|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара хьоьга: керста-махка ваха мегий, цхьа шо даьлча юха хьа а вогIур волуш? АллахI реза хуьйла хьуна. Вассаламу Iалайкум ва рохьматуллохIи ва барокатухI!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Цхьана ханна керста-махка ваха мегаш ду бах Iелам-наха, хIара кхо биллам кхочуш хилахь:[1] 1 – Шен дин цуьнга ларлур делахь, масала бусалба динна доьхьал гIиттош йолчу шеконех иза ларлур велахь. Керста-нахана юкъахь цунна шен бусалба нахана ца гург гур ду, цо цигахь йоккхучу хенахь цунна доьхьала дуккха а бусалба динах лаьцна шеконаш хIитта мега. Цундела, цуьнгахь церах кхета а, царна жоп дала а йа Iилма хила деза, йа кхоччуш Делах тешар хила деза. 2 – Шен дегIан лаамашна муьтIахь а хилла, Iесаллий чувожарх иза ларлур велахь, церах ларваллал дика дин долуш велахь. Дуккха а бусалба нахана юкъахь доцург ду лечкъа а ца деш лелош цхьадолчу керста-мехкашкахь, дуккха а боьхалла ю, эвхьазлонаш ю, лартIехь волчу бусалба оьзда стага къобал дан йиш йоцуш хIуманаш ду. Боьхалла езачунна а, ца езачунна а дукха гучахь ю цхьадолчу керста-мехкашкахь. Цундела, шен цунах ларвала ийман делахь ваха мегар ду, дацахь мегар дац. 3 - Мегаш долчу бахьанех цхьа бахьана делахь, йа хьашт делахь. Цига ваха магош долчу бахьанийн масалш иштта ду: бусалба дин даржор, дарба дайтар, йохка-эцар лелор, йа кхечу агIор рицкъ лахар, бусалба нахана пайденна долу Iилма Iамор, иштта кхидIа а. Бусалба нахана пайденна долу цхьа Iилма Iамо воьдуш велахь, масала электронни инженери, йа кхидолу муьлхха а оьшуш долу Iилма, цунна цунах мел а хир бу, Делан къинхетамца,[2] цуьнан дика ниййат хилчахьана. Нагахь и кхоъе биллам кхочуш хир бацахь, ца магадо Iелам-наха цига вахар, хIунда аьлча цо шен дин галдоккхур долу дела.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
20\04\2008 |