Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Лачкъийна хIума чIогIа йорах хуьлу кхузахь. И хIума иэца мегар дуй, туькнара иэца ницкъ кхочуш бацахь?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Ша оьцуш йолу хIума лачкъийна юй а хууш иза иэцар мегаш дац, башхула яц, и хIума бусалба нехан лачкъийна елахь а, йа керста нехан лачкъийна елахь а. Иза мегаш ца хиларан тешаллаш а, баххаш хIорш ду:

1) Лачкъийна хIума иэцарца и хIума лачкъош волчунна гIо хуьлу, иза шен хьарам балха тIехь кхин а чIагIвар хуьлу, цуьнан юха а хIума лачкъо дог доуьйту. Ткъа, хьарам хIуманна жимма а гIо дар хьарам ду, стаг вуьйчу хенахь гIо дар санна, хIума лачкъош гIо дар санна, иштта дI. кх. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×Аш вовший гIо де дикаллийна а, Делах кхерарна а тIехь. Аш вовший гIо ма де къиношна а, мостагIаллийна а тIехьØ.[1] Цу айатехь АллахIа ца магийна вон хIума деш волчунна цхьанне а агIор гIо дар, цу юкъа догIу лачкъийна хIума иэцар а. И маьIна долуш деана ду хIара хьадис: «Iесаллийна тIехь цхьанна гIо динарг – цхьана дешан декъаца бен иза дацахь а – оцу Iесаллехь цуьнан накъост ву».[2]

2) Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Шена лачкъийна юй хуъушехь лачкъийна хIума иэцнарг - иза лачкъийнчуьнца цхьаьна къа а ду цунна, эхь а, юьхьIаржо а ю цунна".[3]

3) Ибн Аби ШайбахI цIе йолчу хьадисан Iелам-стага – Дала къинхетам бойла цунах – дийцина шен "Ал-Мусаннаф" жайни тIехь, Хьасан Ал-Басрийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлларг: "Хьо Мединатан базара кхаьчча, ахь иэца цигахь хьайна карийнарг; ахь ма иэца лачкъийна юй а, тешнабехкаца яьккхина юй а хьайна хиъна йолу хIума".

Кхин а дийцина цо, Ибн Сирина – Дала къинхетам бойла цунах – аьлларг: "Ас элира Iабидате: "Лачкъийна юй сайна хууш йолу хIума иэца мегар дуй ас?" Цо элира: "Дац". Ас элира: "Тешнабехкаца яьккхина юй сайна хууш йолу хIума иэца мегар дуй ас?" Цо элира: "Дац".

4) Iелам-нехан барт хилла хIума ду, лачкъийна хIума иэца мегаш ца хилар.


 

 


[1] Сурат "Алмаидат" 2 айат.

[2] Хьáкима дийцина «Ал-Мустадрак» жайни тIехь, иштта хьадис: «Зулам-дай а, церан гIоьнчий а цIергахь бу». Хьáкима аьлла: «ХIара нийса хьадис ду». И маьIна долуш кхин а хьадисаш ду даьхкина, «Муснад АррабúI» тIехь а, «Алфирдавс» тIехь а. Ибн Мáджас а, БайхIакъúс а, РабúIас а, Абу ЙаIлáс а, Дайламúс а дийцина иштта хьадис: «Бусалба стаг вуьйш цхьана дешан декъаца дина а гIо динарг къемат дийнахь Далла дуьхьал гIур ву, шен хьаж тIехь яздина: - «Делан къинхетамах догдиллина стаг ву хIара» - аьлла а долуш».

[3] Хьаким, БайхIакъий, "Ал-Мусаннаф" Ибн Аби ШайбахI.