Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Теспахь, ламаз ма-динна дакхха деза, я т1аьхьара суннат дина даккха деза? Баркалла.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Тасбихь даккхар дуьйцуш долчу дукхах долчу хьадисашкахь деанарг – тасбихь салам ма-делла даккхар ду, цундела, суннат ду тасбихь салам ма-делла даккхар. Имам Муслима дийцина, Имам АвзáIийгахула, Савбáна – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша шен ламазера ваьлча, кхозза Деле гечдар доьхура, тIаккха олура: «АллóхIумма антассалáму ва минкассалáм, табáракта йáзал-джалáли вал-икрóм». (ХIокху хьадисан «иснáда» юкъахь волчу) Ал-Валúда аьлла: «Ас элира АвзáIийга: «Муха хир ду гечдар дехар?» Цо элира: «Ахь ала: «АстагIфируллóхI, астагIфируллóхI».

ХIокху хьадисан маьIна деш, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «…ламазера ваьлча» бохучунах лууш дерг – салам далар ду».[1]

Тасбихь даккхар суннат ламаз дале хьалха суннат ду аьлла Iелам-наха аларан кхин цхьа бахьана а ду, Имам Муслима дийцинчу хьадисехь, тасбихь юкъара «СубхьаналлахI» а, «АлхьамдулиллáхI» а, «АллóхIу акбар» а алар парз ламазал тIаьхьа деана хилар. Цундела, тасбихь даккхарх лаьцна долчу кхидолчу хьадисашкара - «ламазал тIаьхьа» - аьлла долу юкъара дешнаш Iелам-наха «парз ламазал тIаьхьа» бохучуьнца тидина, лакхара хьадисехь ма-дарра.[2]

Иштта, оцу шина хьадисо а, кхидолчу хьадисаша а гойту, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суннатехь тасбихь даккхар салам ма-делла хилар а, иза парз ламазал тIаьхьа хилар а, суннат ламазал тIаьхьа а доцуш.

Кхин а, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, «Ал-МаджмýI» тIехь: «Барт хилла бу ШафиIийн а, цуьнан (мазхIабера) накъостийн а, кхечеран а – АллахIа къинхетам бойла церах – салам деллачул тIаьхьа лекха хинволу АллахI хьахор «мустахьабб» (суннат, мел болуш) хиларна тIехь. Иза «мустахьабб» ду имамана а, тIаьхьахIоьттина хиллачунна а, ша цхьаъ хиллачунна а, стагана а, зудчунна а, некъахочунна, кхиболчарна а. Кхин а «Мустахьабб» ду салам деллачул тIаьхьа доIа дар, массеран а барт хиларца. Оцу меттигех лаьцна даькхина дуккха а нийса хьадисаш ду, зикр а, доIа а хьахош, ас уьш гулдина «Ал-Азкáр» жайни тIехь». Цул тIаьхьа цо даладо, тасбихьан цхьадолу хьадисаш.

Имам Нававийс лакхахь аьллачух а вайна девза, тасбихь, салам ма-делла даккхар суннат дуй а, хьадисашкахь деанарг иштта маьIна долуш дуй а, иза ШафиIийн мазхIабехь барт хилла хIума дуй а.

Амма, цхьамма тасбихь парз ламазал тIаьхьа а ца доккхуш, суннатал тIаьхьа даккхахь, хIун хуьлу аьлла хаьттича – цунах лаьцна Iелам-нехан тайп-тайпана дешнаш ду, цхьаболчара цуьнан тасбихь кхоччуш меле хир дац, амма нийса хир ду аьлла, вукхара цуьнан тасбихь нийса хир дац аьлла.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!   

 

 


 


[1] «Ал-МинхIáдж – Шархь Сахьихь Муслим», Имам Нававий, 2\370.

[2] «Фатхьул-Бáрú», Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний, 3\250.