|
|
| Видео |
|
Ассаламу Iалайкум! Я хотел бы узнать об отношениях между мужем и женой, про половое отношение, когда можно и когда нельзя. Суна хаа лаьара майрачунна а, зудчунна а юкъахь эвхьаза гIуллакх хилийтарх лаьцна, маца мега иза, маца ца мега?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Шен зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта мегаш йоцу хенаш а, хьолаш а иштта ду: 1. Зудчуьнан «хьайд» хилар. Зудчуьнан беттан рожехь «хьайд» хуьлучу хенахь (цIий догIучу хенахь) цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар хьарам ду, мегаш дац. Иза цунах цIанйеллачул тIаьхьа бен цуьнца эвхьаза гIуллакх даийта мегар дац. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Цара хоьтту хьоьга (хIай Мухьаммад) хьайд хиларх лаьцна; ахь ала – иза зене ду, цундела шу дIакъастийла зударех (цаьрца эвхьаза юкъаметтиг ца хуьлуьйтуш, церан) хьайд долчу хенахь; (эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтучу кепара) царна герга а ма гIойла уьш (лийчарца) цIанбаллалц, ткъа уьш цIанбелча – шу Iойла цаьрца АллахIа шайга ма-аллара].[1] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Беттан хан ларйеш йолчу (хьайд долчу) зудчуьнца эвхьаза гIуллакх даийтинчо а, доккхачу гIулкхана зуда арайоьдучу меттехь цуьнца эвхьаза гIуллакх даийтинчо а, хиндерг дуьйцу бохург волчу а вахана, иза бакъвинчо а керстадина (духатоьхна) Мухьаммаде доссийнарг».[2]
2. Зудчо бе́ра динчул тIаьхьа иза ламазана цIена йоцуш (цIий догIуш) хан хуьлу. Цу хенахь а цуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийта ца мега, хIунда аьлча и хьал хьайдан хьолах тера долу дела, цуьнан а уьзза хьукм долу дела.
3. Цул тIаьхьа, зуда парз-марха кхобуш хилча, йа майра парз-марха кхобуш хилча эвхьаза юкъаметтиг хилийта мегаш дац, хIунда аьлча цо марха дохадо дела. Ткъа шарIо магош долу бахьана а доцуш марха дохор къилахь ду. Имам Бухарис а, Имам Муслима а, Имам Абу Давуда а дийцина, «цхьана стага, Делан Элчанна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - тIе а веъна элира аьлла: "ХIаллакьхилла-кх со!". Цо хаьттира: "Стен хIаллакьвина хьо?". Цо элира: "Рамадан баттахь сайн зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилла сан". Цо элира тIаккха: "Лай паргIат ваккхалур вуй хьоьга?". Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха цо элира: "ТIаьхьий-хьалхий ши бутт марханаш кхаба лур дуй хьоьга?". Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха цо элира: "Кхузткъа миска стагана бала кхача хир буй хьан?". Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха иза охьахиира, цул тIахьа Пайхамарна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - цхьана хIумана чохь хурманаш еара (пхийтта сахь хиллал), тIаккха цо элира цуьнга: "ХIорш луо делахь сагIийна". Имам Абу Давуда дийцинчу хьадисехь иштта аьлла а ду: "...(цуьнан метта) цхьа де а кхаба, АллахIе гечдар а деха".
4. Зуда хьадж дихкина хилча, йа Iумрат дихкина хилча, иштта майра а хьадж дихкина хилча, йа Iумрат дихкина хилча эвхьаза гIуллакх хилийтар а хьарам ду, йа и гIуллакх хуьлуьйту бахьанаш лелор а хьарам ду, масала марзонца куьг хьакхар а, бартбаккхар а, иштта кхидIа а. Хьадж-Iумрат дихкина волчо (йолчо) эвхьаза гIуллакх хилийтича хьадж-Iумрат ду́ху, галдолу. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Хьадж дар – девзаш (билгалдина) долчу беттанашкахь ду; ткъа цу беттанашкахь шена хьадж дар тIедожийна волчо эвхьаза гIуллакх ма хуьлийтийла (йа цунна герга вуьгу бахьанаш ма леладойла), къинош а ма ле́тадойла, къийса а ма лойла хьадж деш волуш].[3] ХIокху айатан тафсир деш Имам Ибн Каси́ра – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «[...эвхьаза гIуллакх ма хуьлийтийла (йа цунна герга вуьгу бахьанаш ма леладойла)] - и бохург ду: хьадж йа Iумрат дихкинарг ларлойла эвхьаза гIуллакх хилийтарх..., иштта иза ларлойла и гIуллакх хуьлуьйтучу бахьанех а, (масала) дегIах хьакхаваларх а, бартбаккхарх а, и санна долчу кхидолчу хIуманех а, зударшна хьалха и маьIна долу къамел дарх а».[4]
5. Нагахь санна зуда цомгаш елахь, йа боккха сингаттам, йа бала болуш елахь, йа эвхьаза гIуллакх хиларехь иэца ма езза марзо иэцарна новкъарло еш долу иштта и санна долу кхидолу бахьанаш делахь дика ца лору цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар, нагахь санна иза цуьнан шен лаамца дацахь. ХIунда аьлча, ишттачу хьолашкахь цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтаро цунна зен до, нагахь санна иза цуьнан шен лаамца дацахь. Ткъа, зен дар бусалба дино магош дац. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Зен ма дойла аш царна (зударшна)].[5] Ибн Ма́джахIас а, Ахьмада а, Ма́лика а дийцинчу нийса хьадисехь деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Мегаш дац шена зен дан а, кхечунна зен дан а».[6] Цундела, эвхьаза гIуллакх хиларехь зудчунна новкъарло хуьлуьйтуш долу хIума а, иза лазош долу хIума а, цунна зен деш долу хIума а Iаддита деза, лело ца деза.
6. Зуда доккхачу гIулкхана арайоьдучу метте а эвхьаза гIуллакх хилийта мегаш дац. Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, АллахIана эхь ца хета бакъдолчух: зударий доккхачу гIулкхана арабоьлхучу меттехь эвхьаза гIуллакх ма хилийталаш».[7] Кхин а аьлла Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна: «АллахI дIахьожур вац, зуда доккхачу гIулкхана арайоьдучу меттехь цуьнца эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтучуьнга».[8] Кхин а аьлла Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна: «Беттан хан ларйеш йолчу (хьайд долчу) зудчуьнца эвхьаза гIуллакх даийтинчо а, доккхачу гIулкхана зуда арайоьдучу меттехь цуьнца эвхьаза гIуллакх даийтинчо а, хиндерг дуьйцу бохург волчу а вахана, иза бакъвинчо а керстадина (духатоьхна) Мухьаммаде доссийнарг».[9]
Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! [1] Сурат «Ал-Бакъарат», 222 айат. [2] Абу Давуд, Тирмизий, Ибн МаджахI. [3] Сурат «Ал-Бакъарат», 197 айат. [4] Имам Ибн Каси́р, «Тафси́рул-Къуръа́нил-Iази́м». [5] Сурат «Ат-ТIола́къ», 6. [6] «Фата́ва́ вастишаро́т ал-исла́мил-йавм», 12/83. [7] ШафиIий, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI. [8] Насаий, Тирмизий, Ибн Хьиббан. [9] Абу Давуд, Тирмизий, Ибн МаджахI.
|