|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Тоба дар бохург хIун ду? ХIун маьIна ду цуьнан?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Тоба дар» бохург – иза АллахIе верзар ду. Тоба дар – иза гечдар дехар ду, гечдар дехар – иза тоба дар а ду.[1] Тоба дар – иза лекха хинволчу АллахIе верзар ду, ша шен динехь ледарло ялийтинчул тIаьхьа юха шен дине верзар ду, и ледарло яларна дохко а волуш, кхи шегара иза ялайтур яц аьлла сацам а беш.[2] Тоба дар – иза гечдар дехар хилла ца Iаш, Iесалла Iадйитар а ду, АллахIана муьтIахь хиларе юхаверзар а ду.[3] Тоба дар – иза муьлхха а харц долчу хIуманна тIера нийса долчуьнга вухаверзар ду.[4] Тоба дар – иза АллахIана Iеса хилар Iадда а дитина, Цунна муьтIахь хиларга вухаверзар ду.[5] Тоба дар – иза динехь сийсаз лоруш долчу хIума Iадда а дитина, динехь хастаме лоруш долчу хIуманна тIе верзар ду.[6] Тоба дар – иза АллахIана ца дезаш долчу массо хIуманна – къайлах долчунна а, гучахь долчунна а – тIера юха а ваьлла, Цунна дезаш долчу хIуманна тIе верзар ду, къайлах лелош долчунна а, гучахь лелош долчунна а.[7] Тоба дар – иза шегара дийлинчу къиношна а, Iесаллашна а дохко валар ду, дуьненан пайдана доьхьа а доцуш, зен духатохарна а доцуш, муххале а нуьцкъала а, сийлахь а АллахIа доьхьа.[8] Тоба дар – иза лекха хинволчу АллахIе верзар ду, Иза оьгIаз ваханчеран а, тиллачеран а некъах дIакъастар ду.[9] Тоба дар – иза къа Iаддитар ду, цунах вухавалар ду.[10] Тоба дар – иза йаханчу хенахь шегара даьллачунна дохко валар а ду, хIинцца ша лелош дерг Iаддитар а ду, тIейогIучу хенахь кхи цуьнга воьрзур вац аьлла сацам хилар а ду.[11] Тоба дар – иза синан цIано ю (са къинойх дIацIандар ду).[12] Тоба дар – иза жоьжахатин цIерах кIелхьаравоккхург ду, ялсамани вуьгург а ду.[13] Тоба дар – иза массо адаман кхачамаллин чаккхе ю.[14]
29.08.2008 [1] Имам Ал-КъуртIубий, «Ал-ДжамиI Лиахькамил-Къуръан», 9/3. [2] Шейх Мухьаммад Саййид ТIантIавий, «Ат-Тафсирул-ВаситI», 1/891. [3] Имам Ал-Алусий, «Рухьул-МаIани», 8/141. [4] Шейх Аш-ШаIровий, «Тафсир Аш-ШаIровий». [5] Шейх Мухьаммад Ал-Iусаймин, «Тафсир Мухьаммад Ал-Iусаймин», 4/159. [6] Шейх ИсмаIил Хьаккъи, «Рухьул-Байан», 8/113. [7] Шейх Ал-Мубаракфурий, «МирIатул-Мафатихь», 8/2; Имам Ибнул-Къаййим, «Мадарижус-Саликин», 1/306. [8] Имам Ибн Ал-Муфлихь, «Ал-Адабуш-ШарIиййахI», 1/70. [9] Имам Ибнул-Къаййим, «Мадарижус-Саликин», 1/179. [10] Уьзза жайна, 1/285. [11] Уьзза жайна, 1/182. [12] Шейх IатIиййахI Мухьаммад Салим, «Шархь БулугIил-Маром», 18/11. [13] Имам Абу Хьаййан Ал-Андалусий, «Ал-Бахьрул-МухьитI», 5/202. [14] Имам Ибнул-Къаййим, «Мифтахьу Дарис-СаIáдахI», 1/286.
|