|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! «Йовмуль-джумуIа» (пIераскан де, рузбан де) бусулба нехан праздник ду? Оьрсийн маттахь аьлча, поздравлять можно друг друга с этим праздником? БидIа-м ца хуьлу иза?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Суйу́тIийс (Дала къинхетам бойла цунах) яздина жайна ду, пIераскан де кIиран кхечу денойх къаьсташ долу хIуманаш дуьйцуш, «Ну́рул-лумIахI фи́ хосо́исил-джумуIахI» цIе йолуш. Цу жайни тIехь цо доьххьара аьлла долу хIума – и де хIокху умматан Iийд де хилар ду, ткъа «Iийд де» бохург «деза де» аьлла маьIна дан мегар хир ду вайн маттахь. И де Iийд де хиларна Имам Суйу́тIийс ши хьадис далийна. Цаьршиннах доьххьаралераниг Имам Ибн Ма́джахIас (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина ду, Ибн Iаббасера схьа (Дела реза хуьлда цунна), АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъдолуш хIара де – деза де ду, АллахIа бусалба нахана хIоттийна ду хIара. Ткъа шух цхьаъ рузбане вогIуш хилахь – луьйчийла иза, шен IатIар делахь иза а тохийла цо, сивак а хьокхийла аш».[1] ШолгIа хьадис Имам ТIабаранийс (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина ду, Абу ХIурайратера схьа (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьана пIераскана дийнахь элира аьлла: «ХIай бусалба нах! Бакъдолуш хIара де АллахIа шуна деза де дина ду, (цундела, шаьш рузбане догIуш) шу луьйчийла, аш сивак а хьокхийла».[2] «Массо кхачамбацарех цIена волчу АллахIа Ша́ хIара Iа́лам ялх дийнахь кхоьллича, хIора дийнахь цхьацца тайпана долу кхоллар кхуллуш, хIора денна цIе а хIоттош, Ша́ кхоллар кхочушдина долу де бусалба нах гуллуш долу де дина, деза де а дина. Цу дийнахь цхьаьнакхе́та уьш Цунна Iибадат дан, Цунна баркалла олуш цу дийнахь шукр дан, Цунна муьтIахь хиларна тIеберза, цу дийнахь хилларг (Адам пайхамар кхоллар а, цунна чу са кхоллар а) дагадоуьйтуш вовшашлахь дийца а, цу дийнахь адамаш гIиттор долчу хенахь хирдерг дагадоуьйтуш вовшашна юкъахь дийца а».[3] Иза иштта деза де долу дела, цу дийнахь кхечу дийношкахь доцу Iибадаташ дар дика лоруш ду, масала «Ал-КахIф» сурат дешар а, Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дуккха салават диллар а, рузба дар а. Цу дийнахь цхьа хан ю, шена чохь дина долу доIа АллахIа жоп луш долуш. Къемат де а цу дийнахь хIуттур долуш ду, бусалба нахана ялсамани чохь зовкхаш совдовлар а цу дийнахь хир долуш ду. Цу дийнахь сагIа далар кхечу деношкахьчал деза ду. Имам Ибнул-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) дуьйцу: «Суна гира Шайхул-Ислам Ибн ТаймиййахI (Дала цIандойла цуьнан са) ша́ рузбане ваха араволучу хенахь шен хIусамехь шена карош долу бепиг йа кхийолу хIума схьа а оьций, тIаккха ша новкъа дIавоьдучу хенахь къайлах иза сагIийна дIалуш. Суна хезира цо олуш: «АллахIа вайна омру дина хилла хилча, АллахIан Элчане (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вай дистхуьлучу хенахь сагIа ло аьлла, Цуьнца Шеца вай къамеле довлале хьалха сагIа далар кхин а дезох ду, дозалла алсам долуш ду».[4] Кхузара схьа ду вайн наха пIераскан буьйсанна сагIийна хIума йалар а. Цу дийнахь ялсамани чохь АллахIа Ша́ Шен эвлаяашна, Шена герга болчу нахана гойтур волуш ву, иза хIора пIераскан дийнахь хир ду аьлла дийцина а ду.[5] Уьш доцурш а кхин дуккха хIуманаш ду и де деза де хилар гойтуш, иза къаьсттина де хилар гойтуш. Имам СуйутIийс цхьа бIе сов хIума дийцина цунах лаьцна оцу шен жайни тIехь, Имам Ибнул-Къаййима ткъе кхойтта хIума дийцина «За́дул-маIа́д» жайни тIехь. Амма цу дийнахь вовший декъалдан мегар дуй аьлча… Къаьсттина цу дийнахь декъал вар дуьйцуш деана хIума дац шариIатехь, делахь а и де вай ма-аллара деза де ду, ткъа дезчу деношкахь (марха достуш а, гIурба дуьйш а) декъал вар мегаш ду олуш ду Iеламнаха, цунах лаьцна даьхкина асхьабашкара цхьацца дийцарш а ду. Къаьсттина иштта цу дийнахь декъал вича цхьа дозалла ду, йа цхьа къаьсттина ме́л хуьул аьлла хеташ делхьара бидIат хилар догIура иза, ткъа иштта хеташ а доцуш, вуьшта хаза дешнаш олуш хилча бидIат хила ца догIу иза. Цундела, рузба Дала къобал дойла алар а, Дала хIара де вайна беркате дойла алар а, иштта и санна кхидолу дика дешнаш алар а мегар ду, Дала мукъа лахь, вовший доIа дархьама, вовший дика дархьама, вовшашна юкъара уьйр чIагIйархьама а, вовшашна хазахетийтархьама а. Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву! 04.07.2011 = 03.08.1432 [1] ХIара хьадис Шейх ал-Албанийс нийса ду аьлла. «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», № 707, 1/172. [2] Имам ас-Суйу́тIий, «Ну́рул-лумIахI фи́ хосо́исил-джумуIахI», 7 агIо. [3] Имам аз-Зуркъо́ний, «Шархьуз-зуркъоний Iалал-муваттIаъ», 1/255. [4] «За́дул-маIа́д», 1/395. [5] Уьзза жайна.
|