|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Нена-веши тешалла къобал дой шарIо? Баркалла!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ненавеши тешалла къобал до шарIо, тешаллин билламашца цхьаьна, кхиболчеран тешалла къобал дар санна. Имам Ал-Мáвардийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла цу хьокъехь: «Амма дай а, кIентий а боцуш, кхечеран тешалла – вежарий а, йижарий а, церан бераш а санна болчеран а, девежрий а, дейижрий а, церан бераш а санна болчеран а, ненавежрий а, ненайижрий а, церан бераш а санна болчеран а – цара вовший деш долу тешалла къобал деш ду».[1] Имам Ибн Къудáмас а – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, вежарша вовший ден тешалла къобал деш хилар билгал динчул тIаьхьа: «Девешин а, цуьнан кIентан а тешалла а, ненавешин а, цуьнан кIентан а тешалла а, иштта кхиболчу гергарчийн тешалла а мегаш хила хьалхе йолуш долу, хIунда аьлча шен гергаллехь уллера воллушехь вешин тешалла магийна хилча, гергаллехь цул генара волчуьнан тешар къобал дар гойтуш ду иза».[2]
Ткъа дика хуург АллахI ву! |