|
|
| Видео |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум!
Суна хезна аренца
(малхбузехьа) дуьйш долу цхьацца долу дийнаташ (уьстагIий, иштта бежанаш
хила а тарло) хьалха ток а тухий, сихха 2-3 секондехь урс хьокха олуш.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1) Дийнат дуьйчу хенахь цунна ток тохар шина кепара хила йиш ю: 1. Доьхьало ца йайта, дегI дахош ток тохар. Ишттачу хьолехь дийнат и ток тоьхначул тIаьхьа йала а ца ле, йа йаларан хьоле а ца йоьрзу, мелхо а жимма хан яьлча метта а йогIий, хьалха санна долчу шен дахарца еха. 2. Дийнат дуьйш, иза далийтархьама ток тохар. Иштта ток тоьхна долу дийнат кхин метта ца догIу, сихха лахь а, йа жимма хан яьлча лахь а дала а лей дIадолу. Доьххьаралера хьолехь, цкъа ток а тоьхна, доьхьало йийр йоцучу кепара и дийнат гIел а дина, тIаккха цунна урс хьаькхча – цуьнан жижиг даа мегаш ду. ШолгIа кепара ток тоьхна дуьйш долу дийнат даа мегаш дац. 2) Ток тохар бахьана долуш лечу хьоле даьлла долчу дийнатана урс хьаькхна хилча а иза даа мегаш ца хилча, деллачул тIаьхьа урс хьаькхна дерг маггане мегар дац. Иза юкъарчу маьIнийца доьзна дерг ду, ткъа и дуьйш долу дийнат хIора махкахь билггал муха дуьйш хаар – иза кхин хIума ду, цу махкахь вехачу бусалба стеган декхар ду иза. Ткъа малхбузенан пачхьалкхашкахь духкуш долчу жижигах лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарна деллачу жоьпехь: «Керстан пачхьалкхехь жижиг даа мегар ду йа дац?» Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву! 13.05.2011 = 10.06.1432
|