Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI!

КIанта шен велла дена тIера бежан йийна сагIийна дIаекъча, цуьнан велла дена хила пайда буй цунах?

АллахIа диканца бекхам бойла хьуна лераме бусалба ваша Олхазар.

Ларамца, Ислам!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам Ал-Бухарийс а, Имам Муслима а дийцинчу хьадисехь деана ду, цхьана стага Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хаьттина хиллера аьлла: «Сан нана цIеххьана йалар нисделла, иза лечу хенахь цуьнан йистхила йиш хиллехьара цо сагIа лур дара аьлла хеташ а ву со, ас цунна тIера сагIа делча мел хир буй цунна?». Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) жоп делла: «ХIаъ (хир бу)». ХIара доцург а, кхечу хьадисашкахь а деана ду сагIанан мел веллачунна дIакхочуш хилар.

Оцу хьадисан маьIна деш, Имам Ан-Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Оцу хьадисехь (тешалла) ду веллачунна тIера сагIа дала мегаш хиларна а, иза дика (мелехь) хIума хиларна а, сагIанан мел веллачунна дIакхочуш хиларна а, сагIано веллачунна пайда беш хиларна а, сагIа деллачунна пайда беш хиларна а. И массо хIума бусалба нехан бартхилла хIума ду».[1]

Кхин а, оцу хьадисан маьIна деш, Имам Ибн Iабдил-Барра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Амма оцу хьадисо гойтуш долу маьIна – цхьабарт хилла хIума ду, дийна волчо веллачунна тIера сагIа даккха мегаш хилар, цу тIехь Iеламнахана юкъахь къовсам бац. Иштта бартхилла хIума ду, и сагIа веллачунна пайда бечу хIуманех хилар а. (Iеламнехан) цу тIехь бартхилла хилар тоьаш а ду цу гIуллакхана тоьшаллийна.

Ткъа, АллахIа Шех тешаш болчу Шен лайшна дина дика ду иза, Цуьнан комаьршаллих а ду иза, уьш беллачул тIаьхьа царна дика Iамал дIакхочуш хилар, цаьргара хилла цхьаъа бахьана а доцуш; кхечара дина вон хIума царна кхочуш а ца хилар, нагахь санна уьш (дийна болчу хенахь) оцу вочу хIуманан бахьана ца хиллехь, и вон хIума цара юкъадаккхар бахьана долуш кхиболчара и вон хIума лелош ца хиллехь».[2]

Цундела, нагахь санна ахь хьайн дена тIера, йа нанна тIера, йа кхиволчу муьлхха а гергарчунна тIера муьлхха кепара сагIа лахь, хуьлийла иза бежана йийна, цуьнан жижиг мискачу нахана дIасадекъарца (вай буьйда сагIа олу цунах), йа ахча даларца, йа кхидолу муьлхха а даьхни даларца, йа ур-атталла хьогах волчунна хи малорца, оцу сагIанан мел Дала мукъа лахь веллачунна дIа а кхочур бу, иза мелехь хIума а ду, ахь иштта и дика хIума дарна цунах хьуна а мел а хир бу.

ТIаккха, хIара хIума вай дийцира хьалха кхузахь: «Веллачунна тIера сагIа далар».

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

14.06.2010 = ‏02‏/07‏/1431


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьихь Муслим», 11/84.

[2] Имам Ибн Iабдил-Барр, «Ат-тамхIид лима фил-муваттIои минал-маIа́ни́ вал-аса́ни́д», 21/93.