Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! СагIа, шен гергара воцуш, просто вевзаш волчу стагана тIера даьккхича, веллачунна тIера, дIакхочий иза?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

СагIа, гергара волчунна тIера даьккхича а, гергара воцучунна тIера даьккхича а, оцу веллачунна дIакхочу, Дала мукъа лахь.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Ровдатут-ТIóлибúн» тIехь: «Амма веллачунна доIа дар а, цунна тIера сагIа даккхар а – цаьршимма цунна пайда бо, цу тIехь цхьа а къовсам бац. (Веллачунна) доIа дар тIехь а, (цунна тIера) сагIа далар тIехь а цхьатера ву верас а (веллачух ирс оьцуш волу гергарниг а), гергара воцург а».

СаIуди пачхьалкхера Гуттаренна а болчу Фатван Гуламо а боху уьзза: «Амма сагIа далар – иза дала мегаш ду бусалба стагана тIера, цуьнан гергарачара а, уьш боцучара а, шайна луъучу хенахь».[1]

Шейх ВахIбат аз-Зухьайлийс боху, ша цхьанна сагIа лучу хенахь «массо бусалба нахана тIера» аьлла ниййат дар дика хилар дуьйцуш: «Ша́ ме́лана луш долчу сагIийна «массо бусалба божаршна а, зударшна а тIера ло» аьлла ниййат дар гIолий ду, хIунда аьлча иза царна дIакхочуш долу дела, сагIа луш волчуьнан ме́лана хуьлуш иэшам а боцуш». Цу дешнашна билгалдаккхар дина Шейх ВахIбата, хьанафийн мазхIабера Iеламнаха яздинчу жайнашна.[2]

Цу дешнашкара схьа девза вайна, сагIа гергара воцучунна тIера а дала мегаш хилар а, деллачунна а, шена тIера луш волчунна а цунах ме́л хуьлуш хилар а.

Ткъа, веллачунна тIера сагIа даларх лаьцна вай дийцира хьалха кхузахь:

Веллачунна тIера сагIа далар.

КIанта шен дена тIера бежан йийна сагIийна дIаекъча, цунна хила пайда буй цунах?

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

29.10.2010 = ‏1431‏-11‏-21


 

[1] «Фатáвáл-ладжнатид-даимати лил-бухьýсил-Iилмиййати вал-ифтáъ», 9/61.

[2] «Ал-фикъхIул-исламий ва адиллатухI», 3/395.