Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу 1алайкум ва рахьматуллах1и ва баракатух1у!

Цхьа хаттар дара сан, зударшна кешнашка баха йиш юй шар1ехь? Масалан, нана шен к1ант каши яг1ар мух ду?

Ларамца,шу ваша Абу Абдуррохьман.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Дукхах болчу Iелам-наха зударий кешнашка бахар дика дац (макрýхI ду) аьлла. И бохург – кешнашка ца боьлхуш цIахь Iийча мел бу, бахача къа а дац бохург ду. И ду ШафиIийн а, Хьанбалийн а мазхIабашкахь дукхах болчара аьлла дерг а[1], Хьанафийн а мазхIабера цхьаболчара аьлла дерг а. Зударий кешнашка бахар дика дац аьлла цара аларана тешалла ду Тирмизийс а, Ибн Маджас а, Ибн Хьиббана а дийцина долу хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кешнашка лелаш болчу зударшна неIалт элира аьлла. Ткъа, оцу хьадисехь неIалт аьлла хиларо уьш кешнашка бахар хьарам хилар гойтуш хилча, макрухI бен дац хIунда аьлла цара иза? Оцу хаттарехь даьхкина долчу кхидолчу хьадисашка хьевсина дела аьлла. Иштта хьадисех ду, Умм IатIиййата – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Тхуна ца магийна дакъа дIахьучу хенахь цунна тIаьхьа дахар, делахь а чIогIа чIагI а ца дина тхуна и ца магор».[2] Кхечу хьадисехь ду, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьа зуда гина хилла аьлла, кешнашкахь шен берана тIехь йоьлхуш, тIаккха цо цуьнга аьлла: «АллахIах кхера, собаре а хила».[3] Кхин а, Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттича – «ша кешнашка яхача хIун ала деза?» - аьлла, цо цуьнга аьлла: «Ахь ала: «Салам-маршалла ду шуьга хIай кешнийн охIлу…».[4] Оцу шина хьадисехь цо цаьршинга кешнашка ма гIо ца аьлла, цундела Iелам-наха иза хьарам дац, макрухI ду аьлла.

Хьанафийн мазхIабера Iелам-наха аьлла, къена зударий, валарна тIехь ойла йан а, беллачарна къинхетам беха а кешнашка баха мегар ду, уьш бахар божарий бахар санна мелехь ду, амма ханна баккхий боцу зударий ца бахар дика ду. Делахь а, церах муьлхха зуда а кешнашка шен сингаттам карлабаккха йахар а, елхархьама йахар а, иштта и санна долчу бахьанашна йахар а хьарам ду, мегаш дац.

ХIокху Iелам-наха, къена зударий оцу мегаш долчу бахьанашна кешнашка бахар божаршна санна мелехь ду аларан тешалла, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла дош ду: «Ас шуна ца магийнера кешнашка дахар, хIинца гIо шу, бакъдолуш, цига дахаро эхарт дагадоуьйтур ду шуна».[5] Доьххьара цхьанна а магийна ца хилла кешнашка ваха – божаршна а, зударшна а – тIаккха иштта и аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ткъа Хьанафийн мазхIабана Iелам-наха а, таханлерачу цхьаболчу Iелам-наха а зударий а оцу магорна юкъабогIу аьлла, вукхара уьш цу юккъе ца богIу аьлла.

Бакъдерг аьлча, цу шинне агIонан а тешаллаш чIогIа ду, къаьсттина чIогIа хуьлу кхин а кIоргера теллича, делахь а – «зударий, докъана тIаьхьа бахарх а, кешнашка бахарх а ларбелча, ца боьлхуш Iадда Iийча, церан дин хаттамех цIена хилийтарна дика хир дара царна» - Имам БайхIакъийс – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара[6], кешнашка йахча бусалба дино мегаш доцучу хIуманех лар лур елахь, йаханчунна къа а дац.

 

Дика хуург АллахI ву!


 

[1] Хьажа: Имам Нававийн «МинхIáджут-ТIóлибúн» а, цуьнан, Имам Махьаллийс а, Ал-ХIайтамийс а, Ар-Рамлийс а, Аш-Ширбúнийс а динчу шархьашка; «Биррúкъотун МахьмýдиййахI», Имам Мухьаммад Ал-Хóдимий.

[2] Бухари, Муслим, Абу Давуд, Ибн МаджахI, Ахьмад.

[3] Бухари, Муслим, Абу Давуд, Тирмизи, Ибн МаджахI.

[4] Муслим.

[5] Муслим, Абу Давуд, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI.

[6] «Ас-Сунан Ал-Кубрó», 4/78, Имам Ал-БайхIакъий.