Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Вай цIахь терхь ламазашна юкъахь деш долу теспахьаш мичара схьаэцца ду, лело мегаш дуй уьш?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Суна хаарехь, вайн цIахь терхь ламазашна юкъахь иштта хIара зикр доьшу:

 

  1. Ассолату джамиIахI.

  2. Ла хьавла, ва ла къуввата илла биллахIил-Iалиййил-Iазим.

  3. АллохIумма солли Iала Мухьаммад, ва Iала али Мухьаммад, ва саллим.

  4. АллохIумма инна насъалукал-джанната, ва наIузу бика минаннари йа АллахI.

  5. СубхьаналлохI, валхьамду лиллахI, ва ла илахIа иллаллохIу валлохIу акбар, ва ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIил-Iалиййил-Iазим.

  6. СубхьаналлохIи Iадада халкъихIи, ва ридо нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидада калиматихI.

 

 Амма доьххьаралераниг… Бухарис а, Муслима а дийцина, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  заманахь бутт лаьцначу хенахь, (ламазе) кхайкхинера аьлла, «Ассолату джамиIахI» аьлла. Муслима дийцинчу хьадисехь а ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бутт лацаран ламазана иштта кхайкхам байтира аьлла. Цу тIе а доьгIна, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – дика лерина, жамаIатца деш долчу суннат ламазашна иштта и кхайкхам бар, азан а, къамат а даран меттана. Цо – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – парз ламаз доцучунна зана а, къамат а дайтина аьлла девзаш дац. Муххале а, ЗухIрийс дийцарехь, азан дечуьнга «Ассолату джамиIахI» олуьйтуш хилла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шина Iийд-дийнахь. Парз ламаз доцунна азан деш дац, иштта къамат а деш дац. Амма Iийд-ламазаш а, мал-бутт лацаран ламаз а, рамадан беттан буьйсанашкахь ден ламазаш а – суна дика хетарг цу хенахь «Ассолату джамиIахI» алар ду. Ткъа иза ца аьллачунна а вон хIумма а дац, дика дерг дитар доцург».[1] ШафиIийн мазхIабера, тIаьхьа хилла болчу Iелам-наха и ши дош хIора тархь ламазал хьалха аьлча дика ду а аьлла.[2]

 Амма шолгIаниг – Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ла хьавла, ва ла къуввата илла биллахI» дуккха а баха аш, бакъдолуш иза ялсаманин хазнех цхьа хазна ю шуна».[3] И дешнаш дерриге а чулоцуш долуш, уьзза маьIнийца деана кхин хьадис а ду. ТIаккха, къамат меттана «Ассолату джамиIахI» олуш хилча, къаматана жоп луш олуш санна хIокхунна а иштта жоп луш, «Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахI» алар дика ду аьлла, тIаьхьа хилла болчу цхьаболчу Iелам-наха.[4] Цундела олуш хила тарло хIара дешнаш.

 Амма кхоалгIаниг – иза салават диллар ду. Цуьнан дозалла вайна девза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьллачу цхьана дашца: «Суна цкъа салават диллинчунна АллахIа иттозза салават дуьллур ду».[5]

ТIаккха, таравихь ламазашна юкъахь салават дилларх лаьцна деана ду Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийга – Дала къинхетам бойла цунах – дина хаттар а, цо делла жоп а.

Хаттар: «Таравихь ламазашна юкъахь салам деллачул тIаьхьа Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават диллар суннат дуй, йа бидIат ду иза?».

Жоп: «Къаьсттина оцу меттехь салават дилларх лаьцна суна гина дац суннатехь (хьадисашкахь) хIумма а, иштта гина дац вайн Iелам-нехан къамела юкъахь а. Цундела, нагахь санна иштта салават дуьллучо иза къаьсттина оцу меттехь (тархь ламазашна юкъахь) диллар суннат ду аьлла дуьллуш делахь иза бидIат ду, иза ца маго дезаш а ду цунна. Ткъа иза къаьсттина цу меттехь диллар суннат аьлла хеташ а воцуш дуьллуш велахь, салават диллар массо хенахь а суннат ду аьлла, иштта делахь мегаш ду иза дилла. И меттиг салават дилларца къастош даьхкина цхьадолу хьадисаш ду, делахь а уьш цунна тешалла хила тоьаш хьадисаш дац».[6]

 Амма доьалгIаниг – Абу Давуда дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стаге хаьттинчу хенахь, - «ламазехь хIун до ахь?» - аьлла, цо ша ташаххIуд дешначул тIаьхьа до аьллачу доIийна юкъахь деана и доIа. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дика лерина цо и доIа дар. Ткъа иза таравихь ламазашна юкъахь дар хьахош гина дац суна цхьамма а.

 Амма пхоьалгIаниг – оцу зикран дозалла дуьйцуш даьхкина хьадисаш ду, цхьана хьадисехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана асхьабе иштта и зикр де аьлла хилла ду.[7] Иза къаьсттина таравихь ламазашна юкъахь дарх лаьцна цхьа а Iелам-стага хIумма а хьахош гина дац суна.

 Амма ялхолгIаниг – Имам Муслима – Дала къинхетам бойла цунах – дийцинчу хьадисехь деана ду, Джувайрийата – Дела реза хуьлда цунна – дийцинарг, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша йолчура Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа ара а ваьлла, тIаккха малх хьалабаьллачул юха чувеара аьлла, ша маьждиг чохь хиъна а йолуш. ТIаккха цо цуьнга хаьттина хилла: «ХIинца а со хьайх къаьстачу хенахь хьой хиллачу хьолехь Iаш ю хьо?». Цо жоп делла: «ХIаъ». Цо аьлла тIаккха: «Вайшиъ дIасакъаьстинчул тIаьхьа ас диъ дош элира кхозза, Iуьйранна дуьйнна тахана ахь аьллачу зикраца уьш оьзча, уьш церал а совдевр долуш долу: «СубхьаналлохIи ва бихьамдихI, Iадада халкъихI, ва ридо нафсихI, ва зината IаршихI, ва мидада калиматихI». Оцу хьадисехь оцу дешнийн доккха дозалла ду дуьйцуш. Ткъа уьш къаьсттина таравихь ламазашна юкъахь алар хьахош гина дац суна цхьамма а.

 

 Цул тIаьхьа… И дешнаш ала мега йа ца мега аьлча – доьххьаралера дош хьалхара тархь ламаз дIадолош алар дика хилар Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах –  довзийтина, цундела иза билгал ду. Иза хIора тархь ламазал а, жамаIатца дечу витр ламазал а хьалха алар, тIаьхьа хилла болчу цхьаболчу Iелам-наха аьлла ду, ткъа цхьаболчара иза хIора ламазал хьалха алар бидIат лору. Цундела, олучо аьлча а хIумма а дац, ца олург – Имам ШафиIийс ма-аллара – вон хIума деш а вац.

ШолгIа дешнаш алар а цхьаболчу Iелам-наха хьахийна ду, цундела иза лакхахь дерг санна ду. Делахь а, и дешнаш аьлча дика ду аьлла болчу Iелам-наха, уьш моллано ала деза аьлла дац, муххале а «Ассолату джамиIахI» олуш хезначо ала деза аьлла ду, вуьшта аьлча хIораммо ша-ша ала дезаш ду, цундела иза моллано ала дезаш дац, луучо хIорамма а ала мегаш ду.

КхоалгIа дешнех – салаватах – дерг вайна девзина лакхахь Имам Ал-ХIайтамийс деллачу жоьпах. Къаьсттина таравихь ламазашна юкъахь салават диллар суннат ду, йа дика ду аьлла дуьллуш делахь дика хIума дац иза, муххале а мегаш доцу бидIат ду иза. Ткъа хIораммо а ша-ша дуьллуш салават дилла лаахь, къаьсттина оцу меттехь диллар суннат ду аьлла а ца хеташ, тIаккха мегар ду иза, дика а ду иза.

ДоьалгIа а, пхоьалгIа а, ялхолгIа а дешнаш салават диллар санна ду, цунах лаьцна Имам Ал-ХIайтамийс деллачу жоьпаца дуьстича. Цундела, нагахь санна, таравихь ламазашна юкъахь и дешнаш алар суннат ду моьттуш, йа къаьсттина цу юкъахь уьш аьлча мел бу моьттуш олуш делахь иза дика хIума дац, иза вон бидIат ду. Ткъа, таравихь ламазашна юкъара хан эрна ца яхийта зикр дан лууш волчо, йа ламазал тIаьхьа доIа дар деза долу дела, хIора ламазал тIаьхьа доIа дан луучо, йа и зикр массо хенахь а дар деза долу дела, дан луучо иза дича – иза оцу меттехь дар къаьсттина дика ду аьлла хеташ а воцуш – иза дика хIума ду, мелехь хIума ду.

Суннатехь деана доцу и дешнаш имамо а, моллано а нахана хьалха алар дика хIума ца хилар а, иза вон хилар а довзуьйтуш, Имам Ал-ХIайтамийс аьлларг доцург кхин а Имам Ибнул-Хьáдджа аьлла дешнаш а ду – Дала къинхетам бойла цунах – : «Ларвала веза, таравихь ламазашкахь хIора салам мел ло деш долчу керла юкъадаьккхинчу зикрах а, цуьнца аьзнаш ийдарх а, цхьана озаца иза аларх а, бакъдолуш иза дерриге керлаюкъадаьхначу хIуманех (бидIатех) ду».[8]

 

 

 


[1] «Ал-Умм», 1\102, Имам ШафиIий.

[2] «НихIайатул-Мухьтáдж», 3\338, Имам Ар-Рамлий.

[3] Ахьмад, .

[4] «Хьашийатул-Джамал» - «Бабул-Азани вал-ИкъомахI»; «Хьавáши Аш-Ширваний», 1\461.

[5] Муслим.

[6] «Ал-Фатавал-ФикъхIиййатул-Кубрó»,  Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий.

[7] Абу Давуд.

[8] «Ал-Мадхал», 2\457, Имам Ибнул-Хьáддж.