Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар ду: ирахь волуш хи мала а, яахIума яа а мегий?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Ирахь волуш хи маларх а, яахIума яарх а лаьцна даьхкина тайп-тайпана хьадисаш ду. Цхьадолчу хьадисашкахь магош дац ирахь волуш хи малар, иштта хи меллачо иза хьаIеттадойла аьлла деана а ду. Иштта и хьадис дийцинчул тIаьхьа, ирахь яахIума яарх лаьцна шега хаьттича, и хьадис дийцина волчу асхьаба, «иза кхин а вон ду» - аьлла хилла а ду. Ткъа кхечу хьадисашкахь деана ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ирахь волуш хи мелира аьлла. Дуккха асхьабашна а ирахь волуш хи малар вон хIума хеташ ца хиллера аьлла деана ду, цара шаьш иштта молуш хиллера аьлла деана ду.

Ткъа и шинне кепара дийцина долу хьадисаш нийса ду, Имам Ан-Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) ма-аллара.[1] ТIаккха, цхьана хьадисашкахь и хIума ма де бохуш хилча, вукху хьадисашкахь и хIума дан мегаш хилар дуьйцуш хилча, дуккха асхьабаша а иза дина хилла а хилча, «Усулул-фикъхI» (ФикъхIан Баххаш) Iилмангахь сецна ма-хиллара, Iеламнаха и хьадисаш цхьаьнатухуш, церан юкъара маьIна доккхуш аьлла: ца магош долчу хьадисаша гойтуш дерг – ирахь хи малар а, яахIума яар а дика ца хилар ду, магош долчу хьадисаша гойтуш дерг – и хIума дар хьарам ца хилар ду, иза къилахь хIума ца хилар ду, цхьа хьашт делахь иза дан мегаш хилар ду.[2]

Цигара схьа девза вайна, ирахь хIума малар а, юург яар а хьарам хIума ца хилар, иза къилахь ца хилар, цхьа хьашт делахь иштта хIума яа а, мала а мегаш хилар, делахь а гIолий дерг а, мелехь дерг а охьахиъна яар а, малар а хилар.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-04 = ‏23‏/08‏/1431


 

[1] «Ал-минхIаж шархь сахьихь Муслим ибн ал-Хьадджадж», 13/195.

[2] Имам Ан-Нававий, уьзза жайна. Кхин а: Шейх Ибн Баз, «МаджмуI фатава Ибн Баз», 25/276.