|
|
|
Парз ламаз динчул тIаьхьа тасбихь доккхуш субхьаналлахI, алхьамдулиллахI, аллахIу акбар олуш суьлхьанаш лело меги, йа кхин дийнахь деш долу зикар деш? Цунах хаа лаара суна, цхьаболчара мега олуш хезна суна, вукхара бидIат ду бохуш хезна, цунна ахь тхуна само йича, хьуна хьа́лха АллахIера йа́л хир йара, шолгIа тхоьгара баркалла хир дара. Дала къинхетам бойла шен дин толо гIерташ къахьоьгуш болчу бусалба нахах. Ларамца, хьан дин ваша Муслим.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Цхьаболчу Iелам-наха суьлхьанаш лелор ахь хьайн хаттарехь ма-аллара бидIат ду аьлла, ткъа, бидIат бохург - Iибадатехь керла юкъа даьккхина хIума ду, шариIатехь шен бух боцуш долу. Суьлхьанашца Дела хьахор мегаш хилар гойтуш долу хьадисаш а, асхьабашкара дийцарш а нийса ца хетта хIокху Iелам-нахана. Уьш шайна гергахь нийса ца хилча, суьлхьанаш шаьш Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лелийна а ца хилча, уьш лелор бидIат ду аьлла цара. И бохург уьш лело мегаш дац бохург ду. Иштта аьлла болчу Iелам-нахах вайн заманахь хиллачерах ву Шейх Ал-Албаний а, Шейх Бакр Абу-Зайд а, Дала къинхетам бойла цаьршиннах. Шейх Бакр Абу-Зайдан цу хьокъехь яздина жайна а ду, «Суьлхьанаш – церан терахь (уьш схьадовлар) а, церан хьукм» а. Цу жайни тIехь цо дийцина суьлхьанаш доьххьара бусалба наха лелош хилла ца хилар а, уьш Индехь Бу́зин дин тIехь болчара а, брахмахоша а лелийна хилар, цул тIаьхьа уьш цаьргара керстанашка (христианашка) сехьа а девлла, цара а лелош хилар, цул тIаьхьа уьш бусалба нахе сехьа девлла хилар а.[1] Цул совнаха, цу жайни тIехь цо теллина суьлхьанаш магор гойтуш долу хьадисаш, ткъа церан массеран иснад цунна нийса ца хетта, Шейх Ал-Албанийна санна. Цундела цаьршимма уьш лело мегаш дац аьлла. Хьалхалера а, таханлера а дукхах болчу Iелам-наха суьлхьанашца тасбихь дар а, кхидолу зикр дар а мегаш ду аьлла, иза бидIат дац аьлла, суьлхьанаш лелор къа дац аьлла. Цу хьокъехь цара дуккха а жайнаш а яздина. Масала, Шейх Бакр Абу-Зайда бах, суьлхьанех лаьцна хьалхалера Iелам-наха яздина шийтта жайна карийна шена, уьш дерриге а суьлхьанаш мегаш хилар гойтуш а ду. КхидIа, уьш магош боцучеран тешалла дийцаре терра, вай дуьйцур ду хIокху шолгIачеран тешаллаш а, церан дешнаш а. ² СаIд ибн Аби Ваккъо́са – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, ша Делан Элчанца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьа зуда йолчу чу ваханера аьлла. Шаьшшиъ чоьхьа ваьлча, иза Iаш йара шена хьалха хурманан легнаш, йа тIулгаш а дехкина, цаьрца тасбихь деш. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира цуьнга: «Ас цул атта дерг, йа деза дерг дийца хьуна? Ахь ала: «Субхьаналло́хIи Iадада ма́ халакъа фиссама́и, ва субхьаналло́хIи Iадада ма́ халакъа фил-арди, ва субхьаналло́хIи Iадада ма́ байна за́лика, ва субхьаналло́хIи Iадада ма́ хIува хо́ликъ, валло́хIу акбару мисла за́лик, валхьамдулилла́хIи мисла за́лик, ва лаила́хIа иллалло́хIу мисла за́лик, ва ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла́ билла́хIи мисла за́лик». ХIара хьадис Абу Давуда а, Тирмизийс а, Хьакима а дийцина. ² Имам Аш-Шавканийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Оцу хьадисехь тешалла ду хурманан легнашца а, тIулгашца а тасбихь дан мегаш хиларна. Иштта (мегаш) ду суьлхьанашца тасбихь дар а, хIунда аьлча царна юкъахь башхалла йоцу дела. Тешаллин агIо хIун ю аьлча, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – оцу зудчо динарг харц дина ца хилар ю. Ткъа цу зудчо динарг цо харц а ца деш, цул гIолий дерг цо гайтина хилар доьхьал дац иза мегаш хиларна. Цу гIулкха хьокъехь даьхкина (асхьабашкара а, табиIунашкара а) дийцарш ду».[2] ТIаккха масийтта и дийцар далийна цо. ² Имам Ал-Муба́ракфу́рийс – Дала къинхетам бойла цунах – оцу хьадисан маьIна деш Имам Аш-Шавка́нийн дешнаш дийцина, цкъа цо аьлла аьлла дийцарца а, тIаккха ша олуш санна а: «Оцу хьадисехь тешалла ду хурманан легнашца а, тIулгашца а тасбихь дан мегаш хиларна. Иштта (мегаш) ду иза суьлхьанашца а, хIунда аьлча царна юкъахь башхалла йоцу дела. Тешаллин агIо Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – оцу зудчо динарг харц дина ца хилар ю. Ткъа цу зудчо динарг цо харц а ца деш, цул гIолий дерг цо гайтина хилар доьхьал дац иза мегаш хиларна».[3] ² И санна долчу хьадисан маьIна деш Имам Ал-Iази́м-А́ба́дийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «ХIара хьадис нийса бух бу суьлхьанаш мегаш хиларна, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – (тIулгашца а, легнашца а тасбихь дар) тIечIагIдина дела. Ткъа суьлхьанаш уьзза маьIна долуш ду, хIунда аьлча цхьана къепехь кечдина долчунна а, иштта доцучунна а юкъахь бахщула йоцу дела. Ткъа суьлхьанаш бидIат ду аьллачуьнан дош тидаме лоцуш дош дац». Цул цхьа жимма тIаьхьа Имам Аш-Шавканийс аьлла долу дешнаш дийцина цо.[4] ² Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийга – Дала къинхетам бойла цунах – хаьттина хилла иштта хаттар: «Суьлхьанийн бух буй суннатехь, йа бац?». ТIаккха цо иштта жоп делла: «ХIаъ, (суьлхьанийн суннатехь бух бу), цунах лаьцна Хьафиз Ас-Суйу́тIийс яздина жайна а ду. Цу хьокъехь даьхкинчу хьадисех цхьадерш хIорш ду: IабдуллахI ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла ду нийса хьадисехь: «Суна Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – гира тасбихь деш шен пIелгашца». Сафиййата а – Дела реза хуьлда цунна – нийса хьадисехь аьлла ду: «Со йолчу чу АллахIан элча веара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ас шайца тасбихь деш суна хьалха охьадиллина диъ эзар лаг а долуш. Цо соьга хаьттира: «ХIара хIун ю, хIай Хьуйаййан йоI?». Ас элира: «Тасбихь деш ю со цаьрца». Цо элира тIаккха: «Хьуна хьалха со хIоьттина лаьттачу юкъахь ас цул дукха тасбихь дина хьуна!». Ас элира: «Iамадехьа суна иза, хIай АллахIан элча!». Цо элира: «Ахь ала: «Субхьа́налло́хIи Iадада ма́ халакъа мин шайъ».[5] Ибн Аби Шайбата а, Абу Давуда а, Тирмизийс а дийцина хIара хьадис: «Тасбихь деш хуьлийла шу хIай зударий («субхьаналлахI» аларца), лаилахIа иллаллахI олуш а хуьлийла шу, АллахI сакхтех цIена хилар тIечIагIдеш а хуьлийла шу («суббу́хьун къудду́сун роббул-мала́икати варру́хь» аларца)! Тидам чура довле, тавхьид (Дела цхьаъ вар) а ма диц де аш. (Иштта и зикр) шайн пIелгашца де аш, бакъдолуш цаьрга хаттам бийр болуш а бу, уьш (тешаллийна) дистхуьлуьйтур долуш а ду». ТIулгашца а, хурманан легнашца, шеддаш динчу тайнаца а тасбихь деш хилла аьлла дийцина масийтта асхьабашкара а, церал тIаьхьа хиллачаьргара а. … Цхьаболчу Iелам-наха, тасбихь пIелгашца дар дезох ду аьлла, Ибн Iумара дийцинчу хьадисехь дерг иза долу дела. Цхьаболчара хьоле хьаьжжина хир ду аьлла дика дерг. Нагахь санна тасбихь дийриг гIалат валарх ларлур хилча, пIелгаш тIехь дар дезох ду аьлла цара, нагахь санна гIалат вер велахь суьлхьанашца дича гIолий ду аьлла».[6] Чекхдели Имам Ал-ХIайтамийс аьлларг. ² Суьлхьанашца тасбихь дан а, зикр дан а мегаш хилар дуьйцуш яздинчу шен жимчу жайни тIехь Имам Суйу́тIийс – Дала къинхетам бойла цунах – цу хьокъехь даьхкина долу хьадисаш а, асхьабашкара дийцарш а, Iелам-нехаг дийцарш а дийцинчул тIаьхьа аьлла: «Хьалха-хьалха хиллачу Iелам-нахера а, тIаьхьа хиллачаьргара а цхьаьнггара деана дац суьлхьанашца зикр дагардар мегаш дац аьлла. Муххале, церах дукхах болчара уьш лелош хилла шайн зикр дагардеш, иза вон хеташ а ца хилла царна».[7] ² Имам Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Тасбихь пIелгашца дагардар суннат дерг ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – зударшка элира аьлла деанчу хьадисехь ма-дарра: «Тасбихь деш хуьлийла шу, шайн пIелгашца а дойла аш иза, бакъдолуш цаьрга хаттам бийр болуш а бу, уьш (тешаллийна) дистхуьлуьйтур долуш а ду». Амма тIулгаца а, легнашца а, иштта оцу кепара йолчу хIуманца а иза дагардар дика хIума ду. Асхьабашна юккъера цхьаболчара деш хилла ду иза. Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба нехан нана (шен хIусамнана) гина хилла тIулгашца тасбихь деш, цо цуьнга иза иштта дан мегар дац а ца аьлла. Абу ХIурайрас иштта тасбихь деш хилла аьлла дийцина а ду. Амма цхьана къепе нисдинчу туьтешца а, иштта и санна йолчу хIуманца а тасбихь дар – цхьаболчу нахана ца дезайна иза, цхьаболчарна вон хIума а ца хетта иза. Ткъа нагахь санна ниййат дика а долуш леладахь – дика хIума ду иза, вон хIума дац. Бакъду, цхьаъа хьашт доцуш иза лелор а, йа нахана иза (гайта гIерташ) гучудахар а, масала коча олларца, йа хIоз санна шен куьйгах хьарчорца, йа цхьана кхечу агIор – иштта и хIума дар йа нахана хьалха рийа́ъ дар (гайтамна лелор) ду, йа рийа́ъ хиларна герга долчух ду, цхьаъа хьашт доцуш рийа́ъ дечерах тарвалар а ду. Ткъа хьалхарниг (рийа́ана лелор) – хьарам ду, шолгIачуьнан уггар лахара хьал «кархIат» ду (ца лелош дитар мелехь хилар ду). ХIунда аьлча, Iибадаташ дарехь рийа́ъ хилийтар, масала ламаз дарехь, марха кхабарехь, Дела хьахорехь, Къуръан дешарехь – иза уггар даккхийчу къинойх ду».[8] ² Имам Ал-Мунна́вийс – Дала къинхетам бойла цунах – хIокху хьадисан маьIна деш - «Тасбихь деш хуьлийла шу хIай зударий…» - аьлла: «Тахана девзаш долу суьлхьанаш лелор дика хиларан бух бу хIара хьадис. Иза девзаш хилла ду асхьабашна юкъахь а». Асхьабашкара цунах лаьцна цхьацца дийцарш дийцинчул тIаьхьа, кхидIа аьлла цо: «Ас-Суйу́тIийс дийцина, Джалалуд-Дин Ал-Булкъи́нийн заманахь хиллачу цхаьболчу Iелам-наха аьлла хилла аьлла, тасбихь пIелгашца дича дезох ду, хIокху хьадисан деана ма-хиллара. Делахь а, иза иштта дика хилар – нагахь санна (дагардарехь) гIалат вер вацахь ду, ткъа гIалат вер велахь суьлхьанаш лелор гIолий ду. Дуккха а эвлаяаша лелош хилла а ду суьлхьанаш. … Хьалха хиллачу Iелам-нахера а, йа тIаьхьа хиллачаьргара а цхьаьнггара деана дац иза царна вон хIума хетта хиллера аьлла. Бакъду, уьш лелор дика маца ду аьлча – Дела дагахь а воуьйтуш, Иза дагчохь а латтош зикр дан луучунна ду иза дика, шен дог шен маттаца цхьаьна (зикр) хир долчу кепара Дела хьахочунна ду иза дика, шен ма-хуьллу ша зикр деш хилар къайла дохуьйтур долчунна ду иза дика. Амма цхьаъа тIалам боцуш, еш Iамал йоцуш лелаш болчу наха лелош дерг, кечдина суьлхьанаш лелош, беза мах болу суьлхьанаш лелош, йа дог а, йа ойла а цхьаьна а йоцуш уьш хьийзош, ша къамел деш волуш а, къамеле ладугIуш волуш а уьш хьийзош, шен дог а, мотт а дуьнена хIуманца доьзна а долуш уьш хьийзош – и массо хIума сийсаз ду, дика доцу хIума ду, уггар боьха хIуманех боьха хIума ду».[9] ² Имам Ибн Iилла́на дийцина, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс – Дала къинхетам бойла цаьршинах – аьлла долу дешнаш: «Суьлхьанаш лелор бидIат ду моттар (мегаш дац аьлла хетар) нийса дац. Бакъду иза нийса хила догIу, нагахь санна дуьйцуш дерг цхьаболчу сонта наха йа хазаллийна, йа гайтамна (рийаана), йа ловзарна лелон суьлхьанаш делахь». Иза бидIат ца хилар ша тIечIагIдинчул тIаьхьа, ша цу хьокъехь яздина жайна а хьахийначул тIаьхьа, цу жайнин боцца чулацам бовзуьйтуш Имам Ибн Iилла́на аьлла: «Зикр пIелгашца дар дезох ду. Иза иштта дар дезох хилар къаьсттина чIогIа ду ламазал тIаьхьа деш долчу зикрехь. Амма даккхийчу терахьашца деш долу зикр пIелгашца дагардеш хилча, цо новкъарло йо ойла зикрана тIеерзорна, цундела ишттачу хьолехь суьлхьанаш лелор гIолий ду».[10]
И вай хьахийнарш берриге хьалхалера Iелам-нах бара. Таханлера дукхах болчу баккхийчу Iелам-наха а магош ду суьлхьанашца тасбихь дар а, зикр дар а. ² Ламазал тIаьхьа деш долчу тасбихьах лаьцна Шейх Со́лихь Ал-Фавза́на аьлла: «ЛаилахIа иллаллахI аларна а, субхьаналлахI аларна а, алхьамдулиллахI аларна а, алло́хIу акбар аларна а гIонна пIелгаш тIехь дагардича дика ду и зикр, хIунда аьлча пIелгашка къемат дийнахь хаттам бийр болуш бу, уьш (тешаллийна) дистхуьлуьйтур долуш а ду. Зикр а, тасбихь а дагардеш суьлхьанаш лело а мегар ду, уьш лелорца цхьа къаьсттина дозалла ду аьлла а ца хоьтуьйтуш. Цхьаболчу Iелам-нахана дика ца хетта уьш лелор. Ткъа нагахь санна уьш лелор деза ду (мелехь ду) аьлла хеташ делахь – тIаккха уьш лелор бидIат ду. Цуьнан масала ду суфий болчу цхьаболчу наха лелош долу суьлхьанаш, йа шайн коча охкарца, йа хIоьзнаш санна шайн куьйгах хьерчорца. Ткъа и хIума бидIат хиларал совнаха, цуьнца рийа́ъ а ду, доцург лело гIертар а ду».[11] ² Миср пачхьалкхера Ал-АзхIаран Фатван Гуламан куьйгалхо хилла волчу Шейх IатIиййахI Ас-Сакъра – Дала къинхетам бойла цунах – дийцина, суьлхьанаш доьххьара Индера шира динаш лелош хиллачу бу́захоша а, брахмахоша а юкъадаьхна хилар, цара уьш лелош хилар а. ТIаккха, бусалба дино Дела хьахор мелехь лерина хилар а, цхьацца хьолашкахь цунна хIоттийна терахь хилар а, цхьадерг уьттозза олуш, важадерг 33-зза олуш, важадерг 100-зза олуш, цул тIаьхьа Шейх IатIиййас олу: «Кхузахь, зикр деш волчунна хьашт хуьлу терахь дагардар. Ткъа муьлхачу гIирсаца хир ду иза? Кхидерг мага йиш йоцуш, къаьсттина хIара гIирс лело беза аьлла билгалдина тIедожийна дац вайна и хIума бусалба динехь. Адамашна юкъахь лелаш долччу кепара, цара шайна девзачу кепара лело мегаш, церан лаамехь дитина ду иза. Бусалба дино цхьаъа хIума юхатухуш дац цу гIуллакхехь, шен хIоттамашна доьхьал дерг доцург. Ткъа Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа деана ду, цо тасбихь шен куьйга (пIелгашца) деш хилла аьлла, Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а, нийса ду а олуш Хьакима а ма-дийццара. Шен асхьабашна а хьехна хилла цо, тасбихь дагардарехь шайн пIелгашца гIо хилийта шайна аьлла; Абу Давуда а, Тирмизийс а, Хьакима а дийцина, мухIажарех хилла йолчу Бусра цIе йолчу зудчо аьлларг: «АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Тасбихь деш хуьлийла шу хIай зударий («субхьаналлахI» аларца), лаилахIа иллаллахI олуш а хуьлийла шу, АллахI сакхтех цIена хилар тIечIагIдеш а хуьлийла шу («суббу́хьун къудду́сун роббул-мала́икати варру́хь» аларца)! Тидам чура довле, тавхьид (Дела цхьаъ вар) а ма диц де аш. (Иштта и зикр) шайн пIелгашца де аш, бакъдолуш цаьрга хаттам бийр болуш а бу, уьш (тешаллийна) дистхуьлуьйтур долуш а ду». Ткъа и пIелгашца дагарде аьлла деана дерг, кхечуьнца дагардар ца магош, кхидерг юкъарадоккхуш дац. Бакъ ду, пIелгашца дагардарехь Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаьхьава́зар ду, делахь а цо ша доьхьало йина яц кхечуьнца дагардарна, муххале а иза тIечIагIдина цо, ткъа цо цхьа хIума тIечIагIдар – мегаш хилар гойтучу далилех цхьа далил ду. Тирмизийс а, Хьакима а, ТIабаранийс а дийцина Сафиййата – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Со йолчу чу АллахIан элча веара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ас шайца тасбихь деш суна хьалха охьадиллина диъ эзар лаг а долуш. Цо соьга элира: «ХIара хIун ю, хIай сан девешин йоI?». Ас элира: «Тасбихь деш ю со цаьрца». Цо элира тIаккха: «Хьуна хьалха со хIоьттина лаьттачу юкъахь ас цул дукха тасбихь дина хьуна!». Ас элира: «Iамадехьа суна а, хIай АллахIан элча!». Цо элира: «Ахь ала: «Субхьа́налло́хIи Iадада ма́ халакъа мин шайъ». ХIара хьадис нийса ду».[12] ² Шейх Ибн Iусайми́не – Дала къинхетам бойла цунах – хаттар дина хилла иштта: «Суьлхьанех лаьцна тайп-тайпана дуьйцу хьан дешнаш. Цаьрца тасбихь дар бидIат дуй?». Шейха тIаккха иштта жоп делла: «Суна дага а догIуш ас церах лаьцна цхьа дош бен аьлла дац, иза – цаьрца тасбихь дан мегаш хилар ду. Делахь а, дезох дерг пIелгашца дар ду, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – (зударшка) аьлла долу дела: «ПIелгашца де аш (тасбихь), бакъдолуш уьш (тешаллийна) дистхуьлуьйтур долуш ду». Цул совнаха, суьлхьанашца мелла хилла а гайтам (рийаъ) хила мега, къаьсттина, цхьамма эзар буьртиг болу суьлхьанаш шен кочу тессича, нахе ша олуш санна: схьахьовса соьга, ас эзарза тасбихь до шуна!».[13] ² Кхин а, суьлхьанаш бидIат дуй аьлла хаьттича, Шейх Ибн Iусайми́на аьлла: «Суьлхьанашца тасбихь ца дар хьалхе йолуш ду. (Делахь а) бидIат а дац уьш, хIунда аьлча церан бух болу дела, ткъа и бух – цхьаболчу асхьабаша тIулгашца тасбихь деш хилла хилар бу. Делахь а Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – гайтина пIелгашца тасбихь дар гIолий хилар. Цо аьлла зударшка: «ПIелгашца де аш (тасбихь), бакъдолуш уьш (тешаллийна) дистхуьлуьйтур долуш ду». Суьлхьанашца тасбихь дар хьарам дац, йа бидIат а дац, делахь а цаьрца ца дар хьалхе йолуш ду».[14] ² Уьзза хаттарна жоп луш кхин а аьлла Шейх Ибн Iусайми́на: «Суьлхьанаш динехь бидIат лоруш дац. Иза иштта хIунда ду аьлча, адамо уьш лелочу хенахь уьш лелор Далла герга вуьгу хIума ду моьттуш лелош дац, муххале а церах цунна лууш дерг – ша субхьаналлахI а, лаилахIа иллаллахI а, алхьамдулиллахI а, аллахIу акбар а масозза аьлла дагардар ду. Цундела, суьлхьанаш гIирс бу, доьххьара дуьйна церах Iибадат дан лаам болуш лелош дац уьш».[15] ² СаIуди пачхьалкхера Фатван а, Iилман Талламийн а Гуламо деллачу фатваш юкъахь деана ду иштта хIара хаттар а, жоп а: «Хаттар: ХIун хьукм ду бусалба динехь суьлхьанийн? Шайна юкъахь мехала тIулгаш долу суьлхьанаш лело мегаш дуй? Цхьадолу суьлхьанаш деккъа цхьана деших дина хуьлу, юкъадехкина уггар дезчух тIулгаш долуш. ГIолий дерг хIун ду, тасбихь пIелгашца дар ду, йа мехала тIулгех динчу суьлхьанашца дар ду?». «Жоп: Суьлхьанаш лелор юкъарчу гIуллакхех цхьаъ ду (Iибадат доцучу гIуллакхех ду), и санна долу гIуллакхаш доьххьара дуьйна мегаш гIуллакхаш ду. Уьш ца магош долу далил ца девза тхуна. Амма деккъа цхьана деших, йа детих дина долу суьлхьанаш а, йа шайца мелла хилла а деши а, дети а долу суьлхьанаш а – уьш лелор мегаш дац, хIунда аьлча цу хьокъехь даьхкина далилаш ду. АллахIера аьтту боьха вай массо дикчу хIуманна. АллахIера салават а, салам а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а. Iилман талламан а, фатван а даим болу гулам. Гуламан куьйгалхо: Iабдул-Iазиз ибн IабдуллахI ибн Ба́з. Гуламан декъашхой: IабдуллахI ибн ГIудаййа́н, IабдуллахI ибн КъаIу́д».[16] ² Кхечу хаттарна жоп луш кхин а аьлла цу Гуламо: «Суьлхьанашца тасбихь дар мегаш ду, хIунда аьлча иза ца магош далил (тешалла) доцу дела; башхула а яц ламазал тIаьхьа дечу тасбихьана а, кхидолчунна а юкъахь. Делахь а, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ма-дарра, пIелгашца дар гIолий ду. Iилман талламан а, фатван а даим болу гулам. Гуламан куьйгалхо: Iабдул-Iазиз ибн IабдуллахI ибн Ба́з. Гуламан декъашхой: IабдуллахI ибн ГIудаййа́н, Солихь Ал-Фавзан, Iабдул-Iазиз А́луш-Шайх, Бакр Абу-Зайд».[17]
ТIаьххьара, хIара дIадерзош, Шейхул-АзхIар хилла волчу Шейх IатIиййахI Ас-Сакъра – Дала къинхетам бойла цунах – аьлларг дуьйцур ду вай: «Мегар дац оцу суьлхьанийн хьокъехь йолчу хилпалоне (Iелам-наха тайп-тайпана иза дийцина хиларга) цхьаъа пайда бийр боцу къовсам кхоллийтар, зене хила тарлуш болу къовсам кхоллийтар. Цул а коьрта дерг хIун ду – зикр дарехь ихла́с хилар ду (зикр цIенна АллахIа доьхьа дар ду). Ихла́с хилчахьана, зикр даран гIирс муьлхха хилча а зене дац».[18] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!
07.01.2009 [1] Суьлхьанаш бусалба нахал хьалха кхечу динехь болчара лелийна хилар а, уьш доьххьара индера наха юкъадаьхна хилар а, уьш бусалба наха бусалба дин деанчул тIаьхьа дуккха хан яьлча лело даьхна хилар а кхин а дийцина Шейх IатIиййахI Сакър цIе йолчу Ал-АзхIаран коьрта муфтийс. Хьажа: «Фатава Ал-АзхIар», 9/11. [2] Имам Аш-Шавканий, «Найлул-АвтIо́р», 2/358. [3] Имам Ал-Мубаракфурий, «Тухьфатул-Ахьвазий Шархь Сунан Ат-Тирмизий», 10/12. [4] Имам Ал-Iазим-Абадий, «Iавнул-МаIбу́д Шархь Сунан Аби Давуд», 4/257. [5] Дешнийн маьIна: «Шеца хила хьакъ доцучу массо хIуманах цIена ву АллахI, (иштта тасбихь до ас) Цо кхоьллина долу массо хIуманан дукхалла санна». [6] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-Фатава Ал-ФикъхIиййатул-Кубро́», 1/152. [7] Имам Ас-СуйутIий, «Ал-Хьави лил-Фатава» (Ал-Минхьату фис-СубхьахI), 2/6. [8] Имам Ибн ТаймиййахI, «МаджмуIул-Фатава», 22/506. [9] Имам Ал-Мунна́вий, «Файдул-Къади́р Шархьул-Джа́миIис-СогIи́р», 4/468. [10] Имам Ибн Iилла́н, «Ал-Футу́хьа́т Ар-Робба́ниййахI», 1/252. [11] Шейх Солихь Ал-Фавзан, «Ал-Мулаххас Ал-ФикъхIий», 1/159. [12] Шейх IатIиййахI Ас-Сакър, «Фатава Ал-АзхIар», 9/11. [13] Шейх Ибн Iусаймин, «Дурус ва Фатава Ал-Хьарамил-Маданий», 1/32. [14] Шейх Ибн Iусаймин, «Ал-Ликъо́ул-Мафту́хь», 3/30. – Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид, «Фатава Ал-Ислам: Суал ва Джаваб», хаттар 3009. [15] Шейх Ибн Iусаймин, «Фатава Нурун Iалад-Дарб», 19/64. [16] «Фатава Ал-Ладжнатид-ДаимахI», 24/206. [17] «Фатава Ал-Ладжнатид-ДаимахI», фатва: 17880. [18] Шейх IатIиййахI Ас-Сакър, «Фатава Ал-АзхIар», 9/11. |