Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Сан цхьа хаттар дара кхолделла. Хьайна яла ян ният долш йоIе вистхуьлуш, иза хьастайар (оьрсий маттахь комплимент), я цуьнга «дукха еза» алар, мух ду бусулба динехь? Мегаш дуй иза?

АллахIа диканца бекхам а, аьтто а бойл хьа.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

АллахIан элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Шина бIаьрган зина – хьажар ду, шина лерган зина – (вуониг) хазар (ладогIар) ду, меттан зина – (лар тIехь доцу) къамел дар ду, куьйган зина – (вуочахьа) куьг хьакхадалар ду, коган зина – (вуочахьа) ког баккхар ду. ТIаккха, бехкеметтиго йа тIелоцу иза, йа духатуху».[1]

ХIокху хьадисехь, маттаца а, лергаца а зина хуьлу аьлла, хIунда аьлча мегаш доцу къамел дарца а, цуьнга ладогIарца а марзо хуьлу дела, доккха зина деш бехкеметтигана марзо хиларе терра. Уьш дерриге а къинош ду, делахь а бехкеметтигца дерг доккхох ду, лергаца а, маттаца а долчул.[2]

Яло сацам бинчу йоIе вистхила мегаш ду бусалба динехь, цо хIиттийна дозанаш лардийр делахь. Зуда яло гIертачу жимчу стага а, маре даха доллучу зудаберо а вовший дистхиларехь лардан деза дозанаш, доцца дийцича, иштта ду:

- ГIиллакхца а, оьздангаллийца а догIуш доцу къамел дан мегар дац.

- Массарна а хезаш, нахана юкъахь шаьшшимма дуьйцур доцург а, эр доцург а дийца а мегар дац, ала а мегар дац.

- Цаьршинан дистхилар дагара дийцарца хила а мегар дац, безаман ойланаш гучу йохуш (романтически) хила а мегар дац, дегIан а, синан а лаамаш гучубоху къамел а мегар дац, хIунда аьлча иза – эвхьазло а ю, и шиъ боьхачу балане дуьгур болчу некъан юьхь а ю.  

- Жимчу стагана даим дагахь хила деза, кхечу стага шен йишица, йа кхечу гергара зудчуьнца дийцича а, аьлча а шена дезор доцу къамел а, дешнаш а ша нехан зудабере дийца а, ала а доций.

- Цхьаболчара санна, цхьана сахьтехь а, шина сохьтехь а къамелаш дан мегар дац, эрна къамелаш дан а мегар дац. Ца аьлча ца дериг бен дийца мегар дац.

Иштта дозанаш ду бусалба динехь хIиттийна, вовший захало дан сацам хиллачул тIаьхьа, жима-стаг а, зудабер а вовший дистхила магарна.

Цундела, «дукха еза» ала а, йа и санна долу къамел дан а мегар дац. Безамах дерг хаа луучунна, и къамелаш ца дича а хуур ду, мегаш болу некъ а карор бу.

«Хьастар» бохург вайн маттара оьрсийн матте даьккхича «ласки» хуьлу, «хьаьстира» аьлча «приласкал» бохург хуьлу. Масала, «бер хьаьстина» олу. Цундела, и маьIна долу дош шегара далийта мегар дац, мах а бина шен дола яьллачу зудчуьнга бен, хIунда аьлча иза кхин а йоккха эвхьазло ю. ЙоI схьаялайале, цуьнга цу маьIнехь къамелаш дар боьхалла ю.

Ткъа ахь оьрсийн маттахь «комплимент» аьлла далийначу дашца кхетаме ду, хьуна луург и лакхара маьIна а доцуш, «хастор» бохург дуй. Ша яло сацам бина йолу йоI хасто мегар ду, нагахь санна цуьнгара иза хасто бахьана а даьллехь, нагахь санна цуьнан дагчу куралла а йогIур яцахь, лакхахь дийцина дозанаш лар а деш. Амма бахьана а доцуш хастор – иза хастор дац, доцург ду бахар а, харц лер а ду. Ткъа нагахь санна цуьнан дагчу куралла йогIур елахь – иштта хастор Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – магийна дац.

 

ХIара санна хаттарх лаьцна хьалха вай дийцира кхузахь:

Ша йало дагахь волчу йоIе телефончухула смс йаз йан меги?

 

Ткъа, дика хуург АллахI ву!


 

 


[1] Бухари, Муслим.

[2] «Ат-Тайсúр бишархьил-ДжáмиIис-СогIúр», 2\87, Имам Ал-Муннáвий.