|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! УьстагI буьйш коьртах хIума тоьхна и боьжначул тIаьхьа урс хьакхар муха ду? Iеламнаха цунах лаьцна хIун боху? Дела реза хуьлда.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIокху хаттарехь лууш дерг ши хIума хила йиш ю: иштта коьртах хIума тоьхначул тIаьхьа урс хьаькхна долу хьайба даа мегаш ду йа дац, хьайбанна иштта коьртах хIума тохар мегаш ду йа дац. 1. Лекха хилла волчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь: «Хьарам йина ю шуна къен елла хIума а, цIий а, хьакхин жижиг а, АллахI воцуш кхечуьнан цIарца йийнарг а, садукъийна йийнарг а, тохарца йийнарг а, лакха тIера чуйоьжна елларг а, кхечу хьайбано маIа Iоьттина елларг а, акхароша шайна кхачанна йийнарг а, (уьш йалале хьалха) аш урс хьаькхна йоцург; (кхин а) АллахIан метта дIахIиттийна болчу деланашна йийнарг а…».[1] Оцу айато билгалдеш ду цхьа хIума тохарца дийна долу хьайба даа мегаш ца хилар, нагахь санна и хIума тоьхначул тIаьхьа цуьнан са да́лале цунна урс хьаькхна дацахь. ХIума тоьхначул тIаьхьа хьайба далале хьалха, иза дийна а долуш цунна урс хьаькхна делахь – тIаккха даа мегаш ду иза. Цунна коьртах хIума тоьхча цуьнан са да́лахь, иза лахь, тIаккха иза деллачул тIаьхьа цунна урс хьакхахь – оцу хьолехь иза даа мегаш дац. ТIаккха Iеламнаха тайп-тайпана аьлла дешнаш ду, и хьайба дийна хилар хууш хилчахьана тоьаш ду цунна урс хьакха магарехь, йа лечу хьоле кхаьчна хила ца деза иза, йа иза дийна хиларан цхьа билгалонаш хилча (масала, цо бIаьрг тохарца, цIога меттахдаккхарца а, ког меттахбаккхарца а, бага меттахяккхарца) тоьаш ду аьлла. Цхьаболчу асхьабашкара дийцина дерг и билгалонаш елахь тоьаш хилар ду, ткъа шафиIийн мазхIабехь ишта а вуьшта а аьлла ду бохуш дуьйцу Iеламнаха.[2] Иштта и маьIна долу дешнаш ду Iеламнаха оцу айатан маьIна деш хIокху хаттаран хьокъехь аьлла дерш.[3] 2. Цхьаболчу Iеламнаха мегар дац аьлла хьайба деле хьалха цунна коьртах хIума тохар, нагахь санна и ца тухуш цунна урс хьакхалур долуш делахь. ХIунда аьлча иштта и хIума дар цуьнца къинхетаме хиларца догIуш доцу дела. Коьртах хIума а тоьхча, юха урс а хьаькхча, шалха лазор хуьлу аьлла цара иза, ткъа иза хьашт долуш хIума дац аьлла. Иштта ду аьлла цара хьайбанна ток тохар а, нагахь санна и ток чIогIа елахь. Амма нагахь санна и ток лазош яцахь, иза гIийла елахь, йа и хьайба иштта хIума тоьхча бен, йа ток тоьхча бен де́луш дацахь, тIаккха мегар ду аьлла цара иза.[4] Ткъа дика хуург веза-сийлахь АллахI ву! 16.06.2011 = 14.07.1432 [1] Сурат «Ал-МаидахI», 3 айат. [2] Шейх Мухьаммад ат-ТIохIир ибн Iа́шу́р, «Ат-тахьри́ру ват-танви́р», 6/93. [3] Имам Ал-Кийа́ ал-ХIарро́сий, «Ахькамул-къуръан», 3/19; Имам Ал-Iизз ибн Iабдис-Салам, «Тафсирул-Iизз ибн Iабдиссалам», 1/370; Имам ал-КъуртIубий, «ал-Джа́миI лиахька́мил-къуръан», 6/50; Имам Ибн Каси́р, «Тафси́рул-къуръа́нил-Iази́м», 3/22; Шейх Мухьаммад Джама́луддин ал-Къо́симий, «Махьа́синут-таъви́л», 4/22-23; Шейх ВахIбат аз-Зухьайлий, «ат-Тафси́рул-муни́р», 6/80-81; Шейх Мухьаммад Iалий ас-Са́лу́с, «Тафси́ру айа́тил-ахька́м», 1/345-346. [4] СаIуди пачхьалкхера Даиманна болу Фатван Гулам, Шейх Мухьаммад ал-Муснида гулдина долу Iеламнехан фатваш, «Фатава исламиййахI», 3/436-439.
|