Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1у.Дела реза хуьда шуна х1ара болх барна,Дала аьтто бойла кхин д1а йоккхучу хаьнна. тхан цхьа хаттар дара шуга!вайна ма хаъара вайн ц1ахь долу хьал даьхница г1ила ду т1аьхьар хена чохь,баккхий аьттунаш кхузахь а бац,ишта хьолехь вай хилча царна уьшург (бич1ёгара) эца мегардуйте кхузахь вайн г1улкхашна ца боху вай и, ишта цуьнна фатва хир дарий-те?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Ахь хоьттуш долу хаттар дукха хоттуш хаттар ду. Цунна жоп а цхьана агIор тIелаца хала ду, делахь а иза ду Делан динехь дерг.

Лачкъийна хIума шена лачкъийна юй хуъушехь мехах иэцар а, елча схьаиэцар а хьарам ду, вай иза билгалдира хIокху хаттаршкахь: «Лачкъийна хIума иэцар», «Лачкъийна хIума елча схьаэцар». Иштта вай билгалдира керста-нехан махкахь вехаш волчу бусалба стагана церан хIума лачкъо мегаш ца хилар, хIокху хаттарехь: «Керста-нехан хIума лачкъор».

Ткъа хьарам долу хIума даим хьарам ду, цхьаъа башхула йоцуш, ахь иза дикачу Iалашонца деш делахь а, йа вочу Iалашонца деш делахь а. Хьан Iалашо мел дика хиларх, цу Iалашона тIевуьгу некъ а, и Iалашо кхочуш ен гIирс а хьарам хила мегаш дац. Iалашо дика хилчахьана, некъ а, гIирс а мухха хилча а мегар ду боху хIума бусалба динехь нийса дац. Масала, бусалба нахана даьхни эшара аьлла, къаьркъа а, наркотик а юхкуш ахча даккха мегаш дац, иза хьарам ду. Иштта ду лачкъийна хIума иэцар а.

Цундела, массо бусалба стаг ларвала веза, шайтIано ша Iехорах – «хьан Iалашо дика ю, цундела ахь  хIара «жима» хьарам дича хIумма а дац» - аьлла, Делан оьгIазло шена а, шен гIуллакхна а оцу харц некъаца тIеяийтарх а!

 

Дика хууш верг АллахI ву!