Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Керла дине веанчун шен керста гергарчарна /дена нанна/ дан шафаIат хир ду олуш хезнера суна, и мел бух болуш хIума ду техьа?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

И хIума суна хезна дац, йа цунна тешалла ларалур болу бух гина а бац, талларх, лахарх гина дац суна цунна тешалла.

 

 ХIокху хаттаран цхьадолу маьIна долуш – бусалба стага керста стагана шафаIат дарх – деана хьадис ду, Бухарис а, Муслима а дийцина, Абу ТIолибах лаьцна. Iабдул-МуттIолибан кIанта Ал-Iаббáсера – Дела реза хуьлда цунна – схьадеана, цо Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттинера аьлла: «ХIай Делан Элча! Абу ТIолибана цхьанне агIор пайда биний ахь (эхартахь), бакъдолуш иза хьо лар а веш, хьан доьхьа оьгIаз а воьдуш хилла вара-кх?» Цо аьлла тIаккха: «ХIаъ! Иза коган хьорканаш тIекхаччалц цIергахь ву, со ца хиллехьара (жоьжахатехь) цIеран уггар бухарчу меттехь хир вара иза». [Бухари, Муслим]. Абу СаIид Ал-Худрийс – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена гергахь шен деваша Абу ТIолиб хьахийча элира аьлла: «Къемат дийнахь сан шафаIато пайда бан мега цунна – цуьнан когийн шина хьоркана тIекхочуш йолчу цIерга вуьллур ву иза, оцу цIарах цуьнан коьртан хье хир бу кхехкаш». [Бухари, Муслим].

 Бусалба стага керста стагана шафаIат дарх лаьцна Iелам-наха билгал дина, иштта шафаIат цхьанна а дан йиш яц аьлла, АллахIа иза къобал дийр а дац аьлла, оцу шен девешина Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийр долу шафаIат къаьсттина цунна бен дац аьлла.

 - Лакхахь долу шолгIа хьадисан маьIна деш, Имам Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáнийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Абу ТIолибана хилла болу и пайда цунна цхьанна бен хир болуш бац, иза цунна хиларан бахьана Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – беркат ду».[1] Цуьнан дашо гойту и шафаIат а, керста стагана иштта пайда хилар а цхьана Абу ТIолибана бен хирг ца хилар.

- Имам ТIахьáвийс – Дала къинхетам бойла цунах – яздинчу Iакъидатан жайнина маьIна деш, таханлерачу Iелам-стага Сафар Ал-Хьавáлийс бах: «Мушрикана (кафирна) шафаIатах цхьа а дакъа хир дац, тIаьхьо вай дуьйцур долу Абу ТIолибана хир доцург – иза къаьсттина цунна хир долуш ду».[2]

- Имам ТIахьавийн – Дала къинхетам бойла цунах – уьзза жайни тIехь, шафаIатана дакъош дуьйцучу хенахь цо аьлла: «ЯлхолгIа дакъа: Iазап хила хьакъ хиллачунна тIера Iазап лахдар доьхуш шафаIат дар, цо (Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ) шен девешина Абу ТIóлибана Iазап дайдар доьхуш дийр долу шафаIат санна». Оцу дешнийн маьIна деш, Шейх Сафар Ал-Хьавáлийс масийтта агIор чIагIдеш билгалдина, керста стагана бусалба стага шафаIат дар къаьсттина Абу ТIалибана цхьана Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бен кхечуьнан бакъо хирг ца хилар. Цо тешалла далийна, АллахIа Ша реза волчунна бен шафаIат дойтур дац аьлла долу айат а, керста-нахана гечдар деха мегаш ца хилар а, иштта кхидолу баххаш а. Цо аьллачух цхьадерг иштта ду: «Цхьане а адамо шафаIат дийр дац шен гергарчу мушрикана (керстанна)».[3]

- Шейх Солихь Ал Аш-Шайха бах, шафаIат дечу хенахь АллахIа пурба даларан маьIна деш: «ШафаIат дарехь пурба даларан маьIнах ду – иза цIена хилар, ширках цIена хилар а, шена шафаIат дийриг ширкан охIлунах ца хилар а. Цу юкъара къастийна ву цхьа Абу ТIолиб, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цунна шафаIат дийр ду Iазап дайде аьлла. И шафаIат жоьжахатера араваккхарца пайда беш дац, Iазап лахдар бен дац иза, иза къаьсттина Пайхамарах – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – доьзна ду (кхечо дийр доцуш), лекха хинволчу АллахIа цунна Шегара делла иза, цунна пурба а делла цо цуьнца».[4]

- Ас айса дешна дац, делахь а Шейх Ибн Ал-Iусаймина а – Дала къинхетам бойла цунах – уьзза маьIна долу дешнаш аьлла элира соьга.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!


 

 


[1] «Фатхьул-Бáрú Шархь Сахьúхьил-Бухáрú», Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний.

[2] «Шархьул-Iакъúдатит-ТIахьáвиййахI», Шейх Сафар Ал-Хьавáлий.

[3] Уьзза жайна.

[4] «Ат-ТамхIúд лишархьи Китáбит-Тавхьúд», Шейх Солихь Ал Аш-Шайх.