Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Къуръан нохчийн матта перевод ян мегаш дуй?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Къуръан кхечу матте гочдар атта хIума дац, из доккха хIума ду. ХIунда аьлча, гочдийриг деза дош ду, сийлахь дош ду, хIокху дуьнена тIехь шел сийлахь кхин хIумма хир доцу хIума ду, Къуръан – иза АллахIан къамел ду. Цундела, вай долчара цхьаболчу дешначу наха магош ца хилла иза гочдар. Иза цара ца магоран бахьана масийтта хила тарло: кхачам боллуш маттана говза ца хилар а, массо нах нийса кхетар болчу кепара гоядан дезаш хилар а, деккъа Къуръан гочдина тоьаш ца хилар а (цуьнца цхьаьна цуьнан тафсир ца хилча динан Iилма доцу нах массо а тайп-тайпана кхета цунах), иштта кхидIа а. Делахь а, вайдолчара цхьаболчу дешначу наха дерриге Къуръан гочдина меттигаш а ю бах (суна сайна мел лехарх дерриг гочдина Къуръан гина дац), Iилманан цхьадолу жайнаш санна. Нохчийн матте Къуръан гочдарх лаьцна, цуьнан халонаш а, цуьнан ша-тайпаллаш а юьйцу Сулейманера Джамболата, вайн меттан йозанах лаьцна яздинчу шен жайнахь, луург цуьнга хьаьжча пайдане хир ду.

 

Ткъа оцу хаттарна жоп делча, иза иштта хир ду: Къуръан гочдан мегар ду – нохчийн а, кхечу а меттанашка – хIокху билламашца:

·    Къуръан гочдийриг дикка ши мотт бевзаш хила веза: Iаьрбийниг а, нохчийниг а, масала. Дикка и ши мотт бовзарна юкъадогIу Iаьрбийн меттан грамматикехь лаккхара дакъа долуш хилар, Iаьрбийн маттара алам дIабешча цунах нийса кхеташ хилар, нохчийн меттан грамматика дикка евзаш хилар, нохчийн меттан – масала – хазаллин агIонаш дикка евзаш хилар. Доцца аьлча шинне а маттаца кхачам боллуш говза хилар.

·    Къуръан гочдийриг бусалба динан Iелам-стаг хилар; бусалба динан коьрта Iилманаш дикка девзаш хилар, кхидолу Iилманаш а Iамийна-дешна хилар; муьлхха а Iилманан жайнаш тIехь таллам бан а, церан маьIнех дикка кхета а, цу юкъара оьшург схьакъасто а корматалла йолуш хилар.

·    Къуръанан маьIна дечу хенахь, схьагуш долчу дешнийн маьIна а ца деш, дерриге айатийн юкъара маьIна дар. Вуьшта аьлча, дашах дош даккха а ца гIерташ, дерриге айатан маьIна а девзина, тIаккха и маьIна шен матта гочдар. Дашах дош доккхуш болу гочдаран некъ маггане а мегаш бац, цу некъо Къуръанан маьIна дохадо дела.

·    Доьшуш верг нийса кхетар воцу меттигашкахь а, кхийолчу оьшучу меттигашкахь а ша яздинарг тидар, цунна билгалдахарш дар, цунна тафсир дар.

·    Къуръанан «мансýх» (хьукм дIа а даьккхина, доьшуш дитина) долу айаташ билгалдар, цу айатийн метта долу айаташ, йа хьадисаш муьлхарш ду билгалдар.

·    Ша гочдинчул тIаьхьа, нахана юкъа арадаккхале, бусалба динан Iелам-нахаца а, меттан Iилманчашца а дагавалар, цаьрга дешийтар.

·    ХIара берриге билламаш чулоцуш биллам бу хIара: доьшуш верг Къуръанан маьIнах нийса кхоьтуьйтур воцучу массо агIонах ларвалар. Лакхахь хьахийна билламаш берриге а хIара биллам кхочуш беш бу дукхах йолчу агIор; цхьа кIеззиг йолчу агIор, гочдарца гIалаташ дахар бахьана долуш Делан къамел харцахьадаккхаран къинойх гочдархо ларвеш а бу.

 

ХIокху билламех доьххьарлера ах билламаш муьлхха а бусалба жайна гочдеш кхочуш хила беза билламаш бу, Къуръан гочдеш хилла ца Iаш. И билламаш кхочуш хуьлуш бацахь, доккха гIалат доцуш вуьссур вац. Муха вуьссу, и массо биллам кхочуш хилча а, стаг гал ца волуш вуьссуш ца хилча?!