|
|
| Видео |
|
Стага зина дина шен тIехьийза йоIаца, мах бале хьалха, цул тIаьхьа ялийна цо и. Бусалба дино хIун боху теша иштта хьолехь? Цунна ялон мегаш ярий и, цаьршима хIун дан деза? Дала ахь хьогучу къинна йуззана ял лойла хьуна, Дала аьтто бойла хьан тхан бусалба ваша Олхазар.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зинá дар уггар даккхийчу къинойх цхьаъ ду. Адамийн дахар талхочу уггар даккхий а, уггар боьха а бахьанех а ду иза. Лекха хинволчу АллахIа аьлла бусалба нахе: [Зинáна герга а ма гIойла шу, бакъдолуш иза – боьхалла а ю, вон некъ а бу].[1] Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зинá дечо зинá дийр дац ша ийман чохь а волуш; къола дечо къола а дийр дац ша ийман чохь а волуш; къаьркъа молчо иза а мер дац ша ийман чохь а волуш».[2] Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Сан уммат дикаллехь лаьттар ду цунна юкъахь зинá даржжалц, ткъа нагахь санна цунна юкъахь зинá даржахь – АллахIа уьш берриге юкъахьовзо герга ду Шен Iазапана».[3] Кхечу нийсачу хьадисехь деана ду: «Цхьана нахана юкъахь зинá а, рибá а даьржар дац, цара шайна тIе АллахIан Iазап дожийна бен».[4] Зинá динчо цIенчу даггара, баккъалла а долу тоба дан деза, кхин оцу вочу хIуманна тIе ша юхавоьрзур вац аьлла сацам а беш, Деле даггара гечдар а доьхуш. Нагахь санна цо иштта тоба дахь, зинá дарна хIоттийна долу Делан таIзар цо шена тIехь кхочуш ца хилийтича а и къа тIера долу цунна. Уггар коьрта дерг – тоба баккъалла а хилар ду. Цо баккъалла а тоба дахь – иза тоьар ду цунна, эхартахь Iазап ца хилийта.[5] Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIа аьлла: [Ахь ала (Соьгара Сан лайшка): Дозанал тIехдовларца шаьш шайна зен дина долу хIай Сан лайш! АллахIан къинхетамах дог ма дуьллийла аш! Бакъдолуш, АллахIа гечдо массо къиношна! Бакъдолуш, Иза гечдеш верг а, къинхетам беш верг а ву].[6] Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, лекха хинволчу АллахIа буьйсанна Шен куьг (дIадаржадо) кховдадо, дийнахь вон леллачуьнга тоба дайтархьама; дийнахь а Шен куьг (дIадаржадо) кховдадо Цо, буьйсанна вон леллачуьнга тоба дайтархьама; (иштта хир ву Иза) малхбузенгара малх хьалабаллалц».[7] Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – кхин а аьлла: «Тоба даро дIадойъу шел хьалха хилларг».[8] Ткъа оцу стага а, зудчо а бина болу мах нийса лоруш бу. Фатван а, Iилманан талламан а Европин Гуламо бинчу сацам юкъахь деана ду: «Зина динчу стага а, зина динчу зудчо а лекха хинволчу АллахIе тоба дахь, хьарам долчунна юкъара ара а даьлла, цаьршинна хьанал долчуьнга дерза лаахь, боьхаллин дахарера цIоналлин дахаре цаьршинна дерза лаахь – цаьршинан (доьзалан) мах бар нийса ду массо Iелам-нехан бартхиларца». КхидIа йолчу хенахь, шаьшшимма динчунна дохко а даьлла, АллахIе шаьшшинна гечдар а дехна, тоба а дина, АллахIаца йолу шаьшшинан юкъаметтиг чIагI а еш, хаза бусалба доьзал кхолла беза цаьршимма. Бусалба дин Iамо деза шаьшшинна, Iелам-наха бечу хьехамашка ладогIарца а, яздина жайна дешарца а, ца хуург хаттарца. Шаьшшинан бераш бусалба кхио деза цаьршима, шаьшшингара даьлла боьха хIума цаьргара дер доцуш, хаза церан дола дан деза, пхи шо кхаьчча дуьйна царна ламаз Iамош, царна бусалба кхетам луш, шаьшшиъ а, шаьшшинан бераш а дуьненахь а, эхартахь а ирсе хилийтархьама. Вай даггара Деле доьху церан тоба къобал дар а, Ша реза воцучух вай массо лардар а, вайх массерах Шен къинхетам бар а. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 12.07.2009 |