|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Томана луш дерг и хIун ахча ду? Урдона луш болу мах парз бу ШариIатехь (со нийса кхетахь), тIаккха томана луш дерг вайн Элчанан суннат дуй? Йа хIунда бу и томан мах?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Вай долчахь томана лун даьхни – иза бусалба дино урдо санна тIедожийна важиб дац, йа суна хаарехь бусалба динан баххашкара схьадаьлла а дац, иза вайна юкъахь лелаш долчу Iадатех ду, чура арайоккхуш луш долу ахча санна. Бусалба динца хьаьжча хIун хьукм ду цуьнан? И томана ло олий луш долу даьхни ша-дерг цхьаьнатоьхча АллахIа ваджиб динчу урдол сов хила ца деза, зуда яло лууш волчунна хало хила а ца еза цунах, ткъа нагахь санна цунах цунна хало хуьлуш хилахь ца мегаш хуьлу иза лелор. Шен таро йолчо лело мегар долуш ду иза, таро йоцучунна тIедожо а мегар дац иза, вай лакхахь дийцинчу бахьанашна. Оццу бахьанашна, вайн цIера цхьаболчу дешначу наха ца магадо зуда ялочуьнгара урдол совнаха долу даьхни тIедаккхар. |