|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Нена ваша теш хIотта мега элар ахь, и ца магош берш буй Iеламнехах? Баркал
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Ал-Мáвардийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Амма дай а, кIентий а боцуш, кхечеран тешалла – вежарий а, йижарий а, церан бераш а санна болчеран а, девежрий а, дейижрий а, церан бераш а санна болчеран а, ненавежрий а, ненайижрий а, церан бераш а санна болчеран а – цара вовший деш долу тешалла къобал деш ду. Ал-АвзáIийс аьлла: «Ас къобал ца до иза, «махьрам» ларалуш мел волчуьнгара». Имам Малика а аьлла: «Ас къобал до цаьргара массо хIуманна тIехь, гергарло билгалдар тIехь доцург…». И ший а мазхIаб гIалат ду, хIунда аьлча, Iумара а, Ибн Аз-Зубайра иза магийна долу дела. Цаьршимма иза магорна резавацар гучу ца даьлла цхьаьнне асхьабашкара, цундела иза цхьабарт (иджмáI) лору».[1] Имам ал-АвзáIийс аьлла ду аьлла, Имам Ал-Мавардийс дийцинчу дешнех схьа гуш дерг – цо ненавешин тешалла къобал деш ца хилар ду, иза а «махьрам» ларалуш волу дела. «Махьрам» бохург – вовший захало дар хьарам хуьлуьйтуш долу гергарло юкъахь долу стаг а, зуда а ду.
Ткъа дика хуург лекха хинволу АллахI ву! |