| Iелам-нах |
|
|
| Хьешан тептар |
|
Ассаламу Iалайкум! Захало тIехьуш боьлху цхьа нах вукху нахана тIе, бухахь болчара тIелоцу и шайга кховдийна долу захало. И ший агIо реза хиллачул тIаьхьа, ШариIато цигахь хIиттийна хIун билламаш бу? Масала, билгалбаьккхина мах (урдо) буй цигахь, тIаккха и мах йоIа ала беза, йа цуьнан дас, йа девашас, иштта кх. дI.? Цигахь векал хIотта мегаш волчо олий и мах? Томана луш дерг и хIун ахча ду? Урдона луш болу мах парз бу ШариIатехь (со нийса кхетахь), тIаккха томана лушдерг вайн Элчанан суннат дуй? Йа хIунда бу и томан мах? ТIаккха йоI дIайохуьйту, масала, и йитинчул тIаьхьа цунна ШарIехь цхьа мах бу боху дIабалабезаш, и хIун мах бу?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1) Урдо. ШариIато билгалбина хадийна мах бац урдона бала безаш. Ялош-йохуьйтуш болчеран барт хилларг хила йиш ю иза. Урдо ахча хила деза аьлла а дац, муххале а, йохка-иэца йиш йолу хIуъа хIума хила йиш ю иза, йа ахь цхьана мехах оьцуш болу пайда хила а йиш ю иза, Къуръан Iамор санна. Делахь а, урдо даз ца дар, цуьнан мах дукха ай ца бар, иза мелла атта бар суннат а ду, бусалба динан хаза гIиллакх а ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша зуда ялош а, ша шен йоIарий маре бохуьйтуш а лелийна суннат а ду. Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана, Iаишате – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен зударшна делла урдо мел дара аьлла хаьттича, цо иза 500 (пхи бIе) детин дирхIам дара аьлла. Таханлерачу хьесапца дуьстича, детин 500 дирхIам 1487.5 грам дети ду, ткъа кечдаза долчу детин цхьана граман мах масала Iаьрбойн пачхьалкхашкахь 1 рийал бу, цуьнца лерича, и урдо 400 Iамиркин доллар ца кхоччуш бу. Ткъа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен йоIаршна эцна хилла урдо цул а кIеззиг хилла. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Уггар дика урдо уггар аттаниг ду».[1] Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Уггар дика зуда ялор уггар атта хилларг ду».[2] Iумар ибн Ал-ХаттIаба – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Зударийн урдош даз ма де аш, бакъдолуш урдо дуьненахь сийлахьалла а делхьара, йа АллахIана гергахь дика Iибадат а делхьара, цу тIехь шул массерал хьалхе йоккхур ерг а, хьалха хила везарг а Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вара, ткъа цо ша балочу зударшна а, йа бохуьйтучу шен йоIаршна а урдо ца хIоттийра пхи бIе дирхIамал сов. Бакъдолуш, стагана даздо зудчуьнан урдо, цуьнан дагчохь оцу зудчах мостагI хуьлчу хьоле иза волуьйтуш, цуьнга шен зудче олуьйтуш: «Ведаран тIам а тIехь хьан урдона бала безна сан».[3] Цундела, урдо хIотторан суннатех ду иза Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – урдол сов ца даккхар. Имам Аш-Ширбúнийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «Суннат ду урдо пхи бIе дирхIамал сов ца даккхар, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен зударшна а, шен йоIаршна а деллачул сов ца даккхар».[4] Имам Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Ткъа шен йоьIан урдо, массо дикалла шайца йолуш болчу, дика сифаташ хиларца хIокху дуьнена тIехь уггар беза хилла болчу Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – йоьIарийн урдол совдаккха дагадеанарг – иза кхетам боцу, Iовдал стаг ву».[5]
Амма урдонан мах билгалбар а, иза схьаалар а йоьIан а, цуьнан велий (да, ваша, деваша…) волчуьнан а хьакъ ду, иза цара хIоттош бу. Ткъа нагахь санна, оцу йоIа ша маре йахийта цхьаъ векил винехь, оцу векило йоьIаца билгалдан деза урдо мел хIоттор ду.
2) Томана лун ахча. Амма томана луш дерг – иза бусалба дино урдо санна тIедожийна важиб дац, йа суна хаарехь бусалба динан баххашкара схьадаьлла а дац, иза вайна юкъахь лелаш долчу Iадатех ду, чура арайоккхуш луш долу ахча санна. Бусалба динца хьаьжча хIун хьукм ду цуьнан? И ша-дерг цхьаьнатоьхча АллахIа ваджиб динчу урдол сов хила а ца деза иза, зуда яло лууш волчунна хало хила а ца еза цунах, ткъа нагахь санна цунах цунна хало хуьлуш хилахь ца мегаш хуьлу иза лелор. Шен таро йолчо лело мегар долуш ду иза, таро йоцучунна тIедожо а мегар дац иза, вай лакхахь дийцинчу бахьанашна. Оццу бахьанашна, вайн цIера цхьаболчу дешначу наха ца магадо зуда ялочуьнгара урдол совнаха долу даьхни тIедаккхар.
3)Махбечу хенахь хила беза билламаш а, суннаташ а.
Амма махбечу хенахь лело дезачу суннатех ду, зуда еха баьхкинчара шаьш деана гIуллакх дийцале хьалха, шайн къамел дIадолош АллахIана хастам бар а, Элчанна салават диллар а, АллахIах кхерарца весет дар а. Иштта суннат ду, зудчуьнан валийс ша царна жоп луш, АллахIана хастам барца а, Элчанна салават дилларца а, АллахIах кхерарца весет дарца а дIадолор. Уьзза дар суннат ду махбале хьалха (ялор-яийтар къобал деш олург олучу хенахь). Махбечу хенахь биллам бу, бусалба дин тIехь волу шиъ теш хилар а, зудчуьнан валий хилар а. Нагахь санна махбечу хенахь шиъ теш вацахь, йа зудчуьнан валий вацахь, и мах нийса лоруш бац, зуда ялор а нийса лоруш дац. Шина тешал совнаха кхин а масийтта дика стаг хилар дика ду махбечу хенахь. Махбинчул тIаьхьа доIа дар а дика ду, доьзал беркате бар доьхуш. ТIаккха, вай Iедалехь зуда ялориг махбечу воьдуьш товш дац, цундела, и мах нийса хилийта ши агIо ю: 1 – Зуда яло боьлхучу нахана юкъара цхьа стаг шен метта шена махбайта векил во зуда ялош волчо, тIаккха оцу векило махбан беза зудчуьнан валийца; 2 – Зуда схьаяло вахана дешна стаг векил во зудчуьнан валийс, шен меттина оцу зуда ялочуьнца махбан. Вай долчахь дукха хьолехь лелош ерг шолгIа агIо ю, делахь а хьалхарниг гIолий ю шолгIачул а, хIунда аьлча шолгIа агIонца мах беш хилча, цкъа йоI кхечу нехан цIентIе а ялайой, тIаккха махбо кIантаца, ткъа хьалхарчу агIонца махбинчул тIаьхьа бен ара ца йоккху йоI шен цIентIера.
4) Зуда йитинчул тIаьхьа цунна дала деза даьхни – «мутъIахI».
Амма зуда йитинчул тIаьхьа луш болу мах – цуьнан цIе Iаьрбийн маттахь «мутъIахI» ю. И мах а, урдо санна ваджиб бу, Къуръан тIехь Дала тIебожийна бу. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: {Битинчу зударшна (хьакъ ду) пайдане даьхни, юккъерачу мехехь; (и далар) хьакъ ду Делах кхоьручарна тIехь}.[6] И мах хIоккхул бала беза аьлла билгалбина хадийна бац ШарIо, майрачуьнан а, зудчуьнан а барт хилларг бала мегаш ду, амма цаьршинан цхьана меха тIехь барт ца хилахь, къедано билгал бан беза иза, майрачуьнан хьоле а, зудчуьнан хьоле а хьаьжжина. И мутъIахI хIунда дала деза? Иза дала деза зудчуьнан дог тедеш, дIасакъастаран хало яй йеш, дIасакъастар бахьана долуш кхоллаелла оьгIазло лахйеш.
[1] Хьаким, БайхIакъий; СуйутIи – Ал-Албани, «Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир». [2] Ибн Хьиббан; СуйутIи – Ал-Албани, «Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир». [3] Ибн МаджахI; Ал-Албани, «Сохьихьу Ибн МаджахI». [4] «МугIнил-Мухьтадж», 12/450, Имам Аш-Ширбúний. [5] «МаджмýIул-Фатáвá», 194/32, Имам Ибн ТаймиййахI. [6] Сурат «Ал-Бакъарат» 241 айат. |