Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Cан цхьа хаттар дара хьога. Тоба нийса муха дан деза яздийр дацара ахь суна? ГIазкхи маттахь аьлча полный инструкци. ХIун ала деза, мосузза ала деза, хIун ламаз дан деза, и ламаз динчул тIаьхьа хIун аят а деша деза. АллахI реза хилла хьуна.

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара: дан ма-деззара тоба муха дан деза? IабдуллахI

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум са ваш! Аллах реза хийла шуна, аш беш болу болх Дала беркате бойла!

Са дехар дара шуьга сайна Товба муха да деза хьехарна. ХIу деша деза, хIу ала деза.

Дела реза хийла, Дала аьтто бойла ! Ларамца Мохьмад

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Тоба дар» бохург – иза АллахIе верзар ду.

Тоба дар – иза гечдар дехар ду, гечдар дехар – иза тоба дар а ду.[1]

Тоба дар – иза лекха хинволчу АллахIе верзар ду, ша шен динехь ледарло ялийтинчул тIаьхьа юха шен дине верзар ду, и ледарло яларна дохко а волуш, кхи шегара иза ялайтур яц аьлла сацам а беш.[2]

Тоба дар – иза гечдар дехар хилла ца Iаш, Iесалла Iадйитар а ду, АллахIана муьтIахь хиларе юхаверзар а ду.[3]

Тоба дар – иза муьлхха а харц долчу хIуманна тIера нийса долчуьнга вухаверзар ду.[4]

Тоба дар – иза АллахIана Iеса хилар Iадда а дитина, Цунна муьтIахь хиларга вухаверзар ду.[5]

Тоба дар – иза динехь сийсаз лоруш долчу хIума Iадда а дитина, динехь хастаме лоруш долчу хIуманна тIе верзар ду.[6]

Тоба дар – иза АллахIана ца дезаш долчу массо хIуманна – къайлах долчунна а, гучахь долчунна а – тIера юха а ваьлла, Цунна дезаш долчу хIуманна тIе верзар ду, къайлах лелош долчунна а, гучахь лелош долчунна а.[7]

Тоба дар – иза шегара дийлинчу къиношна а, Iесаллашна а дохко валар ду, дуьненан пайдана доьхьа а доцуш, зен духатохарна а доцуш, муххале а нуьцкъала а, сийлахь а АллахIа доьхьа.[8]

Тоба дар – иза лекха хинволчу АллахIе верзар ду, Иза оьгIаз ваханчеран а, тиллачеран а некъах дIакъастар ду.[9]

Тоба дар – иза къа Iаддитар ду, цунах вухавалар ду.[10]

Тоба дар – иза йаханчу хенахь шегара даьллачунна дохко валар а ду, хIинцца ша лелош дерг Iаддитар а ду, тIейогIучу хенахь кхи цуьнга воьрзур вац аьлла сацам хилар а ду.[11]

Тоба дар – иза синан цIано ю (са къинойх дIацIандар ду).[12]

Тоба дар – иза жоьжахатин цIерах кIелхьаравоккхург ду, ялсамани вуьгург а ду.[13]

Тоба дар – иза массо адаман кхачамаллин чаккхе ю.[14]

Iелам-наха дийцинчу цу маьIнех девза вайна тоба даран маьIна а, и бохург хIун ду а. Ткъа иза муха дан деза аьлча – оцу дешнаш юкъахь хьахийнарг ду и дан дезарг.

АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:

«Малхбузехьара малх хьалабалале хьалха цхьаммо тоба дахь – АллахIа къобал дийр ду цуьнан иза».[15]  

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«ХIай адамаш! Тоба де АллахIе (дерза Цуьнга), гечдар а деха Цуьнга, бакъдолуш ас хIора дийнахь бIозза тоба а до, АллахIе гечдар а доьху».[16]

АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Стигал хьалакхаччалц дукха гIалаташ шуьгара девллехь а, аш АллахIе тоба дича, Цо къобал дийр ду шуьгара иза».[17]

Тоба дан луург верза веза АллахIе, шен ойланца а, шен дагца а, шегара хьалха дийлинчу къиношна дохко а волуш, хIинца лелош дерш Iадда а дуьтуш, тIейогIу йолчу хенахь лелор дац аьлла сацам а беш, АллахIе шена гечдар а доьхуш.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла «Рийа́дус-Солихьи́н» тIехь:

«Iелам-наха аьлла: «Важиб (парз) ду (бусалба стагана а, зудчунна а тIехь) дерриге къинойх (даккхийчерах а, кегийчерах а, къайлах долчерах а, гучахь долчерах а) тоба дар».
Ткъа нагахь санна (Делан лайно шегара ялийтина) и Iесалла цунна а, лекха хинволчу АллахIана а юкъахь елахь, шеца дозуш кхечу стеган цхьаъа хьакъ доцуш – цуьнан (иза нийса хиларан) кхо биллам бу:

Хьалхарниг: Iесалла Iадйитар, цунах вухавалар.

ШолгIаниг: Ша и Iесалла шегара ялийтарна дохко валар.

КхоалгIаниг: Кхин цкъаъа цу тIе юхавоьрзур вац (и къа кхи до́луьйтур дац) ша аьлла сацам бар.

Нагахь санна оцу кхаа билламах цхьаъ хилла а кхочуш ца хилахь тоба дар нийса ца хуьлу.

Амма нагахь санна и Iесалла адаман хьокъаца йоьзна елахь, цуьнан биъ биллам бу: и хIинцца бийцина кхо биллам а бу, боьалгIа кхи цхьаъ а бу – оцу адаман хьокъах маьрша валар. (Иза муха хир ду аьлча:) нагахь санна и хьакъ даьхни а, и санна долу хIума а делахь – иза долчунна дIадала деза; нагахь санна зина дина аьлла ша цIе кхоьллинехь – йа цуьнан таIзар чекхдаккхийта деза, йа ша цIе кхоьллинарг къинтIера ваккха веза; нагахь санна ша цхьанна гIийбат динехь – ша гIийбат динарг къинтIера ваккха веза.

Тоба массо къинойх дан дезаш ду (важиб ду). Ткъа (бусалба стага) цхьадолчу къинойх бен тоба ца дахь – бакъонна тIехь лаьттачу (Iелам-наха) нийса лору цуьнан тоба дар къаьсттина цу къиношна, делахь а важа долу къинош (тоба даза дерш) тIехь а дуьссу цунна». Чекхдели Имам Нававийс аьлларг.

Цхьаболчу Iелам-наха кхин цхьа биллам а хьахийна кхузахь – тоба дар цIенчу даггара, АллахIа доьхьа хилийтар. И биллам дерриге Iибадаташкахь уггар коьрта берг бу, цундела, иза хьехо ца оьшуш бевзаш хиларна хьахийна хир бац иза Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах а, массо Iелам-нахах а.

 

Амма тоба дечу хенахь цхьа къаьсттина ламаз дан дезий аьлча - Суннатехь деана "тоба даран а, гечдар дехаран а ламаз" ду. Тоба деш хилча и ламаз дар важиб дац, йа и ламаз ца дича тоба къобал ца хуьлу аьлла а дац. ХIетте а, тоба къобал хиларан бахьана ду иза, АллахIе гечдар дехале хьалха Цунна хьасталуш Цуьнан доьхьа Iибадат дар ду иза, гечдар дехарна Цо жоп даларга догдохуш, тоба Цо къобал дарга са а туьйсуш. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьаъа стага цхьа къа латор дац, тIаккха ша и къа латийначул тIаьхьа хьала а гIаьттина цIано а йина (ламаз а эцна),  тIаккха ламаз а дина, тIаккха АллахIе гечдар дехча, АллахIа цунна гечдина бен». ТIаккха цо дешна хIара айат: [(Шайна ялсамани лур йолу, Делах кхоьруш берш бу) шаьш цхьа вон хIума дича, йа шаьш шайна зулам дича, АллахI а хьахийна, шайн къиношна гечдар дехнарш – ткъа АллахI воцучо кхин хьан гечдо къиношна – шайна (иза вон дуй) хуъушехь шаьш динчунна тIехь лаьтташ боцурш].[18]

Тоба даран ламазан куц кхидолу ламазан куц санна ду, кхин хIумма а хийцалуш доцущ. И ламаз дуьйцуш долчу дукхах долчу хьадисашкахь билгалдинарг ши ракаIат ду иза, ТIабаранийс дийцинчу цхьана хьадисеь диъ ракаIат а ду. Цундела, гIолий дерг ши ракаIат дар ду (ши бисмилла, цхьа эттахьиг), луучо диъ ракаIат дан а мегар ду (диъ бисмилла, ши эттахьиг). Ша́ тоба дар оцу ламазал хьалха хилча дика ду, гечдар дехар а, тоба къобал дар дехар а ламазал тIаьхьа хилча дика ду, Дала Шен доьхьа ламаз дича жоп даларга герга долу дела.

 

Амма тоба дечу хенахь деша дезачу а, ала дезачу а хIуманах лаьцна аьлча – къаьсттина цхьа хIума деша деза, ала деза аьлла хIумма а дац тоба дарехь билгалдина. Бакъду, гечдар дехар тоба даран цхьа дакъа хилча, шен маттаца схьа а олуш АллахIе гечдар деха деза. Гечдар хIора стага шен маттахь деха а мегаш ду, цхьайолчу хенахь иштта дехча гIолий хила а мега. Кхузахь, тоба даран ламаз деш волчо оцу ламазал тIаьхьа а, ламаз деш воцучо вуьшта а деша мегар ду «гечдар дехаран эла» цIе йолуш долу доIа, Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) нийса хьадисехь деана долу:

اللَّهُمَّ أَنْتَ رَبِّي لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ ، خَلَقْتَنِي ، وَأَنَا عَبْدُكَ ، وَأَنَا عَلَى عَهْدِكَ وَوَعْدِكَ مَا اسْتَطَعْتُ ، أَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا صَنَعْتُ ، أَبُوءُ لَكَ بِنِعْمَتِكَ عَلَيَّ ، وَأَبُوءُ بِذَنْبِي ، فَاغْفِرْ لِي فَإِنَّهُ لاَ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إِلاَّ أَنْتَ.

"АллóхIумма анта роббú лá илáхIа иллá анта, халакътанú, ва ана Iабдука, ва ана Iалá IахIдика ва ваIдика мастатIаIту. АIýзу бика мин шарри мá санаIту, абýу лака биниIматика Iалаййа, ва абýу бизанбú, фагIфир лú, фаиннахIý лá йагIфируззунýба иллá анта"

МаьIна: «Йа АллахI! Хьо ву сан Эла, Хьо воцург кхин дела вац, Ахь кхоьллина со, Хьан лай ву со, сайн ницкъ кхочучу кепара Хьан ваIд тIехь (Хьуна муьтIахь) ву со, со ларло Хьоьца айса динчуьнан вонах, со къера ву Ахь суна динчу ниIматана, со къера ву сайн къиношна а, ткъа Ахь гечдехьа суна, бакъдолуш къиношна гечдийриг Хьо бен вац-кх».

Оцу доIанца цхьаьне вайн маттахь хьайна ма-хуъу хьайн къиношна АллахIе гечдар а деха, хьайн тоба къобал дар а дехча дика хир ду.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!

29.08.2008 (Жоп карладаьккхина: 06.01.2011)


 

[1] Имам Ал-КъуртIубий, «Ал-ДжамиI Лиахькамил-Къуръан», 9/3.

[2] Шейх Мухьаммад Саййид ТIантIавий, «Ат-Тафсирул-ВаситI», 1/891.

[3] Имам Ал-Алусий, «Рухьул-МаIани», 8/141.

[4] Шейх Аш-ШаIровий, «Тафсир Аш-ШаIровий».

[5] Шейх Мухьаммад Ал-Iусаймин, «Тафсир Мухьаммад Ал-Iусаймин», 4/159.

[6] Шейх ИсмаIил Хьаккъи, «Рухьул-Байан», 8/113.

[7] Шейх Ал-Мубаракфурий, «МирIатул-Мафатихь», 8/2; Имам Ибнул-Къаййим, «Мадарижус-Саликин», 1/306.

[8] Имам Ибн Ал-Муфлихь, «Ал-Адабуш-ШарIиййахI», 1/70.

[9] Имам Ибнул-Къаййим, «Мадарижус-Саликин», 1/179.

[10] Уьзза жайна, 1/285.

[11] Уьзза жайна, 1/182.

[12] Шейх IатIиййахI Мухьаммад Салим, «Шархь БулугIил-Маром», 18/11.

[13] Имам Абу Хьаййан Ал-Андалусий, «Ал-Бахьрул-МухьитI», 5/202.

[14] Имам Ибнул-Къаййим, «Мифтахьу Дарис-СаIáдахI», 1/286.

[15] Муслим.

[16] «Ас-Силсилатус-СохьихьахI», Ал-Албаний.

[17] Ибн МаджахI.

[18] Ахьмад, Тирмизий, Абу Давуд, Насаий, Ибн МаджахI, Ибн Хьиббан, БайхIакъий.