|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Шича яло мегаш ду ШариIатехь, амма вайн Iедалехь дац. Цхьана Iелам-стага яздина дешнера ас, ШарIо гергарлонаш чура гергарло а, арара гергарло а лору аьлла. Чура гергарло – хьуна яло хьарам ерг ю боху, арара гергарло – хьуна бало мегаш берш бу бах. ТIаккха боху цо, и гергарлонаш нехан Iадаташка хьаьжжина хуьлу. ХIокху хаттарехь со кхета луург – вайн Iадатехь муха хила деза и? Суна дуьйцуш хезнера, ШарIо нехан Iадаташ лору аьлла. Оцу балхах кхетавехьа со, айаташкахь, хьадисашкахь хIумма дуй цунах лаьцна? Дала сий дойла, Дела реза хуьлда!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Ибн Касира – Дала къинхетам бойла цунах – шен тафсир тIехь дуьйцу вайна, Исламан дикаллин дуккха а йолчу агIонех цхьа агIо юьйцуш, бало мегаш, йа ца мегаш болчу зударийн хьокъехь Ислам-динан хьукм нийса а, юккъара а хилар. Керстанаша (христианаша) шайн гергарлонехь ворхIолгIа гола тIехъяьлча бен зуда яло ца магочу хенахь, жуьгташа шайн уггар гергарниг а ялочу хенахь – масала вешн йоI – Ислам-дино юккъара агIо лаьцна цу гIуллакх тIехь, кхечу гIуллакхаш тIехь санна. Керстанаш санна дехьара агIо а ца лаьцна цо, жуьгташа санна сехьара агIо а ца лаьцна цо, муххале юккъара нийса агIо лаьцна цо. Оцу юккъарчу агIона юкъадогIуш ду шича-махчалахь захало дан мегаш хилар. Иза цхьа а шеко йоцуш, Дала Къуръан тIехь чIагIдина хIума ду. Ткъа цхьаболчу нахана, иза олуш хезча моттало, бусалба дино шича ялор дика ду, я важиб ду бах олий. Иштта моттадалар цакхетам бу. Цхьа хIума бусалба дино хьарам ца дар, иза магадар – и хIума дика ду аьлла, иза къастор дац. Муххале а, и санна долу хIума я вон а дац, я дика а дац шен бухехь. Бакъду, цунна тIе цхьацца хенахь, цхьацца хьолашкахь, цхьацца бахьанаш дахка мега, оцу дика а, вон а доцучу хIуманах йа дика хIума, йа вон хIума хуьлуйтуш. И бахьанаш дIадевлча, и хIума юханехьа шен бухе доьрзу. Вай дийцинчунна масал а хуьлуьйтуш, шича-махчалахь захало дарга бусалба дин а, цуьнан Iелам-нах а муха хьевсина хьовсур ду вай. Бусалба динехь цхьанне а агIор деана йа айат а, йа нийса хьадис а дац, шича-махчалахь зуда ялор йа дика хилар гойтуш, йа вон хилар гойтуш. Кхидолу муьлхха а мегаш долу хIума санна лерина иза бусалба дино, йа дика ду а ца олуш, йа вон ду а ца олуш. Ткъа дуккха а Iелам-наха, генара (шен гергара йоцу) зуда ялор дика лерина, зуда хоржучу хенахь генарниг харжар дика лерина. Iелам-нехан дешнех цхьадерш дуьйцур ду вай, иза билгалдалийта: Имам Аш-Ширбúнийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах «МугIнил-Мухьтáдж» тIехь: «Ал-Бахьр» жайна яздинчо а, «Ал-Байáн» яздинчо а хьахийна, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – билгалдина аьлла, шен некъах (йа тайпанах) болчаьрга зуда ца яхийтар дика хилар. Аз-Занджáнийс цуьнан бахьана иштта лерина: захалонан бахьанех цхьа бахьана ду тайпанаш юкъахь зIе кхоллайалар, церан дика барт а, цхьанакхетар а хуьлуьйтуш, церан дош цхьаъ хуьлуьйтуш. Имам ШафиIийна цу дашехь лиънарг шен тайпанара гергарчаьрца захало ца дича дика ду аьлла кхета веза. ТIаккха, хIокху вай аьллачуьнца ца догIуш хетадала ца деза Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Зайнаб – Дела реза хуьлда цунна – ялор, иза шен дейишин йоI йоллушехь, хIунда аьлча цо иза мегаш хилар гойтуш ялийна иза. Иштта и маьIна долуш ду Iелин а, ФатIиматан а – Дела реза хуьлда цаьршинна – захало, и шиъ вовший дукха уллера гергара а дац». Имам Ибн Къудáмас – Дала къинхетам бойла цунах – бах, «Ал-МугIнú» тIехь, стага зуда хоржучу хенахь лардича дика долу хIуманаш дуьйцуш: «Гергара йоцург харжа еза цо, хIунда аьлча ишттачуьнан бераш дика хуьлу дела, цундела олуш ду: «Генараниг яла йе аш, бераш гIийла, заьIап хир дац шун»… Кхин а, генарниг харжар дика ду, хIунда аьлча захалона юкъахь мостагIалла кхолладала мега дела, зуда йитарца, ткъа захало гергарчаьрца хиллехь цо гергарло хададойтур ду, Дала чIагIде аьлла долу». И вай хьахийнарг масех Iелам-стага аьллачуьнан масал дара, гергарчу нахаца захало дарх лаьцна. Уьш боцучара а, кхин а дуккха Iелам-наха аьлла ду, гергара йоцург ялор дика ду аьлла. Цара иза аларан бахьанаш лакхахь хьахийнарш а ду, цул совнаха, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла аьлла цара дийцина дош а ду: «Генараниг яла йе аш, бераш гIийла, заьIап хир дац шун».[1] Iумара – Дела реза хуьлда цунна – иза цхьана стаге аьлла бах, цуьнан дерриг охIлу оза гича. Цхьацца меттехь и дош хьадис ду аьлла деана ду, делахь а иза хьадис дац, муххале а, Iумаран – Дела реза хуьлда цунна – дош ду. Хьуна ма-гарра, гергарчаьрца захало ца дар дика ду аьлла дуккха а Iелам-наха. Цундела, вайн Iедалехь гергарчаьрца захало дар лелош дацахь, лелор дац иза. Ткъа нагахь санна цхьана къома юкъахь иза ялош Iадат делахь (масала вайн лулара дархоша а, суьйлаша а, цхьадолчу мехкашкара Iаьрбоша а леладо гергара захалонаш), я цхьамма шен цхьана бахьанийна иза ялайахь, вон хIума дуй иза, хьарам хIума дуй иза, Дала хаттам бийр болу хIума дуй иза? Шеко йоцуш, хьарам хIума дац иза, Дала хаттам бийр болу хIума а дац иза. Амма оцу ахь далийначу дашехь аьлла дерг – нагахь санна цо бохург, бусалба динехь яло хьарам йолу а, йоцу а зуда нехан Iадаташкахь долчу гергарлоно билгалйоккху бохург делахь, иза цхьа а шеко йоцуш харц ду, хIунда аьлча Динехь цхьа хIума хьарам дан йиш ерг АллахI бен вац, ткъа АллахIа билгалдина сацийна ду хьарам болу зударий муьлш бу а, хьарам боцурш муьлш бу а.
[1] ХIара дош дийцина Ибн Къутайбас «Iуйýнул-Ахбáр» тIехь, ИбрóхIúм Ал-Хьарбийс «Ал-ГIарúб» тIехь а, Ад-Дайнýрийс «Ал-МуджáласахI» тIехь а, иштта кхечара а. |