|
|
|
Ассаламу
Iалайкум
варахьматуллах1и вабаракатух1!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дела реза хуьлда хьуна, Дала диканца бекхам бойла хьуна а!
Ламаз карахь а долуш нанас шен бер дакхийча, цуьнан ламаз карара ца долу. ХIунда аьлча и хIума ламаз карара доккхучу хIуманашна юкъара дац. Ткъа ламаз карара доккху хIуманаш хIорш ду: 1) Бехкечу шина меттех цхьа хIума араялар. 2) Мох арабер боцучу кепара охьахиъна а воцуш наб кхетар. 3) Хьекъалчура валар, вахар бахьана долуш, йа цамгар бахьана долуш, йа цхьа кхин бахьана долуш. 4) Шена яло хьарам йоцучу зудчуьнан чIурах борша стеган чIор Iоттадалар (хIокху хьолехь стеган а, зудчуьнан а шинне а карара долу ламаз, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара). 5) Куьйган чоьхьарчу агIонца (куьйган кераюкъ йолу агIор), адаман бехкеметтигах куьг кхетар, шен бехкеметтиг елахь а, кхечуьнан елахь а, воккхачуьнан елахь а, жимачуьнан елахь а, дийначуьнан елахь а, веллачуьнан елахь а. 6) Когаш тIе «масхь» дина йолу хан чекхялар. 7) Эмкалан жижиг даар.
Iелам-наха ма-аллара, оцу бахьанаша бен кхечу цхьанне а хIумано ламаз дохош дац.[1] Цундела, нагахь санна нана цуьнан бехке меттигах ца Iотталахь, нанас шен кIант вакхийча цуьнан ламаз ца духу. Кхин а ламаз ца духу да йоIах а, ваша йишех а, нуц стун-ненах а, йиши-веши бераш де-нена йиших-веших а, кIента-йоьIа бераш де-нена дех-ненах а Iоттаделча а.
|