Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайку
м! Зудчо бер динчул тIаьхьа 40 де-буьйса лардар тIехь дуй?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

● Массарна хууш ма-хиллара, бер динчул тIаьхьа зудчуьнан тIуналла (цIий) арайолу. И тIуналла арайолучу хенахь зудчунна тIе цхьацца бехкамаш иэга, беттан рожехь цуьнан тIуналла арайолучу хенахь санна. Масала, цу хенахь зудчунна ца мега ламаз дан а, марха кхаба а, иштта кхидIа а. Цундела дуьйцу Iелам-наха цу хенах а, хьолах лоций. Зудчунна тIехIуттучу цу хьолах фикъхI Iилмангахь «нифа́с» олу.

● Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Нифа́с хиларца хьарам хуьлу хьайд (беттан рожехь тIуналла араялар) хиларца хьарам хуьлуш дерриг».[1]

Цо гойту вайна, нифа́с долуш йолчу зудчуьнан хьукм хьайд долуш йолчуьнан доллу хьукм хилар, хIокху шолгIачунна хьарам дерриг доьххьаралерачунна а хьарам хилар.

● Ткъа цаьршинан шинне цхьатера тIеиэгаш долу бехкамаш а, хьарам хуьлуш долу хIуманаш а иштта ду:

1) Хьайд а, нифас а долчу зудчунна мегаш дац ламаз дар а, марха кхабар а.

Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – заманахь тхуна тIехIуттура ламазана ца мегаш йолу беттан хан, тIаккха тхуна омру дора марха доькхуш кхабарца, тхуна омру ца дора ламаз доькхуш дарца».[2] Цу хьадисо гойту цара ламаз а, марха а Iаддуьтуш хилла хилар.

Iаишас – Дела реза хуьлда цунна – ма-аллара, хьайд, йа нифас бахьана долуш ца деш дитина долу ламазаш доькхуш дан ца деза зудчо, делахь а ца кхобуш дитина долу марханаш доькхуш кхаба деза цо, ша цIанйеллачул тIаьхьа. Иза вай дийцира жимма алсам хIокху хаттарехь:

Берах йолчу зудчо а, бер динчу зудчо а дитина марханаш доькхуш кхабар.

2) Хьайд а, нифас а долуш йолчу зудчо Къуръан деша а, йа цунах Iоттайала а мегаш дац.

3) Хьайд а, нифас а долуш йолчу зудчо тIаваф дан мегаш дац, хIунда аьлча иза ламаз керахь доцуш дан мегаш доцу дела.

4) Хьайд а, нифас а долуш йолчу зудчунна маьждиг чу йаха а, йа цу чохь Iен а мегаш дац.

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ас хьанал ца до маьждиг эвхьаза гIулкх хилийтар бахьана долуш лийчар тIедоьжначунна а, хьайд долчу зудчунна а».[3]

Маьждиг чохь саца а ца соцуш, чухула дехьа ва́ла везаш велахь, иза мегаш ду оцу хьолехь волчу стагана а, зудчунна а.

5) Хьайд а, нифас а долчу зудчуьнца цуьнан майрачо эвхьаза гIуллакх хилийта мегаш дац.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Цара хоьтту хьоьга (хIай Мухьаммад) хьайд хиларх лаьцна; ахь ала – иза зене ду, цундела шу дIакъастийла зударех (цаьрца эвхьаза юкъаметтиг ца хуьлуьйтуш, церан) хьайд долчу хенахь; (эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтучу кепара) царна герга а ма гIойла уьш (лийчарца) цIанбаллалц, ткъа уьш цIанбелча – шу Iойла цаьрца АллахIа шайга ма-аллара].[4]

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Беттан хан ларйеш йолчу (хьайд долчу) зудчуьнца эвхьаза гIуллакх даийтинчо а, доккхачу гIулкхана зуда арайоьдучу меттехь цуьнца эвхьаза гIуллакх даийтинчо а, хиндерг дуьйцу бохург волчу а вахана, иза бакъвинчо а керстадина (духатоьхна) Мухьаммаде доссийнарг».[5]

Iелам-нахана юкъахь цхьабарт болуш хIума ду, зуда хьайд долуш хилча, йа нифас долуш хилча, шен бехкеметтиг цуьнан бехкеметтигах кхетачу кепара майрачо цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта мегаш ца хилар. Иза вай дийцира хIокху шина хаттарехь:

Зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта маца мега, маца ца мега?

Хьайд долуш йолчу зудчуьнца дIавижа мегий?

● ТIаккха, Имам Ан-Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – кхин а аьлла: «Нифа́сан уггар кIеззиг хан – цхьа кIеззиг йолу хан ю. Цуьнан уггар дукха хан кхузткъа де ду. Цуьнан дукха хьолехь хуьлуш йолу юкъара хан шовзткъа де ду».[6]

Цигара схьа вайна девза, и шовзткъа де дукхах болчу зударийн юкъарчу барамехь йолу хан хилар, цхьаболчу зударийн и хан шовзткъа дийнал дуккха а кIеззиг хила а, совйа́ла а тарлуш хилар.

Цундела, нагахь санна нифа́с шовзткъа дийнал хьалха сацахь, зудчунна хьарам долчура дIадо́лу нифа́с долуш цунна хьарам хилларг. Масал далош аьлча, нагахь санна зудчуьнан нифа́с кхо де даьлча дIасацахь, цу зудчо лийча а лийчина шен ламаз дIадоло деза, шовзткъа де дузаре а ца хьоьжуш.

● Нифа́с сецначул тIаьхьа, зудчунна тIехь ду лийчар. Нифа́сах цIанлуш иза лийча ца лийчахь цунна мегар дац ламаз дан.

Анаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Жуьгташа шайн зударех цхьанна хьайд хилча, иза хIусамера арайоккхура, цуьнца цхьаьна кхача а ца буура, цуьнца цхьаьна хIумма мала а ца молура, цуьнца цхьаьна цIа чохь а ца Iара уьш.
Цунах лаьцна хаьттира цхьаболчара Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаккха АллахIа хIара айат доссийра:
[Цара хоьтту хьоьга (хIай Мухьаммад) хьайд хиларх лаьцна; ахь ала – иза зене ду, цундела шу дIакъостийла зударех (цаьрца эвхьаза юкъаметтиг ца хуьлуьйтуш, церан) хьайд долчу хенахь…].

ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Шайн хIусамашкахь цаьрца цхьаьна а Iойла шу, кхидолу массо хIума а дойла аш цаьрца (яахIума а юийла, куьг а Iуттийла, цхьаьне дIа а дуьшийла шу цаьрца) бехкеметтиг бехкеметтигах а ца кхоьтуьйтуш».[7]

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Хьайд долуш йолчу зудчуьнан дегI цIена ду. Вон лоруш дац цуьнан хьацар а, цуьнан туй а, меттахь цуьнца цхьаьна Iер а, цунна бартбаккхар а, цо шен куьг тIуьна хIумана чу Iоттар а».[8]

Иштта ду зудчо бер динчул тIаьхьа нифас хиларан а, йа вуьшта хьайд хиларан а коьрта хаттарш а, бехкамаш а.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

26.08.2009


[1] Уьзза жайна.

[2] Муслим.

[3] Абу Давуд, Ибн МаджахI, Ибн ХузаймахI.

[4] Сурат «Ал-Бакъарат», 222 айат.

[5] Абу Давуд, Тирмизий, Ибн МаджахI.

[6] Имам Ан-Нававий, «МинхIа́жут-тIо́либи́н», 20 агIо.

[7] Абу Давуд, Насаий, Тирмизий, Ибн МаджахI.

[8] Имам Ан-Нававий, «Ат-Тахькъи́къ», 146 агIо.