|
|
|
Ассаламу
Iалайкум,
де а дика
хуьлда хьан!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бучалба дино доьхкуш дац забарш йар, муххале а, нагахь санна забаро пайда бийр белахь иза дика лоруш ю. Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – еш хилла наг-наггахь забар. Имам Тирмизис шен «Аш-Шамаил» жайни тIехь дийцина, «цхьа йоккха-стаг еана хиллера пайхамарна тIе, тIаккха цо цуьнга аьллера: «ХIай Делан Элча! АллахIе дехахь со ялсамани йахайта але». ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла хилла цуьнга: «Къена зударий гIур бац ялсамани чу». ТIаккха и зуда ша ялсамани гIур яц аьлла хала хетта елха йолаелла, ткъа иштта шена и гича, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена ала лиънарг дийцина цунна – «къена-зударий ялсамани боьлхучу хенахь къена хир бац, муххале а Дала къона юха а кхоьллина, массо а къона а болуш гIур бу уьш ялсамани чу». Иза цхьа масал дара Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – йина хиллачу забарийн. Делахь а, бусалба дино хецна ца дитина забарийн гIуллакх, муххале а цхьацца дозанаш а, билламаш а хIиттийна, забаршка зен ца дайтархьама. Оцу дозанех а, билламех а ду харц лен ца магар а, бусалба стаг сийсаз веш йолу забар ца йар а, бусалба стагана ца дезаш долчу хIуманца забар ца йар а, бусалба стаг кхерош йолу забар ца йар а, забарш дукха ца йар а, оьшучохь а ца оьшучохь а ца йар а, иштта дI. кх. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла хиллера аьлла: «ХIай Делан Элча! Ахь тхоьца забарш а йо?» Цо жоп делла тIаккха: «ХIаъ, йо, делахь а ас бакъдерг бен ца олу». И хьадис Имам Тирмизис дийцина, «дика а, нийса а ду» а олуш. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Боккха бала бу, цхьана нахана уьш белорхьама харц дерг дуьйцуш волчунна, ма боккха бала бу цунна, ма боккха бала бу цунна». ХIара хьадис Имам Тирмизис дийцина иза «дика хьадис ду» а аьлла цо.
Оцу хьадисашка хьаьжча вайна хаьа, доцург дуьйцуш йолу забар йар а, цуьнца нах белор а хьарам хилар, иза къа хилар.
|