|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зуда, хуьлийла иза марехь ерг йа маре йаханза ерг, шена хийра волчу борша стагца ша́ цхьана чоьна чохь йиссар мегаш дац, иза хьарам ду, питана дечу бахьанехь цхьа бахьана а ду. Iелам-наха массера а барт хилла хIума ду, шена уллера гергара воцучу борша-стагца зуда ша́ цхьана чоьна чохь йисса мегаш ца хилар а, иза къилахь хилар а, хIунда аьлча ишттачу хьолехь шайтIано цаьршинан дагчу вон ойланаш туьссу, хьарам долчунна тIехь ойла йойту.[1] Пайхамара – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – аьлла: «Борша-стаг ша́ цхьаъ ма вуьссийла (шена хийра йолчу) зудчуьнца, цуьнца цхьаьна цуьнан уллера гергарчу божарех цхьаъ хилчи бен».[2] Кхин а аьлла Делан Элчано – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна –: «Борша-стаг (шена хийра йолчу) зудчуьнца цхьаьна вуьссур вац, цаьршинца кхоалгIаниг шайтIа хиллий бен».[3] Иза девзинчул тIаьхьа… Имам Буха́рийс дийцинчу хьадисехь деана ду, Абу Усайд Ас-Са́Iидийс ша́ зуда ялийначу тойне кхайкхина хиллера аьлла, Пайхамар а – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаш а. И хьадис дуьйцуш волчу СахIла бах: «Царна юург кеч а йина, иза царна хьалха ца йиллира кхечо цхьамма а, Абу Усайдан зуда Умм Усайд йоцучо». Цу хьадисо гойту вайна, тойне веана хиллачу Пайхамарна а – Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна – цуьнан асхьабашна а юург кечйинарг а, иза царна хьалха йиллинарг а Абу Усайдан хIусамнана Умм Усайд хилла хилар, иза хIетта далийна керла нускал а хилла хилар. Оцу хьадисан маьIна деш Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Оцу хьадисо гойтуш ду зуда шен майрачуьнан а, цо ша́ волчу кхойкхучеран а гIуллакхе хьажа мегаш хилар. Бакъду, цхьанна а къайлах дац, и мегаш хилар хIокху шина билламца доьзна хилар: питана хирг ца хилар а (чувеанчу стага цу зудчух лаьцна вон ойланаш йарца), хьулйала ма-езза дIахьулйалар зудчо лардийр хилар а».[4] Цу хьокъехь Шейх Iабдул-Кари́м Зайда́на – Дала Iалаш войла иза – аьлла: «Зудчунна мегаш ду хийрачу хьешашца цхьанакхета, нагахь санна цуьнца цхьаьна цуьнан майра а хир велахь, иза цигахь хила цхьа мегаш долу бахьана а, хьашт а делахь; хIунда аьлча цуьнан майра цуьнца цхьаьна хиларо дIаайдо иза хийра борша-стагца ша́ йисса мегаш ца хиларан хьарамалла. Ткъа хьошалла лелор важиб ду, (цкъацкъа) иза лелорехь зуда хьашт йолуш хьал а хуьлу. Цундела, иза хьешашна хьалха хилар мегаш ду… И мегаш хилар гойтуш ду хьадис-Iилманан дай хилла болчу Iелам-нехан имамо Бухарийс – лекха хинволчу АллахIа къинхетам бойла цунах – дийцина долу сийлахь хьадис». Цул тIаьхьа и Абу Усайдан хьадис дийцина Шейх Iабдул-Кари́м Зайда́на.[5] Шейх Ал-Алба́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Мегаш ду тойне кхайкхина болчеран гIуллакхе нускал хьажар (юург охьайилларца а, и санна долчу кхечу гIуллакхашца а), нагахь санна нускал хьулдала ма-дезза дIахьулделла а хир делахь, питана хиларна кхерам а бацахь». ТIаккха ша аьллачунна далил далийна цо уьзза Абу Усайдан хьадис.[6] Шейх Мухьаммад Ал-Хьасан Ад-Дадва а аьлла, шега хIара хаттар дича: «Шен майрачуьнан доттагIашна хьалха охьахаа мегар дуй зуда, нагахь санна цуьнан майра цуьнца цхьаьна велахь, шен дегI а, шен къамел а цо лардан ма-дезза лардеш а делахь?» - «ХIаъ, мегар ду иза шен майра волчу меттехь охьахаа а, и волчу баьхкинчаьргара цо маршалла схьаэца а. Делахь а, шен духар лардеш хила а еза иза, гучахь долчу кечйаларца кечйелла хила а мегар дац иза, IатIар тоьхна хила а мегар дац иза. Шен майра чохь волчу меттехь цуьнан хьешийн гIуллакхе хьажа а мегар ду цунна, делахь а (уллехь майра а воцуш) цаьрца ша́ йисса мегар дац цунна». Бакъду, цхьайолчу хенахь гIиллакхе ца хила мега баьхкинчу хьешашна хьалха зуда хьийзийтар, къаьсттина нагахь санна хьеший нахана юкъахь ларам болуш нах белахь. Цундела, юург мерг зударшка цкъа доьххьара охьа а йиллийтина, тIаккха тIекхайкха мегар ду юуучунна хьеший, йа кегийрхойх цхьаьнга леладайта мегар ду и гIуллакх. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 27.06.2009 [1] «Ал-МавсуIутул-ФикъхIиййатул-КувайтиййахI», 19/267. [2] Бухарий. [3] Тирмизий. [4] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий, «Фатхьул-Ба́ри́», 9/312. [5] Шейх Iабдул-Кари́м Зайда́н, «Ал-Муфассал фи Ахька́мил-Маръати вал-Байтил-Муслим», 3/427-428. [6] Шейх Ал-Алба́ний, «А́да́буз-Зифа́ф», 104-106.
|