Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Зуда а, майра а дIасакъаьстинчул тIаьхьа, зудчо ша доьзалхочух ю аьлла. Цо иза аьллачул тIаьхьа, доьзалхо дуьненчу ца волуш дикка хан яьлла (исс-итт бутт баьлла). ТIаккха хиъна, и зуда баккъалла а доьзалхочух хилла ца хилар, иза цхьана наха Iадда дитина долу бер схьа а иэцна, иза шен майрачух шен хилла доьзалхо ву ала гIерташ хилла хилар. Мегаш дуй и хIума? Муха ду ШарIехь цуьнан хьукм?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Уггар хьалха довза деза, хаттарехь хьахийначу хена чохь (исс баттахь) доьзалхо дуьнена чу ца валар и зуда доьзалхочух ца хилла ала бахьана ца хилар. ХIаъ, бакъ ду, исс бутт дукхах долчу хьолашкахь лелаш йолчу юкъара хан ю, делахь а оцу хенал хьалха а, тIаьхьа а хуьлу доьзалхо дуьненчу валар. Доьзалхо дуьненчу валаран уггар кIеззиг хан Iелам-наха ма-аллара ялх бутт ю, уггар дукха хан диъ шо ю.[1] Цундела, нагахь санна зудчо ялийначул тIаьхьа ялх бутт баьлча доьзалхо вахь цу зудчунна йоцу цIе кхолла мегаш дац, исс баттал хьалха винера аьлла. Иштта мегар дац, зудчунна цхьа доцу хIума тIекхолла, доьзалхо хиларан билгалонаш гучуевлчахьана дуьйна, иза дуьненчу валаран хан исс баттал яхлахь, хIунда аьлча цкъацкъа и хан деа шаре йолу дела.  

 

Цул тIаьхьа, нагахь санна и хан а йоцуш, цхьана кхечу агIор билггал билгалдаьлла делахь, и зуда шен майрачух доцу бер цуьнан ду аьлла схьаэца гIерташ хилла хилар, цуьнан хьукм а довзийта деза. Хаттарехь деана долчу кепара, зудчо, баккъалла а шен майрачух доццушехь, цуьнан цIийх а, цуьнан цIийнах а ду аьлла, цуьнан доцу бер схьаэцар хьарам ду масийтта агIор, даккхийчу къинойх хилар а гена дац иза.

Цкъа делахь, и хIума дар ямартло йар а, Iехор а, доцург ду алар а, харц дерг дийцар а хиларна хьарам ду иза. Ткъа оцу хIора къинойх цхьаъ бен цуьнца дацахьара а тоьаш хир дара иза ца мага, уьш масийтта цхьаьнакхетта хилча мел доккха хила деза иза.

ШолгIа делахь, цIийнах а, цIийх а воцург цу шиннах харцонца дIатохар ду иза. Иза а бусалба дино цхьанне агIор тIедуьтуш дац, магош дац.

КхоалгIа делахь, цIийца а, цIийнаца а шайн доцу бер, шайн долуш санна тIе а лаьцна, цунах баккъалла а шайх схьаваьлла доьзалхо санна доьзалхо вар (оьрсийн маттара «усыновление») хьарам дина ду бусалба дино. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь: ×Аш шайн доьзалхой бу бохуш кхийкхош берш шун кIентий бина бац (АллахIа)! Иза аш шайн меттанашца аьлла дош ду. АллахIа бакъдерг бах, Цо нисво (нийсачу) некъаØ.[2] Ткъа, баккъалла а шайн цIийнах схьаваьлла воцу доьзалхо шайн ву алар доьхьал ду АллахIа аьлла долчу оцу дашна, ткъа АллахIан дашна доьхьал дерг хьарам ду.

ДоьалгIа делахь, шен бакъволу да а витина, ша кхечу ден ву бохуш волчух лаьцна пхеа кепара хьадисаш даьхкина: 1 – ялсамане хьарам ю цунна аьлла;[3] 2 – и хIума дар Делан дашна керстдаран цхьа дакъа ду аьлла;[4] 3 – и хIума дечунна АллахIан а, малийкийн а, массо нехан а неIалт ду аьлла;[5] 4 – иза уггар даккхийчу харцлерах а, харцонех а ду аьлла;[6] 5 – и хIума динчунна ялсаманин хьожа йогIур яц аьлла.[7] Ша шен баккъалла а воцучу ден ву бохуш, шена хаа а хууш иштта лелар оццул доккха къа хилар гайтина оцу хьадисашкахь. Ткъа, и хьадисаш стага ша ша кхечу ден ву алар мегаш ца хилар гойтуш ду, зудчо, баккъалла а шен майрачуьнан воццушехь кIант ву алар а юкъадогIу царна, хIунда аьлча, Iелам-наха бах оцу хьадисийн маьIна деш: «Оцу хьадисехь и хIума деш волчо керстадо аларан бахьана цо АллахIана тIе доцург кхоллар ду, со АллахIа хIокху стеган хих кхоьллина ву бохуш харц луьйш санна хуьлу иза. Ткъа АллахIа иза оцу стеган хих кхоьллина вац, кхечунах кхоьллина ву, цундела, АллахIа ца динарг дина бохуш харцо кхуллуш хуьлу иза».[8] Оцу маьIни юкъа йогIу и хIума деш йолу зуда а – АллахIа шен марачуьнан хих кхоьллина ву хIара доьзалхо олий АллахIана тIе харцо кхуллу цо баккъалла а цуьнан воцу доьзалхо цо къайлах тIелаьцча, цундела оцу хьадисашкахь болчу кхерамашна юкъайогIу иза.

И лакхахь йийцина йолу агIонаш йоцург, кхин масийтта вон агIо йогIу оцу гIулкха юкъе, масала, майрачуьнан даьхних ирс оьцу оцу тIелаьцначу доьзалхочо, Далла гергахь иза цо эца мегаш доццушехь; баккъалла а шен йиша йолуш санна нехан йоьIан ган ца мега меженаш а гур ю цунна, нагахь санна оцу майрачуьнан-зудчуьнан тIейогIучу хенахь йоI хилахь.

 

Иштта ду оцу хаттарна жоп.

 

Дала бусалба нах бохамех а, вонех а, зенех а ларбойла.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!


 

 

 

 

 

 

 


[1] Имам Нававийн «Ал-МинхIáдж» жайнин маьIна ден кхо жайна – «Тухьфатул-Мухьтáдж», «НихIáйатул-Мухьтáдж», «МугIнил-Мухьтáдж»; «Кифáйатул-Ахйáр», Такъиййуддúн Ал-Хьисний.

[2] Сурат «Ал-Ахьзáб», 4 айат.

[3] Бухари, Муслим.

[4] Бухари; «Ас-Сунан Ал-Кубрó», Ал-БайхIакъий.

[5] Муслим, Тирмизий.

[6] Бухари.

[7] Ибн МáджахI.

[8] «Фатхьул-Бáрú Шархь Сахьúхьил-Бухáрú», 19\171, Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний.