|
|
| Видео |
|
Сан Бусалба ваша Олхазар, Дала диканца бекхам бойла хьуна тхан хаттаршна жоьпаш даларна, хIара цхьа хаттар дара сан хьоьга: Зудчун ламаз дан цамегаш йол хан хилча, цуьнца вижа-гIатта мегий, ма-дарра аьлча и мара йоьллина дIавижа мегий, цуьнан цIонгера голаш тIе кхачалц тIехь хIума хилча? ШариIатехь билгал йинарг хIун метиг йу техьа? Ахь и довзийтича суна пайд хира бара цунах, со сан ца кхеташ болчарна а пайда хира бара, са хаттар эвхьаза дешнаш долуш хиларна къинтIера вала суна, сайна хуучу маттахь хотту ас хьоьга и, сайт тIе доккхуш хьайна хетачу кепара нисдан мегар ду хьуна хаттар. Дала Iалаш войла хьо, Дала Iилмангахь сов вокхийла хьо. Ларамца, Халид.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме ваша! Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – эвхьазло йолу хIума довзийта дезча аьлла хилла: «Бакъдолуш, АллахIана эхь ца хета бакъдолчух...».[1] Цхьаболчу асхьабаша а шаьш цхьа эвхьаза лоруш долу хIума Пайхамаре хатта дезаш хилча, уьзза дешнаш олуш хилла. Бухарис а, Муслима а дийцина, Умм Сулаймас – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамар волчу а еана – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «ХIай АллахIан элча! АллахI вац-кха эхь хеташ бакъдолчух! Зудчунна гIенах шен эвхьаза юкъаметтиг хуьлуш гича лийчар тIеду́жий?». ТIаккха АллахIан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Дужу, нагахь санна цунна (арадаьлла) хи (оралла) гинехь». Оцу хьадисан маьIна деш, Иман Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Цу хьадисо гойтуш ду, шена хьалха цхьа хаттар кхолладеллачо иза хатта дезаш хилар, эхь хетта и ца хоттуш Iад Iан ца везар. Ишттачу меттехь эхь хетар бакъдолу эхь хетар дац, хIунда аьлча эхь хетар – иза дерриге дика ду, эхь хетаро дика бен ца дохьу, ткъа хатта деза хаттар ца хоттуш Iар дика дац, муххале а иза вон ду, цундела иза муха хир ду (бакъдолу, хастаме долу) эхь хетар?! ... Iаишас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Ма дика зударий бу анса́рийн зударий! Эхь хетаро новкъарло ца йира царна дин Iаморна а, иза довзарна а».[2] Цуьнан маьIна деш Шейх Ибн Ал-Iусаймина – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Довзар важиб долу хIума хаттарх юхатухуш долу эхь аьшнаш дина эхь ду (дика эхь дац), йа цунна «эхь» аьлла цIе яккха а ца оьшу, муххале а иза гIийла хилар ду, ледара хилар ду, иза шайтIанера ду. Цундела, хьайн динехь хатта дезаш долу хIума хатта ахь, эхь а ма хетийта хьайна. Амма важиб долчуьнца доьзна доцучу хIуманна тIехь эхь хеташ хилар гIолий ду эхь ца хетарал а».[3]
Иза девзинчул тIаьхьа, хьан
хаттарх лаьцна аьлча... Анаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Жуьгташа
шайн зударех цхьанна хьайд хилча, иза хIусамера арайоккхура, цуьнца цхьаьна
кхача а ца буура, цуьнца цхьаьна хIумма мала а ца молура, цуьнца цхьаьна цIа
чохь а ца Iара уьш.
ТIаккха Делан Элчано –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Шайн хIусамашкахь цаьрца
цхьаьна а Iойла шу, кхидолу массо хIума а дойла аш цаьрца (яахIума а юийла,
куьг а Iуттийла, цхьаьне дIа а дуьшийла шу цаьрца) бехкеметтиг бехкеметтигах
а ца кхоьтуьйтуш». Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Тхох цхьаъ «хьайд» долуш хилча, АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – омру дора цунна голашна тIера цIонганна тIекхаччалц тIехIума йоха олий, тIаккха цуьнца кхидIа йолчу агIор марзо оьцура цо».[5] Кхин а, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIусамнанойх цхьамма дийцина: «Хьайд» долуш йолчу шен хIусамненаца Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марзо иэца лууш хилча, цуьнан бехкеметтиг тIе цхьа бедар а тоссий, кхидIа шена луучу кепара марзо оьцура цо».[6] Iелам-нахана юкъахь цхьабарт болуш хIума ду, зуда хьайд долуш хилча (ламазан мегаш йоцуш хилча) шен бехкеметтиг цуьнан бехкеметтигах кхетачу кепара майрачо цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта мегаш ца хилар. Иза вай дийцира хIокху хаттарехь: «Зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта маца мега, маца ца мега?». Иштта Iелам-нехан барт хилла хIума ду, цу хьолехь йолчу зудчуьнца майрачо массо кепара марзо иэца мегаш хилар, цIонганна тIера голаш тIекхаччалц йолу юкъ йоцург.[7] Амма цIонганна тIера голаш тIекхаччалц йолчу меттехь марзо иэцар, шина бехкеметтигах лар а луш, масала шина настарх а, кIеда меттех а марзо иэцар – цу хьокъехь Iелам-нехан кхаа кепара аьлла дешнаш ду. 1. Жимма хьалха вай хьахийна долчу айатана а, Iаишатан хьадисана а тIе а доьгIна, Имам Абу Хьанифас а, Имам Малика а, Имам ШафиIийс а – Дала къинхетам бойла церах – мегаш дац аьлла цу меттигца марзо иэцар. Иштта аьлла церан мазхIабашкара дукхах болчу Iелам-наха а. Кхин цхьа далил а ду церан: Пайхамарга – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хилла цхьана стага, хьайд долуш йолчу зудчуьнах марзо иэца мегаш дерг хIун ду шена аьлла. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – жоп делла: «ЦIонганна тIера голаш тIекхаччалц тIедуьйхина долчу духарна тIехула дерг ду хьуна мегаш дерг».[8] 2. Доьххьара вай дийцинчу Анасан хьадисана тIе а доьгIна, Имам Ахьмада а, ШаIбийс а, Iикримата а, Саврийс а, Авза́Iийс а – Дала къинхетам бойла церах – мегаш ду аьлла цIонганна тIера голаш тIекхаччалц йолчу меттигах марзо иэцар, хьалхара а, тIехьара а шина бехкеметтигах ларвелчахьана. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – оцу хьадисехь аьлла долчу хIокху дешнашна тIетевжина уьш: «кхидолу массо хIума а дойла аш цаьрца». ШафиIийн мазхIабера цхьаболчу баккхийчу Iелам-наха а хаьржина хилла ду хIара шолгIа дош, церах ву масала Имам Нававий, Дала къинхетам бойла цунах.[9] 3. Нагахь санна майра билггал тешна велахь, цIонгана тIера голаш тIекхаччалц йолчу юкъахь марзо оьцучу хенахь ша́ бехкеметтиг тIекхевдар вац аьлла, ша шен бехкеметтиг зудчуьнан бехкеметтигах тухур яц аьлла, тIаккха мегар ду цунна иштта марзо иэца, нагахь санна шега ша ларвалур ву аьлла билггал тешна вацахь мегар дац. ХIара кхоалгIа дош а, хIара аьлла болу Iелам-нах а бийцинчул тIаьхьа, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла кхуьнан хьокъехь: «Иза дика дош ду».[10] Дика хуург АллахI ву, цу кхаанна юкъахь гIолий дерг кхоалгIа дош хила тарлуш ду, цундела, нагахь санна ша генаваларх ларлур ву аьлла тешна волчунна мегар ду цIонгана тIера голашна тIекхаччалц йолчу юкъахь марзо иэца. Иза девзинчул тIаьхьа… Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Хьайд долуш йолчу зудчуьнан дегI цIена ду. Вон лоруш дац цуьнан хьацар а, цуьнан туй а, меттахь цуьнца цхьаьна Iер а, цунна бартбаккхар а, цо шен куьг тIуьна хIумана чу Iоттар а».[11] Иштта, хьан хаттарна доьххьала дIа долу жоп а билгалдо́лу вайна: зудчуьнан ламаз дан цамегаш йолу хан хилча (цуьнан хьайд хилча), цуьнца вижа а, гIатта а мега, и мара а йоьллина дIавижа а мега. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 11.05.2009
| КхидIа [1] ШафиIий, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI. [2] Имам Ан-Нававий, «Шархь Сахьихь Муслим», 3/223. [3] Шейх Ибн Ал-Iусаймийн, «Шархь Рийа́дис-Со́лихьи́н», 1/737. [4] Абу Давуд, Насаий, Тирмизий, Ибн МаджахI. [5] Бухарий, Муслим. [6] Абу Давуд. [7] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I Шархьул-МухIаззаб», 2/364. [8] Абу Давуд. [9] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I Шархьул-МухIаззаб», 2/363; «Ат-Тахькъи́къ», 118. [10] Уьзза жайна, 2/364. [11] Имам Ан-Нававий, «Ат-Тахькъи́къ», 146. |