|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Масех хаттар дара сан, таравихь ламазех лаьцна, цхьацца цакхетамаш сай болу дела. Хьай ницкъ ма кхоччу ахь сиха жоп делча, доккха гIулкх дора ахь, хIунда аьлча и таравихь ламаз, къаьсттина мархин баттахь да деза аьлла дешнера ас кху чохь, цундела хIокху безчу мархи баттахь и таравихь ламаз дан лууш яр со. Дала шен доьхьа яздойла ахь хьоьгаш долу къа!!! Сан хаттар: 1. Вай цIахь, марха дости, хIума кхолли, терхье гIора божри, ткъа и таравихь ламаз (терхьа ламаз) маьркIижа ламаз динчул тIехьа дора цара цигахь маьждигехь, тIаккха пхьуьйра ламаз дой цIа багIара уьш, со гал ца яьллехь. Амма ас кху чохь дийшира, и таравихь ламаз (терхьа ламаз), пхьуьйра хан дIаяьллачул тIаьхьа, Iуьйра ламаз хан хиллалц дан мегаш ду аьлла. Вай цIахь болчара нийса деш ца хилла и таравихь ламазаш йа со нийса ца кхеташ хIума ду цигахь? 2. Нагахь санна и таравихь ламаз кху чохь ма яз дарра, пхьуьйра хан дIа яьлча, Iуьйра ламаз хан хиллалц дан мегаш делахь, и муха дан деза дуьйцар дарий ахь, мац ракаIат хила дезаш ду, муьлха сураташ тIера аяташ деша дезаш ду, ният муха дан деза, муьлхачу хенахь дан деза и.кх.д... (кху чохь муха дан деза и таравихь ламаз дийшира ас, амма со дика кхета ца кхийтира цунах, цундела мелла со кхетан йолчу агIор атта яздар доьха ас хьоьга). 3. Кхин а дешнера ас и ламаз маьждигехь жамаIатехь дича дика ду аьлла, амма са маьждиге яхар нис ца ло, цундела хаа лууш яра со, ас и ламазаш сайн чохь сайн доьзалшци цхьаьна жамаIатехь дан мегар дуй? 4. Кхин а дешнера ас, имамана тIаьхьахIоьттина, цуьнца 8 ракаIат таравихь ламаз динчунна, са хиллалц ламаз динчунна санна мела бу аьлла, цундела кхи цхьа хаттар дара сан, ас и таравихь ламаз масала сайн чохь жамаIатехь деш хилча, сайн божабера хьалха даккха мегар дуй ас, цунна тIаьхьа хIоьттина ламазаш дан, йа со соййа хьалха яла мегар ду, и иштта дича имамана тIаьхьа хIоьттина дича санна мела хир буй? 5. Кхи а дешнер ас кху чохь, Витр ламаз цхьана буса 1 бен дан мегаш дац аьлла, иза а, таравихь ламазал тIаьхьа деш хуьла аьлла. ТIаккха и иштта хилча, и Витр ламаз хIун ламаз ду, и маца деш хуьла дуьйцар дарий ахь? 6. Кхи цхьа хаттар дар сан, хIунда аьлча ас лакхахь ма яз дарра, и Витр ламаз цхьана буса 1 бен дан мегаш дац, тIаккха ойла кхоллаелира сан, и таравихь ламаз доцург кхин а тахIаджуд ламазаш дан мегаш дуй те аьлла мархи баттахь. И тахIаджуд ламаз дан мегаш далахь, и муьлхачу хенахь дан деза? Мел хан йола еза оцу тахIаджуд ламазана а таравихь ламазана юккъе? 7. Кхин а цхьа хаттар дара сан, хIун башхало ю, оцу таравихь ламазна а оцу тахIаджуд ламазна а юккъахь??? 8. Кхи а цхьан дехар дар сан хьоьга, Къуръан тIера 32-гIа сурат Ассаждат, 67-гIа сурат Алмулк (Табарак) яздийр дарий ахь кху чу?! Сийлахь вола АллахI реза хуьлийла хьуна, ахь Шен доьхьа хьоьгуш долу къа мелехь яздойла Цо, Шен къинхетам бинчу тобнах войла цо хьо а, массо бусулба стаг!!!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1. Со цIахь волчу хенахь, таравихь ламазашна тхо маьждиге доьлхура пхьуьйра ламазан хан хила герга йахча, тIаккха жамаIатца пхьуьйра ламаз а дой, тIаккха цул тIаьхьара суннат а дой, тIаккха таравихь (терхь) ламазаш дора. Иштта хир ду и ахь дуьйцуш дерг а, цхьажимма нийса кхетта хир яц хьо цу хенах. ТIаккха, ахь хIокху сайта тIехь дешнарг – пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа дуьйна Iуьйра хан хиллалц аьлла хила дезаш, пхьуьйра хан дIаяьллачул тIаьхьа дуьйна аьлла а доцуш. ХIунда аьлча, пхьуьйра хан дIаяьлча аьлча – йа буьйса юкъал тIехяьлча хила деза иза, йа данне далур доцуш хила деза иза, хIунда аьлча пхьуьйра ламаз дан мегаш йолу хан цхьаболчу Iеламнаха буьйса юккъе йахарца чекхйолу аьлла, вукхара иза Iуьйра хан хиллалц ю аьлла.
2. Таравихь ламазан хан
пхьуьйра ламазал тIаьхьа дуьйна Iуьйра ламазан хан кхаччалц ю. ГIолий дерг и
ламаз пхьуьйра ламазал тIаьхьа маьждигехь жамаIатца дар ду. Маьждигехь
жамаIатца дан ца лаахь, йа аьтту ца балахь, шен чохь ша́ цхьамма дан мегаш а
ду иза, шен чохь болчаьрца жамаIатца дан мегаш а ду иза, пхьуьйранна а
Iуьйранна а юкъахь. Къаьсттина дешча дика ду аьлла сураташ дац таравихь ламазехь, делахь а хуучо хIора буьйсанна Къуръанан цхьа дакъа доьшуш чекхдаккхар дика ду, мархин баттахь дерриге Къуръан дешна чекхдалийтархьама. Оццул деша хала делахь, йа ца хаахь – хьайна луъу сураташ деша мегар ду фатихьатал тIаьхьа. КхидIа долу хIума массо хIума вуьшта ламазехь санна деш ду. ТIаккха, цхьаболчара оцу ламазашна юкъахь олуш цхьацца дешнаш ду, уьш ца аьлча а гIалат дац, ламаз нийса хуьлуш ду. Нагахь санна хьой ца кхеташ хIума диссинехь – язде, Дала мукъа лахь кхечу кепара кхето хьовсур ду вай. 3. ХIокхул хьалха долчу жоьпера девза хьуна хIокху хаттарна жоп – мегар ду, Дала мукъа лахь. 4. Божа бер хьалха даккха мегар ду, Дала мукъа лахь. Делахь а хьо божаберана хьалха ера яц, хIунда аьлча жамаIат ламаз дечу хенахь зуда зударшна бен имам хила йиш яц, нагахь санна шуна юкъахь божабер делахь – иза хьалхаваккха веза. ЖамаIатан мел а хир бу шуна, Дала мукъа лахь. Ткъа оцу ахь дуьйцуш долчу хьадис кIел догIур дуй шу аьлча – цунах лаьцна хадам боллуш хIума ала ца хаьа суна, делахь а Делан къинхетам боккха бу, Цо Шегара ял йоцуш дуьтур дац шу, Шен комаьршаллийца. 5. Витр ламаз – иза пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа, цул тIаьхьара суннат ламаз динчул тIаьхьа деш долу ламаз ду. Мархин баттахь таравихь ламазаш дар дика долу дела, церал тIаьхьа до иза мархин баттахь. Иза уггар кIеззагниг цхьа ракаIат ду (иштта цхьалха иза долу дела олуш ду цунах Iаьрбийн маттахь «витр» - «цхьалха»), уггар дукханиг цхьайтта ракаIат ду. Шена луучо цхьа ракаIат дан мегар ду иза, цул тIаьхьа эттахьиг а дешна, салам а луш, делахь а цхьа ракаIат дина Iаддитар гIолий долчух дац. Шена луучо кхо ракаIат дан мегар ду, йа пхиъ, йа ворхI, йа исс, йа цхьайтта дан а мегар ду. Цхьаннал сов деш хилахь, хIора шина ракаIатал тIаьхьа эттахьиг дешар гIолий ду, тIаккха тIаьххьарчу цхьана ракаIатал тIаьхьа а эттахьиг доьшур ду. Лаахь, тIаьххьара ракаIат динчул тIаьхьа бен кхин юкъахь эттахьиг а ца доьшуш дан а мегаш ду иза. КхидIа дерг муьлхха а кхидолу ламаз санна ду. Витр ламаз мархин баттахь таравихьал тIаьхьа деш хилча жамаIатца дар гIолий ду, кхидолчу беттанашкал ша́ цхьамма дича гIолий ду. 6. Витр ламаз динчул тIаьхьа тахIаджуд ламаз дан мегаш ду, хуьлийла иза мархин баттахь йа кхидолчу деношкахь. Цхьа хIоккхул хан йолаеза аьлла хIума дац таравихь ламазана а, тахIаджуд ламазана а юккъе. Ткъа тахIаджуд ламазан хан ерриге буьйса ю, хьой дIа а йижина хьалагIаьттинчул тIаьхьа муьлхха хенахь дан мегаш ду иза. Делахь а цуьнан уггар гIолий йолу хан шина кепара йийцина ю Iеламнаха – цхьаболчара буьйсанан тIаьххьара кхоалгIа дакъа ду аьлла иза, цхьаболчара буьйса ялх декъе екъча доьалгIа а пхоьалгIа а дакъа ду аьлла. ДIаюьжуш ца хилахь цу шина хенах цхьахайолчунна чохь дийр ду иза, дIайижина хьалагIаьттича а цу шина хенах цхьахайолчунна чохь дича гIолий ду, лаахь муьлхха кхийолчу хенахь дан мегаш а ду. Цундела, мархин баттахь таравихь ламазаш маьждигехь жамаIатца деш хилча, цуьнца цхьаьна витр ламаз дар гIолий ду, тIаккха хьайна лаахь оцу шина хенахь цхьанна чохь хьайна луучул тахIаджуд ламаз дийр ду ахь. Амма таравихь ламазаш ахь хьайн цIахь деш хилахь, нагахь санна хьо тахIаджуд ламаз дале хьалха дIаюьжур елахь – витр таравихьел тIаьхьа дар гIолий ду; нагахь санна тахIаджуд ламаз дале хьалха хьо дIаюьжур йолуш яцахь – витр ламаз таравихь ламазел тIаьхьа а ца деш, тахIаджуд ламазал тIаьхьа дан дIататтар гIолий ю. Иза гIолий дерг ду, хьайна лаахь иштта а, вуьшта а дан мегаш а ду. 7. Таравихь ламаз къаьсттина мархин баттахь деш долу бархI йа ткъа ракаIат ду, хIора ши ракаIат дIадаьлча салам а луш. ТахIаджуд ламаз къаьсттина мархин баттахь деш дац, мархин баттахь а, кхидолчу деношкахь а дан мегаш ду. ТахIаджуд ламаз уггар кIеззиг дерг ши ракаIат ду, уггар дукха дерг дан а дац, хIора ши ракаIат дIадаьлча салам далар важиб а дац. Иштта и башхаллаш ю цаьршина юкъахь – хенаца йоьзна ерг, ракаIаташца йоьзна ерг а, салам даларца йоьзна ерг а. Ниййатца а ю цаьршинна юкъахь башхула – ниййат дечу хенахь таравихь ламаз билгалдан дезаш ду «таравихь» ламаз аьлла, ткъа тахIаджуд ламаз деккъа «суннат ламаз» аьлла ниййат дича а мегаш ду, «Iуьйкъа ламаз» аьлла дича а мегаш ду, «тахIаджуд» аьлла дича а мегаш ду. 8. Лераме йиша, ахь бохучух со нийса кхеттехь, и ши сурат ахь вайн маттахь транскрипцица язде боху. Бехк ца биллар доьху ас хьоьга и шиъ яздан сан хIинца аьтту ца хиларна. Цул совнаха, цхьаболчу Iеламнаха дика лоруш а дац иштта Къуръан яздар. Цундела, хIокху мархин баттах бахьана а дей, Iаьрбийн маттахь Къуръан деша Iамо сацам бехьа хьайна. Хьайн диссинчу дахарехь кхочуш ца йича ца йолуш йолу Iалашонех цхьаъ хилийта хьажахь хьайна Къуръан деша Iамор. Хьуна боккха ме́л болуш хIума хир ду хьуна иза, АллахI реза хирволу бахьана а хир ду хьуна иза. Дала аьтту бойла хьан цу гIулкха тIехь, кхидолчу массо дикчу гIулкха тIехь а! Дела реза хуьлда хьуна! Ткъа дика хуург АллахI ву! 02.08.2011 = 02.09.1432
|