш теш хIоттор билламе дац, делахь а важиб ду аьлла. [3] Иштта аьллачерах ву Шейх Ал-Албаний. Шейх Саййид Сабикъа «ФикъхIус-суннахI» тIехь хаьржинарг а иза долчух тера ду.
| КхидIа |