Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Бусулба зуда керстане маре яха мегий?


Зуда, майра керста ду, цхьа хан яьлча зуда имане еана, захало доха-м ца духу церан?


Баркалла

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Амма хьалхара хаттарна жоп иштта ду:

Бусалба зуда керстане маре яха ца мега, иштта маре дар бусалба зудчунна дихкина ду, иза цунна хьарам а ду, массо бусалба нехан барт хиларца.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×Аш маре ма ло (шайн зударий) АллахIаца накъост вечаьргаØ.[1] ХIокху айатера АллахIан къамел, зударийн верасашка, уьш маре балар карахь долчаьрга аьлла ду, Цо магош дац верасашна шаьш доладеш болу зударий кхечу динах болчу нахе маре балар. Ткъа иза ца магаран бахьанех цхьа бахьана АллахIа довзийтина оццу айатехь:
×…уьш (шуьга жоьжахатин) цIерга кхойкхуш бу, ткъа АллахI (шуьга) кхойкхуш ву ялсамани а, Шен пурбанца гечдарга аØ. ХIокху айатехь хьахийна болчу, Делаца накъост веш болчарна – мушрикашна – бусалба зуда цаьрга маре яхийта ца магарехь юкъабогIу жуьгтий а, керстанаш (христианаш) а, иштта кхиболу муьлхха а бусалба боцу нах а.[2]

Кхечу айатехь а аьлла сийлахь лекхачу АллахIа: ×ХIай (АллахIах) тешнарш! Шаьш долчу АллахIах тешаш болу зударий багIахь, хIижрат дина, аш уьш толлийла (хIижрат Дела доьхьа хиларна), АллахI ву гIолий девзаш церан (Шех) тешар; ткъа шайна уьш (билггал АллахIах) тешаш буй хаахь – аш уьш буха ма берзабойла керста нахе, уьш царна а хьанал бац, йа вуьйжаш хIокхарна а хьанал хир бацØ.[3] ХIокху айатехь а АллахIа довзуьйту бусалба божаршна а, зударшна а, бусалба зударий керста нахана хьарам хилар.

Лакхахь хьахийна долу бахьана доцург, бусалба зуда керстане маре йаха мегаш ца хиларан бахьанех ду, доьзалехь дола деш верг а, коьрта верг а майра хилар, бераш а ден цIартIехь хуьлуш хилар, цундела бусалба зудчо шен дин дита а кхерам бу керста майрана кIелахь Iаш хилча, кхуьуш долу бераш а керста кхиа там бу. Ткъа, бусалба стага жайнин охIлунах зуда яло мегаш хилча, бусалба зуда цаьрга дIаяха хIунда ца мега аьлла хаттар дича, цу юкъахь хIун башхалла ю аьлча, цунна жоп иштта хир ду: бусалба стаг ша ялош йолчу жайнин охIлунах – жуьгтийх а, керстанах а – йолчу зудчуьнан пайхамарех тешаш ву, ткъа уьш бусалба зудчуьнан пайхамарх тешаш бац; бусалба стаг церан жайнаш доьххьара АллахIера диссина хиларх тешаш ву, ткъа уьш бусалба зудчуьнан жайна – Къуръан – иштта хиларх тешаш бац; бусалба стаг церан дин доьххьара Делера дин хилла хиларх тешаш ву, ткъа керста стаг бусалба зудчуьнан дин Делера дин хиларх тешаш вац, муххале а и ша-дерг харцдеш ву иза, керстадеш ву; мел йоккха башхалла ю иза! Ишттачу башхаллийца доьзал а муха кхуллур бу цара, бераш а муха кхиор ду цара, дахар а муха хир ду церан?!

 

Амма шолгIачу хаттаран жоп иштта ду:

Майра а, зуда а керста а долуш, зудчо бусалба дин тIелацахь, и зуда оцу майрачунна хьарам хуьлу. Оцу зудчо керста майрачуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийта а мегар дац, йа цуьнца цхьаьна Iан а мегар дац. Цуьнан тешалла лакхарчу хаттарна деллачу жоьпа юкъара айаташ а, ша и жоп а ду. Ткъа ша бусалба дин тIелаьцначул тIаьхьа, ша оцу шен майрачуьнца цхьаьна Iачура дIакъаьстинчул тIаьхьа, оцу зудчо ларйан еза маре дан мегаш йоцу хан. И хан иштта ю: нагахь санна иза берах елахь бер охьадиллалц, берах яцахь кхозза ламазана цIанйаллалц. Дукха хьолехь, берах йоцу зудчо ларйан еза и хан – кхозза ламазана цIанйалар – кхо бутт нисло. Иштта, бусалба дине еана йолу и зуда, оцу майрачунах дIакъаьстинчул тIаьхьа, и хан дIаяллалц цуьнга цхьамма а маре яр деха а ца мега, йа иза маре йаха а ца мега.

Кхин а, нагахь санна аьтту белахь цуьнан майра бусалба дине кхойкхур ву, тIаккха и зуда оцу хена чура ялаза а йолуш оцу майрачо а бусалба дин тIелацахь, и зуда керла мах бан а ца безаш цуьнга юхайоьрзу. Амма нагахь санна оцу майрачо, и зуда оцу хенара ялале хьалха бусалба дин тIе ца лацахь, и хан дIаяларца цаьршинан мах буху, цул тIаьхьа и зуда шена луучуьнга маре яха а мега.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.


 

 


[1] Сурат «Ал-Бакъарат» 221 айат.

[2] «Рухьул-МаIани», 2/218, Имам Ал-Алýсий; «ДжамиIул-Байан», 4/370, Имам Ат-ТIабарий.

[3] Сурат «Ал-МумтахьанахI» 10 айат.