Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Тхан цхьа хаттар кхолладеллера: ша йало дагахь волчу йо1е телефончухула смс йаз йан меги аьлла? Кхин а, телефон тоха меги аьлла, хаттар дара, йо1е? Аллах1а диканца бекхам бойла хьуна.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Билггал ша ялор хилар билгалдаьллачу йоIе смс язйан мегар ду, нагахь санна гIиллакхах а, оьздангаллех а ца вухуш язйийр елахь, йа вуьшта аьлча, бусалба динан гIиллакхех а ца вухуш язйийр елахь. Масала, хьал-де хоттуш, ша вовзуьйтуш шена ала лууш дерг олуш, иштта кхидIа а.

Иштта телефон тоха а мегар ду, кхозза-доьазза, йа ша ца аьлча ца волуш цхьа хIума делахь кхин а сов а. Делахь а, цхьаболчара санна хIора дийнахь телефон етта а мегар дац, йа забаршна смс кхехьайта а мегар дац. Телефоначухула ша вистхуьлуш хилахь, йоIана уллохь цуьнан цхьа гергараниг а волуш ша цуьнга вистхуьлуш хилча ша дуьйцур дерг бен дийца мегар дац.

Ша смс язйеш а, телефон тухуш а, йа вуьшта вистхуьлуш а даим дагахь латто деза, кхечо шен йишица, йа кхечу гергарчу зудчуьнца дича шена ца дезор долу къамел ша а дан мегар доций. Коьрта бустам и хила беза – шечаьрца кхечара дийцича а, аьлча а, шена дезор доцург нехачаьрца а дийца ца деза.

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шина бIаьрган зина – хьажар ду, шина лерган зина – хазар (ладогIар) ду, меттан зина – къамел ду, куьйган зина – куьг хьакхадалар ду, коган зина – ког баккхар ду».[1]

Оцу хьадисехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – билгалдина, боьхачу хьоле далале хьалха, хIора межено а зина деш хилар. Хьажа ца мегаче ши бIарг хьажор – бIаргийн зина ду, ладогIа ца мегачу къамеле а, озе а ладогIар – лергийн зина ду, зинана герга вуьгу къамел дар а, мегаш доцург дийцар а – меттан зина ду, иштта кхидIа а.

 

Дала ларбойла бусалба нах вочух!

 

 


[1] Бухари, Муслим, Хьаким.