Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Лергах 1уьргаш даха, ч1агарш лело мегаш дуй зударшна?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Цхьаболчу Iелам-наха, кегийчу йоIаршна лергах Iуьргаш дахар ца магийна, иштта и хIума дар хьашт доцу лазор а, чов йар а ду аьлла.[1]

Ткъа дукхах болчу Iелам-наха мегаш ду аьлла иза, зударий хазбаларан бахьанех иза цхьа бахьана а долу дела, и чов йар чIогIа а доцу дела, жималлехь даьхча уьш сиха дIа а доьрзу дела, асхьабашна юкъара зударийн лергах ухкуш хIоьзнаш хилла аьлла билггал хууш а долу дела, бусалба дин дале хьалха Iаьрбойн зударша лергашна Iуьргаш дохуш а долуш, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цаьрга уьш ма даха аьлла а доцу дела.[2]

Цундела, зудаберийн лергашна Iуьргаш даха а, зударша чIагарш лело а мегаш ду.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.

 

 

 


 


[1] Иза ца магийна, масала, Имам ГIазалийс а, Имам Ар-Рамлийс а.

[2] «Тухьфатул-Мухьтáж», Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий; «МаджмýIу фатáвá ва росáил Ибн Iусаймúн», Ибн Iусаймúн; «ФикъхIус-СуннахI», Саййид Сабикъ.