Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ассаламу Iалайкум! Олхазар, закатах лаьцна цхьа хаттар дара сан, стега ша чохь Iашверг доцуш кхи цхьа цIа а ду, иза цо дIадоьхкича, шена тIера декхарш дIаделча цуьнан буха кхи а ахча дуьсу, цу тIера закат догIи?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Закат догIу нагахь санна и ахча цуьнан дола даьллачул тIаьхьа дуьйна цхьа шо а дуьзнехь, иза закатан барамехь кхочуш а делахь (85 грамм деши).

Масала, 2008 шеран май баттахь 23 терахьца цIа дIа а доьхкина, ахча схьаийци цо, шена тIера декхарш дIа а дели цо. Маца хуьлу цунна тIехь закат важиб? ТIедогIучу шеран (2009) 23 май кхаччалц цуьнан долахь и ахча лаьттинехь, оцу ахчанна тIера 2.5 % закат дала деза цо 2009 шеран 23 майхь, нагахь санна иза закатан бараме кхочуш делахь (85 грамм деши). ХIетталц тIехь дац цунна закат далар, бакъду, шена лаахь цу хене а ца хьоьжуш хьалхатеттина дала а мегар ду цо иза.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!

 

30.08.2008