|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьими.Ассаламу Iалайкум Олхазар. АлхьамдулиллахIироббилIаламийн ала АллахI шен хилар Дела салам хиларехула, бусалбачу нахана, иза боккхачу къинхетаман билгало хиларца воккха вево. Динул Исламан агIонаш нахана билгал йарехь, адами хаттаршна жоп дала а бусулбачу динан тIехь ваза а иманехь исламехь дагца чIагIвала а АллахIа ша бусалбачу нахана дукха ваха войла хьо. ХIара хаттар ду аьлла а ца Iаш, тхайна тIеIоттаделлачу хIуманна вошалла дезаш хьоьга дагадовлар дар тхан. Олхазар кху кехатан дукхалинна а таге хьехо бегIил йоцуш хьайга цхьацца долу хаттар дарна бехк ца биллар а доьху оха. Тхайн ницIкъ кхочачу агIор доцца, хуъчу кепар язда хьовсар ду тхо. Хьо кхетан волу агIо а лохуш. ХIусамехь волчу вай кIанта зина́ дар нис деллера, бертаза а доцуш бертахь. Делахь а йоIа кехат (заявлении) делла хилла Iедале, шена бертаза нуьцIкъала зина дина аьлла. Цу дийнахь кIант Iедало дIа а вигна чу воьллина. Иза дIавиганчул тIаьхье бен хаа а ца хиъна тхуна и зина цо динила а. Оха тхайна хаарцани дахана йоI схьаялийна. Цу йоьIан нахана хаале. Цаьрга а дахана цера доьзалхо тхоьгахь хилар а хаийтина там мах дIа а берзийна, тхайн доьзалхочунна иза чуьра ара ваккха тIаьхьадойла хьийзаш а долуш, бахка а бохи цу йоьIан наха шай йоI дIа юьгу. ДIайигар бахьанна тхо тIаьхьа кхиъча, тхуна гучу долу тхан таганна тIаьхьа таллам беш волчу Iедалан белхалочо (следователь), ваха а вахана цу йоьIан нахе мот бина хилар. Цу нахе шайн доьзалхо муха маре йигина хууш дуй шу аьлла. Шу йоI нуьцIкъалачу кепара бертаза зина а дина йигина шуна аьлла цу Iедалан белхалочо. Аларан бахьана долуш дIа дирзина долу хIума нахалахь гIара а даьлла, цу наха шай йоI йийна. ХIар ду йа важа ду аьлла схьакховдийна хIума а доцуш. Тхан бусалба динан ваша Олхазар, тхуна хьоьгара оьшуш долу вашалла бусалбачу динехь Къуръанаца а шарIаца а Дела салам хиларан Элчан суннаташца а Пайхамарин хьадисашца а билгалдина хIун ду хаар дара тхан хьоьга хIара кехат яздар бахьана. Хьайна вайнехан гIилкхашца а гIулкхашца а Iадаташца а хуучу кепара цуна тIедоьхна терго а йолуш. Цу тхуна тIеIоттаделлачу хIуманна хьай аьтто белахь хьай ницIкъ кхачахь цу тIехь вошалла оьшар тхуна. Сихо хин йолчу кепара. ХIунда аьлча цара шайн йоI йер, хатта таг ца хилийта ду аьлла хета тхуна. Тхан таганна тешнабехк ба атталонна дина аьлла а хета. Хаттарш хьоьга неха кхул чIогIанаш дуккху а дуйла а хаа, делахь а хьай ницIкъ кхачахь жоп лахьар ахь. КъинтIера валар доьху хьоьга, кху тхан хаттарна тIаьхьа терго а йина, доьшуш хан йайарна. Салам маршалла хуьлда хьуна АллахIера. Ларамца ……….
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! …………, цхьацца Iелам-нахах хьан хаттаран хьокъехь дагавелира со, иза мелла а чолхе хьал хиларна айса-сайгара жоп дала а ца ваьхьна. Вайна деана жоп ша ма-дарра схьаяздо ас хьуна, цу хIора аламна кIелахь айса куьг а таIош.
«“Инна́ лилла́хIи ва инна́ илайхIи ро́джиIу́н” олуш дIадоло лаьа тхуна хIара кехат. ЧIогIа дог лазош, цатам беш хIума ду хIара саннарг бусалба нахана юкъахь дожар. Иза дерриг а дин ца хаар, цунна гена довлар, иза вайна Iамош, кхайкхош, вайца бала болуш цхьа ца хиларан бахьанах ду. Иза хала хеташ, лазош делахь а вайна юкъахь доьххьара а, тIаьххьара а доьжна дац. Вайн наха уьш, и саннарш муха дерзадо а хууш ду. И гIуллакх, схьа гарехь, талхийнарг а, хIокху тIе далийнарг а, къомо и муха дерзадо а, и мичхьа кхочур ду а ца хиъна волу а, цуьнан ойла ца йина волу а талламхо ву. Маха буткъа а, тай стомма а лелош бат дIатега езаш яра, шен мотт сацо ца хууш волчуьнан, стеган а, зудчуьнан а. ДIадирзина даьлла долу и гIуллакх питане а, бале а даьккхина цо. Вайна юкъахь даим иштта доьжна хIума цу кепара дIадерзош ду. ШарI лелаш ца хилар бахьана долуш, кхин гIоле хIума доцу дела, питана мостагIалла юкъа ца даийта. ЙоIан верасаш сихбелла. Шайна хIумма ца хууш санна, шайна хIумма ца хезаш санна IадIан безаш хиллера цуьнан верасаш. ТIедеънарг доккха, ирча хIума дуй хиъна. Хьедан мегар доцуш хIума дуй хиъна, талламхочо хIуъа дийцича а. И шиъ кIант-стаг, йоI-стаг долуш зина доьжнехь, шарIо и шиъ дуьш дац. Вай уьш байъа муха мегар ду!? Хатта а, дагадовла а мегаш дац? Оццул атта хIума а, дай хIума а ду и вен ца вогIу стаг я зуда дер? Цаьршина хьокъехь АллахIа аьлла: [Зина динчу (кIант-)стагна а, йоI(-стагна) а бIе гIаж тухийла аш хIора цхьанна. Нагахь санна шу АллахIах тешаш а делахь, къемат дийнах тешаш а делахь, АллахIан динал хьалха цаьршинан агIор шайн къинхетам ма боккхийла аш. АллахIах тешаш болчерах цхьаберш тешаш хуьлийла, цаьршинна и таIзар дечу хенахь]. Цхьаъа цаьршинах дер доцуш, цаьршинна догIу таIзар чекхдаьлчи, кхин дIа бусалбанашна юкъахь цаьршинан дахаран некх муха хила беза билгал дина АллахIа ТаIа́ла́: [Зина дечо маре ялор яц зина дийриг бен, йа Делаца накъост вийриг бен. Зина ден зуда а юьгур яц зина дечо бен, йа Делаца накъост вечо бен. АллахIах тешаш болчарна хьарам дина а ду иза]. Цу хьокъехь Iелам нах ойланашкахь бекъабелла белахь а. ТIаккха суннато билгалдина и шиъ шарна махках доккхург хилар. Цул совнаха, догIу таIзарш чекхдоккхуш берш да-нана дац, я гергарнаш бац. Цигахь хатта, талла, дино бохург хаа дезаш дуккха хIуманаш хиларна. ЦадогIург а, кхоно дохковаьнверг а ца дархьама. Iелам-наха аьлла: “Мила ву Дала хIиттийна таIзарийн дозанаш кхочушдан везарг? Массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду, и таIзарш чекхдаха везарг бусалба нехан паччахь хилар, йа цо хIоттош верг хилар, наха шаьш шайгара и хIуманаш лело мегаш ца хилар. ТIахьавий дийцина Муслим ибн Йасара элира аьлла: «Асхьабашна юкъара цхьаболчара олура: закат схьагулдар а, таIзарий дозанаш кхочушдар а, хIонс екъар а, рузбан ламаз латтор а бусалба нехан паччахьан керахь ду». ТIахьавийс аьлла: Цунна доьхьал догIург аьлла цхьа а ца вевза тхуна асхьабашна юкъара”. Бусалба ша а ву шегара даьлла къа хьулдан декхар, цуьнгара и даьллий хууш берш, хезнарш а бу и хьулдан дезаш. Iар, ва́хар муха хир ду бусалбанийн юкъараллехь, дийнахь, буса дуьйцуш, хезаш вер-ваккхар, мохь-орца, эладитанаш, аьшпаш, харцо, ямартло, нифакъалла хилча?! Оцу хIуманашца чекхвала а, ваха а гIерташ массо стаг а, зуда а хилча!? Къа динчо ша динарг хьулдина тоба дича АллахIа цунна гечдой ца хаьа вайна! И хьулван везий ца хаьа вайна! Цундела хилларг гуш ду вайна. Iелам-наха аьлла: “Дозанал тIехбовлуш, къинош летийначарна цхьайолчу хенахь кхин ца хиллал дика дарба хила мега церан и къинош хьулдар. Шаьш уьш летийначул тIаьхьа баккъалла тоба а дина, цIена дахар дIадолош хила а ма-тарло цара. Цундела магийна бусалба дино къинош чуэгнарш хьулбар а, церан хьал Iорадаккхарехь сихалла ца йар а. СаIид ибн Ал-Мусаййиба аьлла: Соьга кхаьчна иштта дийар: АллахIа хIара айат доссоле хьалха: [Бехке боцучу зударшна тIехь цIе кхуллуш болчарна, нагахь санна цара шаьш бохучунна виъ теш ца хIоттавахь, йоьзткъа гIаж тухийла аш царна], Аслам тайпанара ХIаззал цIе йолу цхьа стаг, цхьа хьенех зинаш деш ву бохуш арз деш АллахIан Элчанна тIевеъча, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, цо цуьнга аьлла хилла: “ХIай ХIазза́л! Ахь иза хьайн кучаца къайлаваьккхинехьара, дIахьулвинехьара хьуна хьайна гIолий хир дара иза”. “ФикъхIус-СуннахI”, 3\116. Нагахь санна и шиъ хIинца и гIулкх дужуш, я цул хьалха зуда ялийна а, марехь а хиллехь, цаьршинна догIу таIзар суннато билгал дина. Iелам-наха аьлла: “Зуда ялийначу стага, йа марехь йолчу зудчо зина дича, массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду цаьршинан и шиъ даллалц тIулгаш тоха дезаш хилар, стагана а, зудчунна а. Цуьнан тешалла ду Абу ХIурайрас аьлларг: “Делан Элча, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, маьждиг чохь а волуш, цхьана стага цунна тIе а веана элира: ХIай АллахIан Элча, ас зина дина”. Делан Элча дIавирзира цунах, иза тергал ца веш. Вукхо юх-юха олуш доьазза тешалла дира шена цу гIулкхаца. ТIакхха Пайхамара, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, иза схьа а кхайкхина, хаьттира цуьнга: “Хила ма-везза хьекъал чохь вуй хьо?”. Вукхо жоп делира – “Ву” – аьлла. Цо юха а хаьттира: “Зуда ялийна вуй хьо?” Цо жоп делира - “Ву” – аьлла. ТIаккха Пайхамара, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: “Дуьло, иза дIа а виге, тIулгаш тоха цунна”. ЙоI йер бахьана долуш АллахIана хьалха и йийна болу цуьнан верасаш бехке бу. Цунна тоба а хьехна, оцу жимчу стагехь марехь йита езаш яра иза. Шаьшина барт хилахь цхьаьна дехар дара и шиъ. Ца хилахь юьтур яра. Иза эхье, бехке дацара, тIех тоха хIума а я иза ен бахьана дацара. Амма цара и ца дина, шайна тIедеънарг дайдан а, дIадаккха а, шаьш динарг кхин хIума дац моьттуш. ЖохIлалла а, дин ца хаар а доккха ду, цундела вайгара дийнахь, буса гIалаташ, къинош, талхадарш оьгу. Цара и жима стаг вехь чIир южу царна тIе. Вен ца вогIург цара верна. Хаьттина, дагабевлла бен бусалбанаша хIумма дан ца деза. Элча, IалайхIиссалам, дагаволуш, хоттуш хилла хилар а, дагаваларца цунна омру дина хилар а хууш ду. Уьш бойъачул атта ду уьш ларбар. Къа мел динарг вай вуьш хилча лаьттахь дукха нах буьссур бац. Вай уьш вочу меттигах ларбан беза, кхетош кхио беза, къаьсттина, дина агIонгахула. Маьждиге бахар марздан деза кегий болуш дуьйна. Дика накъостий, доттагIий каро беза царна, вониг царна хьоьхур доцуш болу. Дена, нанна муьтIахь хила везаш хилар хьеха деза, ваьшкара гайта деза. Иза вай ца дича, тIаккха цаьргара гIалат даьлча, вай уьш байъича, харц луьйруш вай ду, уьш бац. Дика хуург АллахI ву!».
......, и кехат чекхдели. Ас доьххьара ма-аллара, ас цу кехатан хIора дош тIечIагIдо. Кхин сов шуна дала хьекъал дац соьгахь сайгахь. Бакъду, нагахь санна и гIуллакх ша хIинца долчунна тIехь сецна ца Iаш, кхидIа а генадала гIерташ хилахь, Iелам-наха, дикчу наха иза къастор долу агIо шуьга шинне агIор лаха елча дика хир дара. Дала зенах, зуламах, Ша реза воцучух лардойла шу а, тхо а, массо бусалба нах а. ЧIогIа догдоху ас шуна мелла а пайда хилла хиларга. |