|
|
|
Каково постановление шариата о муже или жене, совершивших зина? аннулируется ли их брак? сегодня за это смертную казнь не применяют в россии. если муж или жена совершат зина, распадается ли их брак?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Зинá дар уггар даккхийчу къинойх цхьаъ ду. Адамийн дахар талхочу уггар даккхий а, уггар боьха а бахьанех а ду иза. Лекха хинволчу АллахIа аьлла бусалба нахе: [Зинáна герга а ма гIойла шу, бакъдолуш иза – боьхалла а ю, вон некъ а бу].[1] Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зинá дечо зинá дийр дац ша ийман чохь а волуш; къола дечо къола а дийр дац ша ийман чохь а волуш; къаьркъа молчо иза а мер дац ша ийман чохь а волуш».[2] «Сан уммат дикаллехь лаьттар ду цунна юкъахь зинá даржжалц, ткъа нагахь санна цунна юкъахь зинá даржахь – АллахIа уьш берриге юкъахьовзо герга ду Шен Iазапана».[3] «Цхьана нахана юкъахь зинá а, рибá а даьржар дац, цара шайна тIе АллахIан Iазап дожийна бен».[4] Зинá оццул боьха доллушехь, иза доккха къа а доллушехь, нийса бина болу захалонан мах и бахьана долуш бухуш бац, стагна а, зудчунна а юкъахь нийса кхоллаелла доьзалан уьйр а и бахьана долуш галйолуш яц. Шейх ВахIбахI Аз-Зухьалийс аьлла: «Iелам-нехан бартхилла хIума ду, нагахь санна цхьана зудчо стагца зинá дахь, йа цуьнан майрачо зинá дахь, захалонан мах галболуш ца хилар».[5] Зинá динчо цIенчу даггара, баккъалла а долу тоба дан деза, кхин оцу вочу хIуманна тIе ша юхавоьрзур вац аьлла сацам а беш, Деле даггара гечдар а доьхуш. Нагахь санна цо иштта тоба дахь, зинá дарна хIоттийна долу Делан таIзар цо шена тIехь чекх ца кхочуш ца хилийтича а и къа тIера долу цунна. Уггар коьрта дерг – тоба баккъалла а хилар ду. Цо баккъалла а тоба дахь – иза тоьар ду цунна, эхартахь Iазап ца хилийта.[6] Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIа аьлла: [Ахь ала (Соьгара Сан лайшка): Дозанал тIехдовларца шаьш шайна зен дина долу хIай Сан лайш! АллахIан къинхетамах дог ма дуьллийла аш! Бакъдолуш, АллахIа гечдо массо къиношна! Бакъдолуш, Иза гечдеш верг а, къинхетам беш верг а ву].[7] Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, лекха хинволчу АллахIа буьйсанна Шен куьг (дIадаржадо) кховдадо, дийнахь вон леллачуьнга тоба дайтархьама; дийнахь а Шен куьг (дIадаржадо) кховдадо Цо, буьйсанна вон леллачуьнга тоба дайтархьама; (иштта хир ву Иза) малхбузенгара малх хьалабаллалц».[8] Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – кхин а аьлла: «Тоба даро дIадойъу шел хьалха хилларг».[9]
Ткъа, дика хуург АллахI ву!
17/05/2008 [1] Сурат «Ал-Исрóъ» 32 айат. [2] Бухари, Муслим. [3] Ахьмад. [4] «Сохьúхьут-ТаргIúби ват-ТархIúб», Ал-Мунзирий – Ал-Албáний. [5] «Ал-ФикъхIул-Ислáмий ва АдиллатухI», 9/143, Шейх ВахIбахI Аз-Зухьайлий. [6] «Фатáвá Ас-Субукий», 2/523, Имам Ас-Субукий. [7] Сурат «Аз-Зумар» 53 айат. [8] Муслим. [9] Муслим. |