|
|
|
Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахI ва баракатухIу! Къаркъа а, АллахIа хьарам дина кхидолу хIума а духкуш йолу туькан чура хIума (бепиг,хи...) эца мегар дуй?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! АллахIа хьарам йина хIума – къаьркъа а, сигаьркаш а, кхийолу хьарам хIуманаш а – юхкуш йолчу туьканара хIума эцар масех кепара ду. 1. Бусалба махкахь бусалба нахана юкъахь волчо, шена оьшург иэца кхин туьканаш йан а йолуш, хьарам хIума юхкучу туьканашкара хIума иэцар ца магадо цхьаболчу Iелам-наха, хIунда иза цунна гIо дар долу дела, ткъа АллахIа вайга вочунна тIехь гIоьнчий ма хила аьлла: [Аш гIо де вовший дикаллийна тIехь, аш гIо ма де вовший вочу хIуманна тIехь],[1] хьарамло лелочуьнца юкъаметтиг хадо а еза дела, мегаш доцучунна инкарло йар важиб а долу дела.[2] Цхьаболчу Iелам-наха ишттачу хьолехь оцу туьканашкара хIума ца иэцар мелехь лору, хьарам ца лору, елахь кхечу туьканара иэца олу.[3] Цхьаболчу Iелам-наха магадо иштта туьканара хIума эца, хIунда аьлча оьцучо оьцург хIумма а хьарам йоцу дела, и хьарам хIума йохкарна цо деш йа дашца а, йа гIуллакхца а цхьа а гIо а доцу дела. Делахь а, нагахь санна хьарам хIума ца юхкуш кхин туька елахь, хьарам хIума юхкучу туьканара хIума иэца ца еза бах цара а, туьканан да вочу хIуманах юхакхетийтархьама.[4] Цул совнаха, магийначерах дукхах болчара, «вочу туьканах» ларвалар гIолий а, дика а ду бах. Цундела, кхиниг йан а йолуш, ишттачу туьканара хIумма а ца иэца хьажа веза бусалба дин лелор алсам долчу меттехь Iаш верг. Бусалба дин лелор гIийла долчу меттехь велахь, Дала мукъа лахь къа хир дац цунна ишттачу туьканара хIума эцча. 2. Бусалба махкахь а воцуш, бусалба нахана юкъахь а воцуш, кхечу махкахь велахь, лакхахь хьахийна болчу цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара, цо оьцург хьарам хIума ца хилчахьана, хьанал ерг иэца мегар ду цу туьканара.[5]
ГIолий хуург сийлахь волу АллахI ву!
22/04/2008
[1] Сурат «Ал-Маидат», 20 айат. [2] «Фатава Аш-Шабакатил-ИсламиййахI», 29058; «Маджаллатул-Бухьýсил-ФикъхIиййатил-МуIасирохI», № 68, 01/07/2005. [3] «Фатава Аш-Шейх ВахIбахI Аз-Зухьайлий». http://www.zuhayli.net/fatawa_p39.htm [4] «Фатава вастишарóт ал-ислам ал-йавм», 9/26; «Фатава Аш-Шабакатил-ИсламиййахI», 20043. [5] «Фатава вастишарóт ал-ислам ал-йавм», 9/26. |