|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Цхьа зуда цхьана стагехь марехь хилча, цуьнан и майра велча, йа гIазотехь дIакхелхича, тIаккха и зуда кхечу стаге маре яхача, тIаккха Дала уьш массо ялсамани бахийтахь, и зуда муьлха майрачуьнца хир ю ялсаманехь?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIара хаттар вайна девзаш доцучу, къайлах долчу хIуманех лаьцна хаттар ду. Ткъа и санна хIуманаш довзаран некъ цхьаъ бен бац – АллахIера цунах лаьцна цхьа хабар хилар, Цуьнан Къуръан тIехь, йа Цуьнан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суннатехь. Къуръан тIехь цу хаттарх лаьцна айат дац. Амма суннатехь – цунах лаьцна деана шина маьIна долу хьадисаш ду. Оцу хьадисашна тIедоьгIна аьлла ду оцу хаттарехь долу Iелам-нехан кхаа кепара жоьпаш. Оцу хьадисийн шинан маьIнех цхьа маьIна иштта ду: и зуда цуьнан майрошна юкъара цуьнца уггар хаза гIиллакх долуш хиллачуьнца хир ю. Имам ТIабарáнийс дийцина, Умм Саламата – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттинера аьлла, «ХIай Делан Элча! Тхох цхьа зуда маре йоьду шина а, кхаа а, веа а майрачуьнга. ТIаккха иза елча, ялсамани йоьду иза а, цуьнца и майрой а. Ткъа цуьнан майра мила хир ву?» Цо жоп делла: «ХIай Умм Саламат! Харжам лур бу цунна, тIаккха цо хоржур ву церах гIиллакх уггар хаза долуш хилларг. Цо эр ду: «ХIаъ сан Дела! Бакъдолуш хIара вара дуьненахь соьца уггар хаза гIиллакх долуш хилларг, цуьнца йитахь со!» ХIай Умм Саламат! Хазчу гIиллакхо чуьлаьцна дуьненан а, эхартан а дика!» Делахь а, хIара хьадис заьIап ду, цхьаболчу Iелам-наха ама-аллара.[1] ХIокху хьадисехь деанчу – «харжам лур бу цунна» – аьлла долчу дашна тIе а доьгIна аьллачух тера ду цхьаболчу Iелам-наха, оцу зудчуьнга харжам бойтур бу аьлла. Имам Ал-КъуртIубийс а дийцина, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – зудчо Умм Хьабибата – Дела реза хуьлда цунна – цуьнга хаьттина хилла аьлла: «ХIай Делан Элча! Зудчуьнан ши майра хилла хуьлу дуьненахь, тIаккха уьш белллачул тIаьхьа, ялсаманехь массо цхьанакхетахь, цу шиннах муьлхачуьнца хир ю иза?Доьххьарчуьнца хир ю, йа тIаьххьарчуьнца хир ю?» Цо аьлла тIаккха: «Цаьршинах цуьнца уггар хаза гIиллакх долуш хиллачуьнца хир ю, хIай Умм Хьабибат! Хазчу гIиллакхо чуьлаьцна дуьненан а, эхартан а дика!» Ткъа хIара хьадис а Iелам-наха заьIап ду аьлла.[2] Амма оцу хьадисийн шолгIа маьIна – иза нийсаниг а ду Дала мукъалахь – иштта ду: и зуда дуьненахь шен тIаьххьара хиллачу майрачуьнца хир ю ялсаманехь. И маьIна долуш масех хьадис ду деана. Церах цхьанна юкъахь деана ду, МуIавийата – Дела реза хуьлда цунна – Умм Дардáана тIе захало дахьийтича, цо и захало духа тоьхна хиллера аьлла, ялсаманехь шена шен доьххьара хиллачу майрачуьнца – Абу Дардáаца – хила лаарна. И довзуьйтуш цо аьлла хилла: «Суна хезира Абу Дардáа олуш: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Зуда (ялсаманехь) шен тIаьххьарчу майрачунна хир ю». Уьзза хьадис иштта хIокху дешнашца деана а ду: «Шен майра вала а велла, цул тIаьхьа кхечуьнга маре йахана йолу муьлхха а зуда – иза шен майройх уггар тIаьххьарчунна хир ю». ХIара хьадис нийса ду аьлла Iелам-наха.[3] И хьадис чIагIдеш, уьзза маьIна долуш ши дийцар деана асхьабашкара а. Ибн Iасáкира дийцина, Абу Бакаран йоI Асмáъ – Дела реза хуьлда цаьршинна – Ал-Iаввáман кIантехь Зубайрехь марехь йара аьлла. Ткъа Зубайр гIеххьа шога хилла цуьнца. ТIаккха Асмáъ шен да волчу еана, иза далхош. ТIаккха Абу Бакара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «ХIай сан жима йоI! Собаре хила хьо! Бакъдолуш, цхьана зудчуьнан майра дика стаг хилахь, тIаккха иза велча, иза цхьаьнга а маре ца йодахь, (тIаккха и шиъ ялсамани додахь), ялсаманехь цхьаьнатухур ду и шиъ». БайхIакъийс дийцина, Хьузайфата – Дела реза хуьлда цунна – шен зудчуьнга аьлла хилла аьлла: «Нагахь санна хьуна ялсаманехь хьой сан зуда хилийта лаахь, сол тIаьхьа маре ма гIо хьо. Бакъдолуш, ялсаманехь зуда дуьненахь шен хиллачу тIаьххьарчу майрачуьнца хир ю. Цундела хьарам дина АллахIа Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – зударшна цул тIаьхьа маре бахар, уьш ялсаманехь а цуьнан зударий хир болу дела».
Оцу хаттарх лаьцна даьхкинчу хьадисашка хьевсича вайна билгалдолу, церах цхьа маьIна дерш гIийла хьадисаш хилар, цундела церах жоп схьаоьцийла яц, ткъа вуьйжаш нийса хилар, цундела нийса жоп нийсачу хьадисех схьаэцнарг ду, ткъа иза иштта ду – нагахь санна цхьа зуда дуьненахь масийттозза марехь хиллехь, тIаккха и зуда а, и майрой а ялсамани болхахь, и зуда оцу майрошна юкъара уггар тIаьххьарчуьнца хир ю.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву. |