Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Ламаз деш вацахь, цо урс хьаькхна йолу бежана, йа уьстагI, йа кхиерг, яа мегар дуй? Цо, ша бусалба ву, ас шахIадат а даладо, бахахь?!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Ламазана инкарло еш а воцуш, иза парз хилар керстадеш а воцуш, мало йарна делахь а, йа кхечу бахьанна делахь а ламаз ца деш волчу стеган хьокъехь хилпало (къастам) ю Iелам-нахана юкъахь, иза бусалба динера араваьлла лору йа ца лору, иза керста хуьлу йа ца хуьлу, аьлла. Дукхах болчара иза керста ца хуьлу аьлла, цундела, цара иза АллахIа хIоттийна таIзар деш вен веза аьлла. Цхьаболчара иза керста хуьлу аьлла, цундела цара иза бусалба динах юхаваларна вен веза аьлла.

Цу хилпалонна тIедоьгIна ду хIара хаттар а. Иза керста ца лоручара магадо цо урс хьаькхна хIума яа, хIунда аьлча, цо латийнарг доккха къа делахь а, иза бусалба вуьссуш волу дела. Иза керста лоручара ца магадо цо урс хьаькхна хIума яа.

Цундела, ламаз дитаран къа доккха хиларна а, и дитинарг керста хиларан кхерам болу дела а, ламаз деш верг ван а волуш, ламаз ца дечуьнга урс хьакхийта мегар дац. Ца-ваьллачу денна бен ламаз ца дечо урс хьаькхна хIума а ца яар гIолий ду. Цхьана агIор, хаттам хир боцуш, шена атта ду иза ца йиинчунна, вукху агIор ламаз деш воцучунна доккха хьехар а хир ду цунах.

 

ГIолий хуург сийлахь АллахI ву!

 

21\04\2008