|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Бусалба зуда пудар хьаькхна ара яла мегий? Баркалла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIинццалц схьа вайна довзарехь, «пудар» хьакхар хазлуш кечйалар лоруш ду, ткъа хазлуш кечйалар шен майрачунна а, шена хийра боцучу божаршна хьалха а бен мегаш дац. Зуда шен майрачунна кечйалар дика хIума ду, шариIато дика лоруш хIума ду, мелехь хIума а ду. Зуда шен чура божаршна хьалха (дена а, дедена а, вешина а, девешина а, ненавешина а, йишин-вешин кIантана а, и.кх.дI.) кечйелла хилар мегаш долчу хIуманех ду, хIунда аьлча цигахь питана доцу дела. Зуда хийра божаршна гур йолчу меттехь кечйелла лелар хьарам ду. Цундела аьлла цхьаболчу Iелам-наха: «Юьхь (тIе хIума хьакхарца) цIе́йар хьарам ду марехь йоцчу зудчунна а, майрачуьнга хатта а ца хоттуш и хIума деш йолчунна а. Амма нагахь санна майрачо и хIума дан пурба лахь – тIаккха мегаш ду иза».[1] Оцу кеппара, хазаллийна кечлуш пудар хьаькхна зуда араяла мегар дац, иштта и санна ду бIаьргашна «тушь» хьаькхна араялар а, сов къаьсташ долу «сурьма» хьаькхна араялар а, балдашна басар хьаькхна араялар а, хIунда аьлча цу массо хIумано зудчух питанах хуьлуьйту, божарийн дегIан марзо а, вон ойла а меттахйоккху. Ткъа и санна долу хIума Дала хьарам дина ду.[2] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.12.2009 |