Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум
сан бусулба ваша!

Можно ли сделать пластическую операцию чтобы понравиться мужу? Это харам или нет? Пожалуйста ответьте мне. Заранее баркалла.

Хаттаран маьIна: Майрачунна хазйалархьама, цунна сой хазахетийтархьама пластически операци йайта мегар дуй? Иза хьарам ду йа дац? Жоп лойша суна. Хьалххе баркалла.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Пластически операци» шина декъе екъалуш ю, цу шинан декъах хIоранне а шариIатехь шен хьукм ду.[1]

Хьалхара дакъа: Ца йича ца йолуш йолу операци ю, йа ша́ йарехь шариIато къобал ден хьашт долу операци ю. Йа вуьшта аьлча, шариIатехь нийса лоруш долу цхьа бахьана хиларна еш йолу операци ю и. Ткъа и бахьана адамца хIоьттина долу сакхт, йа зен, йа лазам дIабаккхар ду, хуьлийла иза адам дуьненчу долучу хенахь цуьнца цхьаьна хилла сакхт, йа цул тIаьхьа цунна цхьа хIума тIеIоттадаларца кхолладелла сакхт. Цуьнан масал ду машенаш вовшашкхетча (авари йича) лазор бахьана долуш юьхь йохийначу чевнашна операци йар, ва́гор бахьана долуш телхина чIор меттахIоттор, ва́гор бахьана долуш вовшахлетта пIелгаш дIасадахар, иштта кхидIа а.

Оцу кепара йолу операци йан мегаш ю, хIунда аьлча, шеко йоцуш оцу сакхташа адаман дегIана а, синна а зен до, лазам а бо, ткъа и сакхташ иштта зене-лазаме хилар лоьраллин Iилмано тIечIагIдина а ду.

Иштта операци йан мегаш хиларна Суннатера бух балабо Iелам-наха. IарфаджахI ибн АсIада – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, цхьана тIамехь шен мара дIабаьккхина хиллера аьлла. ТIаккха детих бина мара биллина хилла цо шена. Ткъа цу дети мерах хьожа ян йоьлча, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – деших бина мара билла аьлла хилла цуьнга.[2]

ШолгIа дакъа: Хазаллин доьхьа а, жималла карлаяккхар доьхьа а еш йолу операци ю. ХIокху кепара операци йаран кхин бахьана ца хуьлу хазалла туойар а, жималла карлаяккхар а бен. Адамана зен а, лазам а хуьлуьйтуш долу сакхт а, чов а дIайоккхуш еш ца хуьлу иза. Цуьнан масала ду мара жим байтарца хазбар, жимйайтарца йа йоккха йайтарца чIениг хазйар, накха боккха хилийта операци йар, гай тIера мохь дIайоккхуш операци йар, хабарш (хершнаш, оьрс. морщины) дIадахарца юьхь хазйеш операци йар, шина куьйга тIера хабарш (хершнаш) дIадохуш операци йар, иштта кхидIа а.

ХIокху кепара операци йар шариIатехь мегаш хIума дац, иза хьарам лоруш хIума ду. Ткъа иза ца магаран масийтта бахьана ду, церах цхьадерш иштта ду:

1. IабдуллахI ибн МасIуда – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – неIалт олуш юьхь тIера чоьш дIадохучу зударшна а, уьш дIадаха олучу зударшна а, хазаллин доьхьа шайн цергаш ирйеш, йа царна юкъахь хийро йоккхуш болчу зударшна а, АллахIан кхоллар хуьйцуш болчарна».[3]  

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «...шайн цергаш ирйеш, йа царна юкъахь хийро йоккхуш» – и хIума къена зудчо, йа къанйала герга яханчо деш хилла, шен жималла а, шен цергийн хазалла а гучуяккха гIерташ, хIунда аьлча цергашна юкъахь хуьлуш йолу и кIеззиг хийро кегийчу йоьIарийн хуьлуш ю, ткъа зуда къанйелча цуьнан цергаш яккхий хуьлу, уьш ирча йовлу, цундела хийра йохуш хилла уьш, хаза куц долуш хилийтархьама, жима зуда ю моттийтархьама. ... И хIума лелор хьарам ду, иза деш йолчунна а, йа иза де олучунна а. ХIунда аьлча оцу хьадисаша иза хьарам хилар гойтуш долу дела, иза лекха хинволчу АллахIан кхоллар хийцар а долу дела, иза Iехор а долу дела. Ткъа цу хьадисехь аьлла долу хIара дешнаш: - «хазаллин доьхьа цергашна юкъахь хийро йоккхучарна» - цуьнан маьIна – цара и хIума хазалла лоьхуш леладо бохург ду, цо гойтуш ду и хIума хьарам хилар хазалла лоьхуш деш делахь. Амма нагахь санна цхьана цамгарна дарба дархьама, йа цергашца долу сакхт дIадаккхархьама, йа иштта и санна цхьа бахьана долуш деш делахь – иза вон хIума дац. Ткъа дика хуург АллахI ву».[4]

2. Оцу кепара операци еш хилча цхьадолу хьарам хIуманаш лело дезаш хуьлу, масала наркоз йалар, гайта мегаш йоцу дегIан меженаш цхьадолчу хьолашкахь дIаяста езаш хилар, иштта кхидIа а. Ткъа хазалла лахар бен кхин цхьаъа бахьана ца хилча, цуьнан доьхьа и хьарамлонаш лелор шариIатехь нийса лоруш дац.

3. Оцу кепара операцийн жамIаш дуккха а хьолехь зене хуьлу, церан тIаьхьло дика ца хуьлу, иза лоьраш тIечIагIдеш хIума а ду. Ткъа тIаьхьло вон хуьлучу кепара, жамIаш зене хуьлучу агIор хазалла лахар нийса лоруш дац.

Иза девзинчул тIаьхьа хьан хаттарна жоп а девза вайна цигара схьа: майрачунна хазйалар бен кхин бахьана дацахь, пластически операци йайта мегар дац, иза хьарам ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

15.07.2009


 

[1] Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIий, «Ахькамул-джиро́хьатит-тIиббиййахI», 127-207 агIонаш; «Фата́ва́ ал-ислам суа́л ва джава́б», фатва № 47694; «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 17718, 37972, 55971.

[2] Тирмизий, Абу Давуд, Насаий.

[3] Бухарий, Муслим.

[4] Имам Ан-Нававий, «Шархь Сахьихь Муслим», 14/106-107.