Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Форум

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Веллачунна пайда хулий шена т1аьхьа саг1а даьккхича?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Веллачунна пайда хуьлу шена тIера сагIа делча. Веллачунна тIера деллачу сагIанах цунна пайда хуьлуш хилар гойтуш деана масийтта хьадис ду, цул совнаха, Имам Нававийс ма-аллара, иза Iелам-нехан барт хилла хIума а ду.

Бухарис а, Муслима а, кхечара а дийцина, Iаишатера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, цхьана стага Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Сан нана цIеххьана елла. ХIинца иза йист хилалур йолуш елхьара цо сагIа лур дара аьлла хета суна. Цунна тIера сагIа лой ас?» Цо жоп делира: «СагIа ло цунна тIера». Оцу хьадисан цхьадолчу некъашкахь ду, оцу стага – «ас цунна тIера сагIа делча, мел хир буй цунна?» - хаьттича, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – «ХIаъ» – элира аьлла. Кхечу хьадисехь деана, цхьана асхьабо уьзза хаттар шен веллачу дех лаьцна дича, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – «сагIа ло цунна тIера» - элира аьлла.

Имам Муслима – Дала къинхетам бойла цунах – дийцинчу оцу хьадисан маьIна деш, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «Оцу хьадисехь ду, веллачунна тIера деллачу сагIано цунна пайда беш хилар, иза цунна дIакхочуш хилар. Ииза иштта ду Iелам-нехан барт хиларца». Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – и хаттар хьахочу хIора меттехь олу, веллачунна сагIа дIакхочуш хилар Iелам-нехан барт хилла хIума ду олий.

Цхьаболчу Iелам-наха веллачунна тIера делча дIакхочуш долу сагIа бераша шайн дена-нанна тIера даьккхинарг бен дац аьлла, оцу хьадисашкахь деана хаттарш дех-ненах лаьцна бен доцу дела. Иштта аьллачу Iелам-нахах ву Имам Аш-Шавкáний а, хIокху заманара Шей Ал-Албáнú а – Дала къинхетам бойла цаьршинах. Делахь а, нийсаниг – кхиболчу массо Iелам-наха ма-аллара – муьлхха бусалба стага веллачу бусалба стагана тIера сагIа делча дIакхочуш хилар ду, хIунда аьлча Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – хьахийна болу барт муьлххачо даьккхича а дIакхочуш хилар бу. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах «Ровдатут-ТIóлибúн» тIехь: «Амма веллачунна доIа дар а, цунна тIера сагIа даккхар а – цаьршимма цунна пайда бо, цу тIехь цхьа а хилпало яц. ДоIа дар тIехь а, сагIа далар тIехь цхьатера ву верас а (веллачух ирс оьцуш верг а), гергара воцург а. ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Лекха хинволчу АллахIан комаьршалла совдоккха хиларна, сагIа деллачунна а мел бала мега Цо». Имам Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – шега динчу цхьана хаттарна жоп луш, олу: «Ткъа нагахь санна и зуда шен (веллачу) майрачунна пайда бан лууш елахь, сагIийна дIалойла цо и ахча… бакъдолуш, сагIа (цуьнан мел) веллачуьнга дIакхочу, имамийн барт хилла хIума а ду иза, цунна пайда хуьлу цунах».[1] Гуттаренна а болчу Фатван Гуламо а бах уьзза: «Амма сагIа далар – иза дала мегаш ду бусалба стагана тIера, цуьнан гергарачара а, уьш боцучара а, шайна луъучу хенахь».[2]


 

 

 

 

 


[1] «МаджмýIу Фатáвá Ибн ТаймиййахI», 8/127.

[2] «Фатáвáл-Ладжнатид-Даимати лил-Бухьýсил-Iилмиййати вал-Ифтáъ», 11/52.