Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Стаг веллачохь кха денахь хIума йаа ца мега аьлла хьадис ду аьллера соьга , шуна хаий и хьадис ?

Дала ял лойла шуна

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Стаг веллачахь кхаа дийнахь яахIума йаа ца мега аьлла хьадис суна гина дац, делахь а цунах лаьцна дийцина дуккха а Iелам-наха шайн жайнашкахь.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла «Ал-МаджмýI» жайни тIехь: «Имам ШафиIийс «Ал-Умм» тIехь а, «Мухтасар» тIехь а аьлларг а, цул тIаьхьа хиллачу цуьнан мазхIабан Iелам-наха аьлларг цхьа барт болуш ду, веллачуьнан гергарчу наха а, цуьнан лулахоша а цуьнан охIлунна яахIума йалар дика (мелехь) ду аьлла. И яахIума йалар, уьш цхьана дийнахь а, буса а бузор болччул хир ду. ШафиIийс аьлла «Мухтасар» тIехь: «Суна дика хета, веллачуьнан гергарчара а, цуьнан лулахоша а цуьнан охIлунна (доьзална) яахIума йалар, цхьана дийнахь а, буса а уьш буьзна хир болччул. Бакъдолуш, иштта яахIума йалар суннат а ду, дикчу нехан гIуллакх а ду»… Вайн Iелам-наха аьлла: «Нагахь санна белхарш деш зударий белахь, царна яахIума кечйар мегар дац, хIунда аьлча иза Iесаллийна гIо дар долу дела». «Аш-Шáмил» жайна яздинчо а, кхечу Iелам-наха а аьлла: «Амма веллачуьнан охIлуно яахIума а кечйина, цу тIехь адамаш гулдар – цунах лаьцна деана хIумма дац, иза дика доцу керлаюкъадаьккхина хIума а ду». Уьш ду «Аш-Шáмил» жайна яздинчуьнан дешнаш. Цунна тешалла ду IабдуллахI кIентан Джарúран – Дела реза хуьлда цунна – хьадис, цо аьлла: «Велларг дIавоьллинчул тIаьхьа, цуьнан охIлу долчахь гул а делла, цара яахIума кечйар мегаш доцу белхар лорура оха». Иза дийцина Хьанбалан кIанта Ахьмада а, Ибн Мáджас а, нийсачу иснáдаца, Ибн Мáджас дийцинчу хьадисехь - «иза дIавоьллинчул тIаьхьа» - боху дош дан а дац». Чекхдели Имам Нававийн «Ал-МаджмýI» жайни тIера къамел.

Имам Нававийн и дешнаш шен жайнахь дийцинчул тIаьхьа, Шайхул-Ислам Закариййá Ал-Ансóрийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Иза дика доцу хIума хилла ца Iаш, хьарам хилар билгал девзаш гуш ду».[1]

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – кхин а аьлла, «МинхIáджут-ТIóлибúн» тIехь: «Веллачуьнан охIлунан лулахоша царна дийнахь а, буса а буззал яахIума кечйар суннат ду, цаьрга юх-юха олуш яахIума яа алар а дика ду. Белхарш дечу зударшна иза кечйар хьарам ду». Оцу дешнийн маьIна динчу Iелам-наха цу дешнашна тешаллийна хьадис дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла, шега ДжаIфар кхелхина аьлла хабар кхаьчча: «ДжаIфаран охIлунна яахIума кечйе, уьш мукъа хуьлуьйтур доцу хIума ду цаьрга деънарг».[2]

Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс – Дала къинхетам бойла цунах – Имам Нававийн лакхара дешнийн маьIна дечу хенахь аьлла: «Веллачуьнан доьзало яахIума кечйар, цунна нах кхайкхархьама – хIинца нахана юкъахь даьржина ма-хиллара – иза дика доцу керлаюкъадаьккхин хIума ду, цунна далар а иштта ду, Джарúрера схьа нийсачу иснадаца деана долу дела: «Велларг дIавоьллинчул тIаьхьа, цуьнан охIлу долчахь гул а делла, цара яахIума кечйар мегаш доцу белхар лорура оха».[3]

Иштта и яахIума йалар мегаш дац аьлла Iелам-наха, стаг дIаволлале а, дIавоьллинчул тIаьхьа а.[4] Сийсаз долу керлаюкъадаьккхина хIума ду аьлла цара, кешнашка яахIума яхьар а, кхоалгIачу дийнахь а, ворхIолгIачу дийнахь а яахIуманна нах гулбар а.[5]

Вай лакхахь дийцинарш уггар бевзаш болчу Iелам-нехан дешнаш бен дац, уьзза маьIна долу дешнаш кхин дуккха-дукха Iелам-наха аьлла ду, ткъа, Делан дин тIехь нисвала луучунна и хьадисаш а, Iелам-нехан дешнаш а тоьаш ду.

 

Дика хуург АллахI ву!

 

 


[1] «Аснáл-МатIóлиб» - «Бабут-ТаIзийахI», Шейхул-Ислам Закариййá Ал-Ансóрий.

[2] Абу Давуд, Тирмизий, Хьаким.

[3] «Тухьфатул-Мухьтáдж» - «Китабул-Джанаиз», Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий.

[4] «Хьашийатул-Джамал» - «Китабул-Джанаиз».

[5] «Ал-Фатáвá Ал-ФикъхIиййатул-Кубрó» - «Бабул-Джанаиз», Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий.