Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Крабовый палочкаш яа мегий бусалбашна?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна «крабовый палочкаш» кхузахь а, кхузахь а ма-йийццара елахь, уьш кечйеш царна тIедеттачу молханаша зен деш а дацахь…

Кра́баш яа магар Iелам-нахана юкъахь къовсаме хIума ду, юкъарчу чулацамца аьлча хьанафий а, шафиIий а мазхIабехь мегаш дац иза, маликий а, хьанбалий а мазхIабехь мегаш ду.

Ткъа оцу «крабовый палочкаш» юкъахь кра́бийн жижиг дан а дац, иза дерриге чIе́ран жижиг ду. Бакъду, «крабовый экстракт» ю бах цара цунах тухуш, «ароматизатор» а олу цара цунах. И экстракт цхьаболчара крабийн «панцирах» йоккху боху, цхьаболчара цуьнан меттана кхи бахьанаш леладо боху. Ткъа и экстракт яккхаран некъ мел лехарх суна ца карийра, делахь а маликий а, хьанбалий мазхIабехь долчунна тIедоьгIна аьлча яа мегаш хуьлу иза а.

ТIаккха, Е120 цIе йолу бос бен молха а ду боху цара оцу «палочкех» тухуш. И молха са долчу хIуманех доккхуш ду а боху. Ткъа иза цхьаболчу Iелам-наха ца магадо, хIунда аьлча иза наджас ло́ру дела. Делахь а, хьалхалера дукхах болчу Iелам-наха, наджас йолу хIума хийца а елла, кхечу хIуманга йирзича, иза цIанйелла лору. Цу тIе а доьгIна таханлера дуккха а Iелам-наха а, фатван гуламаша а мегаш ду олу юург ларйеш, йа цунна бос беш, йа кхидолчу бахьанашна юучух тухуш долу и молханаш юкъахь долу даарш даар, уьш зене ца хилчахьана.

Ас айса юучух тохуьйтуш лелайойту уьш наггахь, делахь а йа «хIаъ», йа «хIан-хIа» аьлла кхечарна жоп дала хала ду суна, цундела, лераме йиша дехар ду хьоьга иза кхечу Iелам-стаге хаттар.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

11.08.2009