Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ассаламу Iалайкум бусалба вежарий! Суна Iелам-стаге жоп хатта лаьа.

Нагахь санна зудчуьнга дагахь доцуш «мокъа ю хьо» аьлча хIун дан деза? Зуда йита лууш аьлла дацара иза, ца хууш сихвелла аьлла дара.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Iелам-нах вай дацахь а, Iелам-наха цу хьокъехь хIун аьлла хьовсур ду вай, Делан пурбанца.

Iелам-наха дийцарехь, зуда йитаран маьIна долун дешнаш шина тайпана ду:

1. Леррина зуда йитархьама олуш долуш дешнаш ду, къаьсттина зуда йитарна хIиттийна долу.

И дешнаш аьлча, уьш мухха аьлла делахь а зуда йитина лоруш ю. Забаренна аьлла делахь, баккъалла а аьлла делахь а, йитар лууш аьлла делахь а, ца лууш аьлла делахь а, и дешнаш аьлча зуда йитина лору.

Iаьрбийн маттахь и дешнаш Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – кхоъ ду бах: «аттIолáкъ» (йитар), «алфирóкъ» (къастар), «ассарóхь» (мокъа яккхар).[1]

Iаьрбийн маттара «аттIолáкъ» (йитар) бохучу дешан маьIна кхечу маттахь гочдина олуш хилахь – иза а леррина зуда йитаран дош хуьлу.[2]

Амма «алфирóкъ» (къастар) а, «ассарóхь» (мокъа яккхар, паргIат йитар) а кхечу маттахь гочдина олуш делахь – и шиъ леррина зуда йитаран дешнаш ца хуьлу.[3]

Ткъа вайн маттахь а къаьсттина зуда йитарна гIарадаьлла лелош долу дош «йитина» боху дош ду.

2. Лакхахь долу дош санна, леррина зуда йитарна дехкина а доцуш, делахь а зуда йитаран маьIна шайца хила йиш йолуш долу дешнаш ду.

Церан масала ду «маьрша ю хьо», «хецна ю хьо», «паргIат ю хьо», «дIайало хьайн цIа гIо», «йало дIагIо», «мокъа ю хьо», «Iадвита со», «гена яла суна», иштта и санна долу дешнаш.

Иштта дешнаш, нагахь санна зуда йита а лууш аьлла дацахь иза йитина лоруш яц, нагахь санна зуда йита ниййат а долуш аьлла делахь – тIаккха йитина лору иза. Вуьшта аьлча, оцу кепара долу дош аьллачуьнан ниййат а, лаам а хIун бара хьажа веза. Зуда йита лаам болуш аьллехь – йитало иза, лаам боцуш аьллехь – ца йитало.[4]

Ткъа, вайн маттахь, схьагучу суьртехь, къаьсттина зуда йитарна диллина лелон дош «йитина» бохург ду, иза доцург леррина зуда йитаран дош кхин дан а дац.

Цундела, зудчуьнга «ас хьо йитина» аьлча – иза йитина лоруш ю, йита лаам хиллехь а, ца хиллехь а.

«Йитина» боху дош а доцуш, муьлхха а кхидолу дешнаш аьлча, хьажа веза, зуда йита лаам болуш аьлла ду уьш йа дац. Зуда йита лаам болуш, ниййат долуш аьлла делахь – зуда йитина лору, дацахь – ца лору.

Иза билгалдаьллачул тIаьхьа, цигара схьа хьан хаттарна жоп а девза: ахь ма-аллара, ахь хьайн зудчуьнга ца хууш, сихвелла, йитар дагахь доцуш «мокъа ю хьо» аьлла, иштта ахь аьлча хьан зуда йитина лоруш яц.

 

Ткъа дика хуург АллахI ву!

 

 

30.08.2008


 

[1] Имам Ан-Нававий, «МинхIáжут-ТIóлибúн», 339.

[2] Уьзза жайна.

[3] Имам Аш-Ширбиний, «МугIнил-Мухьтáж», 3/281; Имам Ар-Рамлий, «НихIáйатул-Мухьтáж», 6/429.

[4] Уьзза жайнаш.