Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Тоба деш юххехь цхьаъа хила вези тоьшаллийна?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Тоба дечу хенахь юххехь цхьаъа оьшуш вац, йа уллохь теш хилар тоба нийса хиларан биллам а бац. Биллам бац бохург – и ца хилча а тоба дар нийса хуьлу бохург ду.

Шейх Ибн Бáзе – Дала къинхетам бойла цунах – хаьттина хилла:

«Тоба дечу хенахь биллам буй, шахIадат нахана хаза а хезаш далор?». Цо иштта жоп делла цунна: «Массарна хезаш шахIадат далор биллам бац. Тоба дар хир ду айхьа керстадеш (духатухуш) хилларг тIелацарца а, айхьа ца деш Iаддитина хилларг дан дIадолорца а».[1]

Делан лайно шегара даьллачунна тоба дар АллахIана а, цунна а юкъахь йолчу уьйранца доьзна ду, цу юкъагIерта хьашт дац цхьа а. Бусалба динехь, стаг ша дохко а ваьлла, АллахIе шена гечдар дехчахьана, АллахI-Дала Ша гечдеш ду цунна цуьнан къинош, керста-нехан санна мозгIарша гечдеш дац.

Бакъду, цхьайолчу хенахь, теш а волуш дан дезаш хила тарло тоба. Масала, нехан хьакъ галдаккхарна тоба деш делахь, и хьакъ, долчарна юхадерзо деза. Иза юхадерзош уллохь теш хилча дика хила мега цхьайолчу хенахь, делахь а иза билламе дац.

Цхьадолчу хьолашкахь, бусалба нехан паччахьо, йа къедано, йа церан метта волчо тIедожо мега, тоба дечу хенахь уллохь тешаш хилар. Масала, цхьана заманахь, керста-махкахь керста зударий балорхьама цхьана бусалба кегийчу наха килсан чохь керста-дин тIелоцу шаьш аьлла даре дина хилла. И хIума дарца, уьш бусалба динах юхабевлла лору шариIато. ТIаккха, шаьш динчунна дохко а бевлла, бусалба дине юхаберза лиъна царна, шариIатехь ма-дарра шайн зударшца мах а беш. Цаьрца дан дезарг дуьйцуш, Ал-АзхIаран Шейх хилла волчу Iелам-стага Джáдул-Хьаккъ Iалий Джáдул-Хьаккъа иштта жоп делла, церах лаьцна шега хаттар дина волчу пачхьалкхан векална:

«… Шаьш тоба дар гIарадоккхур ду цара, официал даре дарца, цигахь волчу Миср пачхьалкхан векална хьалха. Цкъа доьххьара цаьрга шайн маттаца схьа а алийтина, тIаккха тоьшаллин кехат тIехь дIаяздийр ду, шаьш динчунна а, шаьш аьллачунна а цара тоба а дина, уьш АллахIе а бирзина аьлла; цара тешалла а до аьлла, АллахI воцург кхин дела а вац, Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – АллахIа массо нахана ваийтина Цуьнан элча а ву аьлла; уьш дIакъаьсташ а бу аьлла, Исламана доьхьала долчу дерриге динех; сийлахь-цIена волчу АллахIе цара гечдар а доьху аьлла, Исламан кхетамна а, цуьнан шариIатна а доьхьал долчу шайгара даьллачу хIора дашна а, балхана а».[2]

 

Ткъа дика хуург АллахI ву!

 

07.09.2008


 

[1] Шейх Ибн Бáз, «МаджмýI Фатáвá», 6/298.

[2] Шейх Джáдул-Хьакъ Iалий Джадул-Хьакъ, «Фатáвá Ал-Азхар», 6/41.